Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 144 – 148
-
وَمَا مُحَمَّدٌ إِلَّا رَسُولٌ قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِهِ الرُّسُلُ ۚ أَفَإِنْ مَاتَ أَوْ قُتِلَ انْقَلَبْتُمْ عَلَىٰ أَعْقَابِكُمْ ۚ وَمَنْ يَنْقَلِبْ عَلَىٰ عَقِبَيْهِ فَلَنْ يَضُرَّ اللَّهَ شَيْئًا ۗ وَسَيَجْزِي اللَّهُ الشَّاكِرِينَ
И Мухьаммад ма вац элча бен. ДӀабахана цул хьалха а элчанаш. Иза велча я вийча – шаьш хиллачу /цатешаре/ юхадоьрзур ду шу? Юхавирзинарг милла велахь а‚ цхьана а хӀуманца Далла зен ца до цо. ТӀаккха мēла лур бу Дала баркалле болчарна
3:144 -
وَمَا كَانَ لِنَفْسٍ أَنْ تَمُوتَ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ كِتَابًا مُؤَجَّلًا ۗ وَمَنْ يُرِدْ ثَوَابَ الدُّنْيَا نُؤْتِهِ مِنْهَا وَمَنْ يُرِدْ ثَوَابَ الْآخِرَةِ نُؤْتِهِ مِنْهَا ۚ وَسَنَجْزِي الشَّاكِرِينَ
Ца хилла синна далар Делан лаамца бен‚ шен йозанца тоьхна хан йолуш бен. Милла велахь а дуьненан ял езаш – Оха ло цунна цунах‚ милла велахь а эхартан ял езаш – Оха ло цунна цунах. ТӀаккха мела лур бу Оха баркалле болчарна
3:145 -
وَكَأَيِّنْ مِنْ نَبِيٍّ قَاتَلَ مَعَهُ رِبِّيُّونَ كَثِيرٌ فَمَا وَهَنُوا لِمَا أَصَابَهُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَمَا ضَعُفُوا وَمَا اسْتَكَانُوا ۗ وَاللَّهُ يُحِبُّ الصَّابِرِينَ
Мел дукха пайхамаршца цхьаьна тӀемаш бина /Делан новкъахь/ чг Далла тешаме хиллачу муъмин наха. Халчу ца даьккхира цара шайна Делан новкъахь хилла долу цатаме дерг‚ ледара ца бевлира уьш‚ кл ца бисира /мостагӀчунна/. Цу Далла беза собаре берш
3:146 -
وَمَا كَانَ قَوْلَهُمْ إِلَّا أَنْ قَالُوا رَبَّنَا اغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَا وَإِسْرَافَنَا فِي أَمْرِنَا وَثَبِّتْ أَقْدَامَنَا وَانْصُرْنَا عَلَى الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ
Церан дош ца хилла деккъа алар бен: 'Тхан Кхиош-кхобург‚тхуна гечделахь тхан къинош‚ тхан гӀуллакхехь /тхоьгара яьлла/ тхан тӀаламазалла а, чӀагӀбелахь тхан когаш‚ толам лолахь тхуна ца тешаш долчу къомана тӀехь' /тхоьца къийсамехь долчу къомана тхь/
3:147 -
فَآتَاهُمُ اللَّهُ ثَوَابَ الدُّنْيَا وَحُسْنَ ثَوَابِ الْآخِرَةِ ۗ وَاللَّهُ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ
Дала елла царна дуьненан ял‚ ткъа ма хаза ю эхартан ял. Цу Далла беза диканиг деш берш
3:148
Гочдар: Магомед Магомедов