Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 156 – 171
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ كَفَرُوا وَقَالُوا لِإِخْوَانِهِمْ إِذَا ضَرَبُوا فِي الْأَرْضِ أَوْ كَانُوا غُزًّى لَوْ كَانُوا عِنْدَنَا مَا مَاتُوا وَمَا قُتِلُوا لِيَجْعَلَ اللَّهُ ذَٰلِكَ حَسْرَةً فِي قُلُوبِهِمْ ۗ وَاللَّهُ يُحْيِي وَيُمِيتُ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
ХӀай ийман диллинарш! Шу ма хила цатешачаьрга тера, шаьш олуш хилла болчу шайн вежаршка, уьш йохк-эцарна я гӀазотана арабевлча: 'Тхуна гергахь лаьттинехь лийр а бацара‚ бойур а бацара уьш'. Цунах Дала церан дегнашкахь боккха сингаттам бийр бу. И Дела денбеш а ву‚ болуьйтуш а ву. И Дела аш дийриг гуш ма а ву
3:156 -
وَلَئِنْ قُتِلْتُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَوْ مُتُّمْ لَمَغْفِرَةٌ مِنَ اللَّهِ وَرَحْمَةٌ خَيْرٌ مِمَّا يَجْمَعُونَ
Шу дайахь Делан новкъахь, я /цигахь кхечу бахьаница/ лахь – Делера гечдар а ‚ къинхетам а беза хир бу цара гулдеш долчул /дуьненан бахамал/
3:157 -
وَلَئِنْ مُتُّمْ أَوْ قُتِلْتُمْ لَإِلَى اللَّهِ تُحْشَرُونَ
Шу лахь а‚ я дайахь а – Далла тӀе гулдийр долуш ду шу
3:158 -
فَبِمَا رَحْمَةٍ مِنَ اللَّهِ لِنْتَ لَهُمْ ۖ وَلَوْ كُنْتَ فَظًّا غَلِيظَ الْقَلْبِ لَانْفَضُّوا مِنْ حَوْلِكَ ۖ فَاعْفُ عَنْهُمْ وَاسْتَغْفِرْ لَهُمْ وَشَاوِرْهُمْ فِي الْأَمْرِ ۖ فَإِذَا عَزَمْتَ فَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُتَوَكِّلِينَ
Делера къинхетамца хилира хьо /хй Мухьаммад/ цаьрца кӀеда. Хьо кӀоршаме‚ дог дера хиллехьара‚ хьуна гонахьара дӀасабаьржира бара уьш /хьан накъостий/. КъинтӀеравала царна‚ гечдар а деха царна, дагавала царах гӀуллакхехь. Ахь айхьа сацам бича, Далла тӀетовжа. Далла беза /Шена/ тӀетевжинарш
3:159 -
إِنْ يَنْصُرْكُمُ اللَّهُ فَلَا غَالِبَ لَكُمْ ۖ وَإِنْ يَخْذُلْكُمْ فَمَنْ ذَا الَّذِي يَنْصُرُكُمْ مِنْ بَعْدِهِ ۗ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
Дала шуна гӀо дахь – шуна тӀехь толамхо вац. Цо шу гӀо ца деш дитахь – мила ву Цул тӀаьхьа шуна гӀо дийр дерг? Далла тӀетовжийла муъмина нах!
3:160 -
وَمَا كَانَ لِنَبِيٍّ أَنْ يَغُلَّ ۚ وَمَنْ يَغْلُلْ يَأْتِ بِمَا غَلَّ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ ثُمَّ تُوَفَّىٰ كُلُّ نَفْسٍ مَا كَسَبَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
Ца хилла пайхамар хӀонс къайлайоккхур йолуш. И къайлаяьккхинарг ша къайлаяьккхинчуьнца вогӀур ву къематдийнахь. ТӀаккха хӀор синна шена карадеъначуьнца бекхам бийр бу – царна зулам дийр дац
3:161 -
أَفَمَنِ اتَّبَعَ رِضْوَانَ اللَّهِ كَمَنْ بَاءَ بِسَخَطٍ مِنَ اللَّهِ وَمَأْوَاهُ جَهَنَّمُ ۚ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
Дела резахиларна тӀаьхьахӀваьзнарг тера вуй техьа Делан оьгӀазаллина клнисвеллачух, шен дверзар жоьжахати хир йолчу?! Ма ирча ю и кхочу йолу меттиг!
