Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 155 – 158

  1. إِنَّ الَّذِينَ تَوَلَّوْا مِنْكُمْ يَوْمَ الْتَقَى الْجَمْعَانِ إِنَّمَا اسْتَزَلَّهُمُ الشَّيْطَانُ بِبَعْضِ مَا كَسَبُوا ۖ وَلَقَدْ عَفَا اللَّهُ عَنْهُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ حَلِيمٌ

    Баккъалла а, шух /Ухьудехь тӀамах/ юхабевлларш /бусалбанийн а керстанийн а/ ши тоба дуьхьалкхеттачу дийнахь‚ – шайтӀано тилийна уьш цхьадолчу цара динчу /вон/ хӀуманца. Дела къинтӀеравелира царна. Дела ша гечдеш а‚ /Шена са хиллачунна таар дан сих ца луш/ собаре а ву

    3:155
  2. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ كَفَرُوا وَقَالُوا لِإِخْوَانِهِمْ إِذَا ضَرَبُوا فِي الْأَرْضِ أَوْ كَانُوا غُزًّى لَوْ كَانُوا عِنْدَنَا مَا مَاتُوا وَمَا قُتِلُوا لِيَجْعَلَ اللَّهُ ذَٰلِكَ حَسْرَةً فِي قُلُوبِهِمْ ۗ وَاللَّهُ يُحْيِي وَيُمِيتُ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ

    ХӀай ийман диллинарш! Шу ма хила цатешачаьрга тера, шаьш олуш хилла болчу шайн вежаршка, уьш йохк-эцарна я гӀазотана арабевлча: 'Тхуна гергахь лаьттинехь лийр а бацара‚ бойур а бацара уьш'. Цунах Дала церан дегнашкахь боккха сингаттам бийр бу. И Дела денбеш а ву‚ болуьйтуш а ву. И Дела аш дийриг гуш ма а ву

    3:156
  3. وَلَئِنْ قُتِلْتُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَوْ مُتُّمْ لَمَغْفِرَةٌ مِنَ اللَّهِ وَرَحْمَةٌ خَيْرٌ مِمَّا يَجْمَعُونَ

    Шу дайахь Делан новкъахь, я /цигахь кхечу бахьаница/ лахь – Делера гечдар а ‚ къинхетам а беза хир бу цара гулдеш долчул /дуьненан бахамал/

    3:157
  4. وَلَئِنْ مُتُّمْ أَوْ قُتِلْتُمْ لَإِلَى اللَّهِ تُحْشَرُونَ

    Шу лахь а‚ я дайахь а – Далла тӀе гулдийр долуш ду шу

    3:158

Гочдар: Магомед Магомедов