Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 149 – 155

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تُطِيعُوا الَّذِينَ كَفَرُوا يَرُدُّوكُمْ عَلَىٰ أَعْقَابِكُمْ فَتَنْقَلِبُوا خَاسِرِينَ

    ХӀай ийман диллинарш! Цатешачарна шу муьтӀахь хилахь‚ цара шу юхадерзор ду /шайн дине/ – тӀаккха шу дӀадоьрзур ду /ийманах/ эшна

    3:149
  2. بَلِ اللَّهُ مَوْلَاكُمْ ۖ وَهُوَ خَيْرُ النَّاصِرِينَ

    ХӀаъ! Дела ву шун гӀодоккхург. И ву гдоккхучарах уггаре а диканиг

    3:150
  3. سَنُلْقِي فِي قُلُوبِ الَّذِينَ كَفَرُوا الرُّعْبَ بِمَا أَشْرَكُوا بِاللَّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِ سُلْطَانًا ۖ وَمَأْوَاهُمُ النَّارُ ۚ وَبِئْسَ مَثْوَى الظَّالِمِينَ

    Оха кхуьссур ма бу цатешачеран дегнашка кхерам‚ цара шайга йоссийна /цхьа а/ бакъо йоцуш, Делаца накъост лацарна. Церан хӀусам – /жоьжахатин/ цӀе ма ю. Ма вон ю-кх зуламхойн чугӀойла!

    3:151
  4. وَلَقَدْ صَدَقَكُمُ اللَّهُ وَعْدَهُ إِذْ تَحُسُّونَهُمْ بِإِذْنِهِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا فَشِلْتُمْ وَتَنَازَعْتُمْ فِي الْأَمْرِ وَعَصَيْتُمْ مِنْ بَعْدِ مَا أَرَاكُمْ مَا تُحِبُّونَ ۚ مِنْكُمْ مَنْ يُرِيدُ الدُّنْيَا وَمِنْكُمْ مَنْ يُرِيدُ الْآخِرَةَ ۚ ثُمَّ صَرَفَكُمْ عَنْهُمْ لِيَبْتَلِيَكُمْ ۖ وَلَقَدْ عَفَا عَنْكُمْ ۗ وَاللَّهُ ذُو فَضْلٍ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ

    Дала бакъйина шуна Шен ваӀда‚ аш и /цатешарш/ бойуш Цуьнан пурбанца‚ шу ледара довллалц‚ гӀуллакхехь вовшашца къийссалц‚ шу Ӏеса хиллалц‚ шуна дезаш хилларг (толам) Цо шуьга гайтинчул тӀаьхьа. Шух дуьне дезаш верг а ву‚ шух эхарт дезаш верг а ву. ТӀаккха шу дӀатеттира Цо царах‚ шу зерхьама. Шуна къинтӀеравелира Иза. И Дела Шен комаьршалла йолуш ма ву муъмин нахана тхь

    3:152
  5. إِذْ تُصْعِدُونَ وَلَا تَلْوُونَ عَلَىٰ أَحَدٍ وَالرَّسُولُ يَدْعُوكُمْ فِي أُخْرَاكُمْ فَأَثَابَكُمْ غَمًّا بِغَمٍّ لِكَيْلَا تَحْزَنُوا عَلَىٰ مَا فَاتَكُمْ وَلَا مَا أَصَابَكُمْ ۗ وَاللَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ

    Шу хьала девдира цхьаьнге а юха ца хьовсуш‚ кхечарна юккъехь элча шуьга кхойкхуш волуш. Сингаттамна т а сингаттам белира Цо шуна‚ шу гйгне ца хилийтархьама шайна ца хиллачунна (хӀонсана) а, шуна /нах байарца а, эшарца а/ хиллачу бохамна а. И Дела сов дика хууш ву аш дийриг

    3:153
  6. ثُمَّ أَنْزَلَ عَلَيْكُمْ مِنْ بَعْدِ الْغَمِّ أَمَنَةً نُعَاسًا يَغْشَىٰ طَائِفَةً مِنْكُمْ ۖ وَطَائِفَةٌ قَدْ أَهَمَّتْهُمْ أَنْفُسُهُمْ يَظُنُّونَ بِاللَّهِ غَيْرَ الْحَقِّ ظَنَّ الْجَاهِلِيَّةِ ۖ يَقُولُونَ هَلْ لَنَا مِنَ الْأَمْرِ مِنْ شَيْءٍ ۗ قُلْ إِنَّ الْأَمْرَ كُلَّهُ لِلَّهِ ۗ يُخْفُونَ فِي أَنْفُسِهِمْ مَا لَا يُبْدُونَ لَكَ ۖ يَقُولُونَ لَوْ كَانَ لَنَا مِنَ الْأَمْرِ شَيْءٌ مَا قُتِلْنَا هَاهُنَا ۗ قُلْ لَوْ كُنْتُمْ فِي بُيُوتِكُمْ لَبَرَزَ الَّذِينَ كُتِبَ عَلَيْهِمُ الْقَتْلُ إِلَىٰ مَضَاجِعِهِمْ ۖ وَلِيَبْتَلِيَ اللَّهُ مَا فِي صُدُورِكُمْ وَلِيُمَحِّصَ مَا فِي قُلُوبِكُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    ТӀаккха Цо йоссийра шуна гӀайгӀанал тӀаьхьа паргӀато – наб озор. Шух цхьа /иймана тхь чгелла/ тоба хьулйира цо. Вукху /мунепикъийн/ тобанан синтем байира шайн синоша: царна хетара Делах лаьцна бакъдоцург‚ жехӀал замананчохь хеташ хилларг /хетара царна/. Цара олура: 'Оцу гӀуллакха тхь хӀумма а дуй вайна?' Ахь āла: 'ГӀуллакх дерриг Делан ду'. Хьулдеш бу уьш шайгахь хьуна шаьш гучу ца доккхург. Олу цара /шайга/: 'Тхуна хиллехь гӀуллакхах /цхьа/ хӀума‚ кхузахь дойур дацара тхо'. Ахь āла: 'Шу йна хиллехьара шайн цӀенош чохь‚ /шух/ бийшина Ӏохккучарна /церан Дāла тоьхна жалла ткхаьчнехь/ тӀебогӀур бара шайна тӀом бар яздина берш, Дāла зерхьама шун кийрахь дерг‚ /къинойх/ цӀандархьама шун дегнашкахь дерг. И Дела хууш ма ву кийрахь дерг”

    3:154
  7. إِنَّ الَّذِينَ تَوَلَّوْا مِنْكُمْ يَوْمَ الْتَقَى الْجَمْعَانِ إِنَّمَا اسْتَزَلَّهُمُ الشَّيْطَانُ بِبَعْضِ مَا كَسَبُوا ۖ وَلَقَدْ عَفَا اللَّهُ عَنْهُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ حَلِيمٌ

    Баккъалла а, шух /Ухьудехь тӀамах/ юхабевлларш /бусалбанийн а керстанийн а/ ши тоба дуьхьалкхеттачу дийнахь‚ – шайтӀано тилийна уьш цхьадолчу цара динчу /вон/ хӀуманца. Дела къинтӀеравелира царна. Дела ша гечдеш а‚ /Шена са хиллачунна таар дан сих ца луш/ собаре а ву

    3:155

Гочдар: Магомед Магомедов