3:162 -
هُمْ دَرَجَاتٌ عِنْدَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِمَا يَعْمَلُونَ
Уьш тайп-тайпана бу Далла гергахь /ялсамане гӀур берш а, жоьжахате гӀур берш а/. И Дела гуш ву цара деш дерг
3:163 -
لَقَدْ مَنَّ اللَّهُ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ إِذْ بَعَثَ فِيهِمْ رَسُولًا مِنْ أَنْفُسِهِمْ يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِهِ وَيُزَكِّيهِمْ وَيُعَلِّمُهُمُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَإِنْ كَانُوا مِنْ قَبْلُ لَفِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Дала боккха кхинхетам ма би муъминан нахах царалахь шайна юккъера элча а вахийтина‚ цо царна Цуьнан аяташ дуьйцуш‚ уьш цӀанбеш‚ жайна а‚ хьекъалалла а царна Ӏама а деш, хьалха уьш билггалчу тиларчохь хиллехь а
3:164 -
أَوَلَمَّا أَصَابَتْكُمْ مُصِيبَةٌ قَدْ أَصَبْتُمْ مِثْلَيْهَا قُلْتُمْ أَنَّىٰ هَٰذَا ۖ قُلْ هُوَ مِنْ عِنْدِ أَنْفُسِكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Я шайна эшам хилча, аш а ма бира эшам /Бадрехь мостагӀчунна/ шозза алссам, аш элира: 'ХӀара мичара ду?' Ахь āла: 'Иза шуьгара шайгара ду'. Баккъалла а‚ Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш ма ву
3:165 -
وَمَا أَصَابَكُمْ يَوْمَ الْتَقَى الْجَمْعَانِ فَبِإِذْنِ اللَّهِ وَلِيَعْلَمَ الْمُؤْمِنِينَ
Ши тоба дуьхь-дуьхьал кхеттачу дийнахь шуна хилла болу эшам Делан лаамца бу‚ цу Далла /Шех/ тешна хилларш /нахана гучубохуш/ бовзархьама
3:166 -
وَلِيَعْلَمَ الَّذِينَ نَافَقُوا ۚ وَقِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا قَاتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَوِ ادْفَعُوا ۖ قَالُوا لَوْ نَعْلَمُ قِتَالًا لَاتَّبَعْنَاكُمْ ۗ هُمْ لِلْكُفْرِ يَوْمَئِذٍ أَقْرَبُ مِنْهُمْ لِلْإِيمَانِ ۚ يَقُولُونَ بِأَفْوَاهِهِمْ مَا لَيْسَ فِي قُلُوبِهِمْ ۗ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا يَكْتُمُونَ
Цунна бовзархьама шалхолелораш а‚ шайга аьлча: 'Схьадуьйла‚ тӀом бе Делан новкъахь‚ я дӀалелхабе /мостагӀий/'‚ аьлларш: 'Тхуна тӀом бан хууш хиллехьара‚ тхо шуна тӀаьхьахӀуьттур дара'. Уьш цатешарна герга бара оцу дийнахь ийманна /герга/ хиллачул‚ меттанашца дуьйцуш шайн дегнашкахь доцург. И Дела дика хууш ву цара хьулдеш дерг
3:167 -
الَّذِينَ قَالُوا لِإِخْوَانِهِمْ وَقَعَدُوا لَوْ أَطَاعُونَا مَا قُتِلُوا ۗ قُلْ فَادْرَءُوا عَنْ أَنْفُسِكُمُ الْمَوْتَ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Уьш бу шаьш /гӀазоте ца боьлхуш/, чохь хевшина а йна шайн вежарех лаьцна аьлла хилларш: 'Оха бохург динехьара‚ бойур бацара уьш'. Ахь āла: 'Духатоха шайх далар (Ӏожалла)‚ шу бакълуьйш хиллехь'
3:168 -
وَلَا تَحْسَبَنَّ الَّذِينَ قُتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَمْوَاتًا ۚ بَلْ أَحْيَاءٌ عِنْدَ رَبِّهِمْ يُرْزَقُونَ
Ахь ларране а ма ларалахь Делан новкъахь белларш белла. Дийна бу уьш – шайн Кхиош-кхобучун гергахь /Цо шайна/ рицкъ а луш
3:169 -
فَرِحِينَ بِمَا آتَاهُمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ وَيَسْتَبْشِرُونَ بِالَّذِينَ لَمْ يَلْحَقُوا بِهِمْ مِنْ خَلْفِهِمْ أَلَّا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Дала Шен комаьршаллах шайна деллачуьнца баккхийбеш бу уьш‚ шайх ца кхуьуш /гзотехь ца леш/ тӀаьхьа бисинчарна кхаъ боьхуш бу уьш царна кхерам ца хилийта /эхартахь/ а‚ уьш сингаттаме ца хилийта а /дуьненахь бухадуьсучух/
3:170 -
يَسْتَبْشِرُونَ بِنِعْمَةٍ مِنَ اللَّهِ وَفَضْلٍ وَأَنَّ اللَّهَ لَا يُضِيعُ أَجْرَ الْمُؤْمِنِينَ
Кхаъ боьхуш бу уьш Делера ниӀматца а‚ комаьршаллица а‚ Дала цаяйъаре муъмин нехан ял /дог дохуш бу уьш/
3:171
Гочдар: Магомед Магомедов