Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 166 – 167
-
وَمَا أَصَابَكُمْ يَوْمَ الْتَقَى الْجَمْعَانِ فَبِإِذْنِ اللَّهِ وَلِيَعْلَمَ الْمُؤْمِنِينَ
Ши тоба дуьхь-дуьхьал кхеттачу дийнахь шуна хилла болу эшам Делан лаамца бу‚ цу Далла /Шех/ тешна хилларш /нахана гучубохуш/ бовзархьама
3:166 -
وَلِيَعْلَمَ الَّذِينَ نَافَقُوا ۚ وَقِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا قَاتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَوِ ادْفَعُوا ۖ قَالُوا لَوْ نَعْلَمُ قِتَالًا لَاتَّبَعْنَاكُمْ ۗ هُمْ لِلْكُفْرِ يَوْمَئِذٍ أَقْرَبُ مِنْهُمْ لِلْإِيمَانِ ۚ يَقُولُونَ بِأَفْوَاهِهِمْ مَا لَيْسَ فِي قُلُوبِهِمْ ۗ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا يَكْتُمُونَ
Цунна бовзархьама шалхолелораш а‚ шайга аьлча: 'Схьадуьйла‚ тӀом бе Делан новкъахь‚ я дӀалелхабе /мостагӀий/'‚ аьлларш: 'Тхуна тӀом бан хууш хиллехьара‚ тхо шуна тӀаьхьахӀуьттур дара'. Уьш цатешарна герга бара оцу дийнахь ийманна /герга/ хиллачул‚ меттанашца дуьйцуш шайн дегнашкахь доцург. И Дела дика хууш ву цара хьулдеш дерг
3:167
Гочдар: Магомед Магомедов