Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 167 – 174
-
وَلِيَعْلَمَ الَّذِينَ نَافَقُوا ۚ وَقِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا قَاتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَوِ ادْفَعُوا ۖ قَالُوا لَوْ نَعْلَمُ قِتَالًا لَاتَّبَعْنَاكُمْ ۗ هُمْ لِلْكُفْرِ يَوْمَئِذٍ أَقْرَبُ مِنْهُمْ لِلْإِيمَانِ ۚ يَقُولُونَ بِأَفْوَاهِهِمْ مَا لَيْسَ فِي قُلُوبِهِمْ ۗ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا يَكْتُمُونَ
Цунна бовзархьама шалхолелораш а‚ шайга аьлча: 'Схьадуьйла‚ тӀом бе Делан новкъахь‚ я дӀалелхабе /мостагӀий/'‚ аьлларш: 'Тхуна тӀом бан хууш хиллехьара‚ тхо шуна тӀаьхьахӀуьттур дара'. Уьш цатешарна герга бара оцу дийнахь ийманна /герга/ хиллачул‚ меттанашца дуьйцуш шайн дегнашкахь доцург. И Дела дика хууш ву цара хьулдеш дерг
3:167 -
الَّذِينَ قَالُوا لِإِخْوَانِهِمْ وَقَعَدُوا لَوْ أَطَاعُونَا مَا قُتِلُوا ۗ قُلْ فَادْرَءُوا عَنْ أَنْفُسِكُمُ الْمَوْتَ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Уьш бу шаьш /гӀазоте ца боьлхуш/, чохь хевшина а йна шайн вежарех лаьцна аьлла хилларш: 'Оха бохург динехьара‚ бойур бацара уьш'. Ахь āла: 'Духатоха шайх далар (Ӏожалла)‚ шу бакълуьйш хиллехь'
3:168 -
وَلَا تَحْسَبَنَّ الَّذِينَ قُتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَمْوَاتًا ۚ بَلْ أَحْيَاءٌ عِنْدَ رَبِّهِمْ يُرْزَقُونَ
Ахь ларране а ма ларалахь Делан новкъахь белларш белла. Дийна бу уьш – шайн Кхиош-кхобучун гергахь /Цо шайна/ рицкъ а луш
3:169 -
فَرِحِينَ بِمَا آتَاهُمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ وَيَسْتَبْشِرُونَ بِالَّذِينَ لَمْ يَلْحَقُوا بِهِمْ مِنْ خَلْفِهِمْ أَلَّا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Дала Шен комаьршаллах шайна деллачуьнца баккхийбеш бу уьш‚ шайх ца кхуьуш /гзотехь ца леш/ тӀаьхьа бисинчарна кхаъ боьхуш бу уьш царна кхерам ца хилийта /эхартахь/ а‚ уьш сингаттаме ца хилийта а /дуьненахь бухадуьсучух/
3:170 -
يَسْتَبْشِرُونَ بِنِعْمَةٍ مِنَ اللَّهِ وَفَضْلٍ وَأَنَّ اللَّهَ لَا يُضِيعُ أَجْرَ الْمُؤْمِنِينَ
Кхаъ боьхуш бу уьш Делера ниӀматца а‚ комаьршаллица а‚ Дала цаяйъаре муъмин нехан ял /дог дохуш бу уьш/
3:171 -
الَّذِينَ اسْتَجَابُوا لِلَّهِ وَالرَّسُولِ مِنْ بَعْدِ مَا أَصَابَهُمُ الْقَرْحُ ۚ لِلَّذِينَ أَحْسَنُوا مِنْهُمْ وَاتَّقَوْا أَجْرٌ عَظِيمٌ
Уьш бу Далла а‚ элчанна а жоп делларш‚ шайна чов хиллачул тӀаьхьа. Царах диканиг диначарна а, /Делах/ кхийринчарна а сийлахь-йоккха ял ю
3:172 -
الَّذِينَ قَالَ لَهُمُ النَّاسُ إِنَّ النَّاسَ قَدْ جَمَعُوا لَكُمْ فَاخْشَوْهُمْ فَزَادَهُمْ إِيمَانًا وَقَالُوا حَسْبُنَا اللَّهُ وَنِعْمَ الْوَكِيلُ
Ишттанаш бу уьш, шайга наха аьлла: 'Нах бу шуна го биллина‚ царах кхера'. Цо уьш алсамбехира ийманца. Цара элира: 'Тхан кхачо ю – Дела‚ дика векал а ву И'
3:173 -
فَانْقَلَبُوا بِنِعْمَةٍ مِنَ اللَّهِ وَفَضْلٍ لَمْ يَمْسَسْهُمْ سُوءٌ وَاتَّبَعُوا رِضْوَانَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ ذُو فَضْلٍ عَظِيمٍ
Делера ниӀматца а‚ дозаллица а юхабирзира уьш‚ зено ца лецира уьш‚ Дела реза хиларна тӀаьхьахӀиттира уьш. И Дела Шегахь сийлахь-доккха дозалла долуш ву
3:174
Гочдар: Магомед Магомедов