Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 167 – 168

  1. وَلِيَعْلَمَ الَّذِينَ نَافَقُوا ۚ وَقِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا قَاتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَوِ ادْفَعُوا ۖ قَالُوا لَوْ نَعْلَمُ قِتَالًا لَاتَّبَعْنَاكُمْ ۗ هُمْ لِلْكُفْرِ يَوْمَئِذٍ أَقْرَبُ مِنْهُمْ لِلْإِيمَانِ ۚ يَقُولُونَ بِأَفْوَاهِهِمْ مَا لَيْسَ فِي قُلُوبِهِمْ ۗ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا يَكْتُمُونَ

    Цунна бовзархьама шалхолелораш а‚ шайга аьлча: 'Схьадуьйла‚ тӀом бе Делан новкъахь‚ я дӀалелхабе /мостагӀий/'‚ аьлларш: 'Тхуна тӀом бан хууш хиллехьара‚ тхо шуна тӀаьхьахӀуьттур дара'. Уьш цатешарна герга бара оцу дийнахь ийманна /герга/ хиллачул‚ меттанашца дуьйцуш шайн дегнашкахь доцург. И Дела дика хууш ву цара хьулдеш дерг

    3:167
  2. الَّذِينَ قَالُوا لِإِخْوَانِهِمْ وَقَعَدُوا لَوْ أَطَاعُونَا مَا قُتِلُوا ۗ قُلْ فَادْرَءُوا عَنْ أَنْفُسِكُمُ الْمَوْتَ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Уьш бу шаьш /гӀазоте ца боьлхуш/, чохь хевшина а йна шайн вежарех лаьцна аьлла хилларш: 'Оха бохург динехьара‚ бойур бацара уьш'. Ахь āла: 'Духатоха шайх далар (Ӏожалла)‚ шу бакълуьйш хиллехь'

    3:168

Гочдар: Магомед Магомедов