Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 181 – 189
-
لَقَدْ سَمِعَ اللَّهُ قَوْلَ الَّذِينَ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ فَقِيرٌ وَنَحْنُ أَغْنِيَاءُ ۘ سَنَكْتُبُ مَا قَالُوا وَقَتْلَهُمُ الْأَنْبِيَاءَ بِغَيْرِ حَقٍّ وَنَقُولُ ذُوقُوا عَذَابَ الْحَرِيقِ
Далла хезира олучара аьлла долу дош: 'Дела пекъар ву‚ тхо хьоле ду'. Оха дӀаяздийр ду цара аьлларг а‚ цара, хьакъ доцуш, пайхамарш байар а. Оха эр ду: 'Ӏовша жоьжахатин Ӏазап'
3:181 -
ذَٰلِكَ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيكُمْ وَأَنَّ اللَّهَ لَيْسَ بِظَلَّامٍ لِلْعَبِيدِ
Шун куьйгаша кечдинарг бахьанехь ду иза /Ӏазап/. И Дела зулам деш ма вац лешна
3:182 -
الَّذِينَ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ عَهِدَ إِلَيْنَا أَلَّا نُؤْمِنَ لِرَسُولٍ حَتَّىٰ يَأْتِيَنَا بِقُرْبَانٍ تَأْكُلُهُ النَّارُ ۗ قُلْ قَدْ جَاءَكُمْ رُسُلٌ مِنْ قَبْلِي بِالْبَيِّنَاتِ وَبِالَّذِي قُلْتُمْ فَلِمَ قَتَلْتُمُوهُمْ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Ишттанаш а бу уьш, шаьш аьлла: 'Дала барт бина тхоьца‚ тхо элчанах тешар дац аьлла, цо саг даийтталц, ша дууш цӀаро'. Ахь āла: 'Шуьга баьхкира сол хьалха билгалонашца элчанаш‚ аш аьлла долчуьнца а – уьш хӀунда байира аш‚ шаьш бакълуьйш делахь?'
3:183 -
فَإِنْ كَذَّبُوكَ فَقَدْ كُذِّبَ رُسُلٌ مِنْ قَبْلِكَ جَاءُوا بِالْبَيِّنَاتِ وَالزُّبُرِ وَالْكِتَابِ الْمُنِيرِ
Хьуо цара харцвича /и тидаме ма эца/‚ хьол хьалха а элчанаш харцбина. Билгалонашца баьхкина бара уьш: зубуршца а‚ нуьре долчу жайнаца а
3:184 -
كُلُّ نَفْسٍ ذَائِقَةُ الْمَوْتِ ۗ وَإِنَّمَا تُوَفَّوْنَ أُجُورَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۖ فَمَنْ زُحْزِحَ عَنِ النَّارِ وَأُدْخِلَ الْجَنَّةَ فَقَدْ فَازَ ۗ وَمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا إِلَّا مَتَاعُ الْغُرُورِ
Массо а сино Ӏовшур ма ду далар (жалла). Шуна /кхоччуш/ лур ю шун ял къематдийнахь. Тккха жоьжахатина, гена а ваьккхина, ялсамане вахийтинарг – и ву толам баьккхинарг. Дуьненан дахар ма дац Ӏехаваран хӀума бен
3:185 -
لَتُبْلَوُنَّ فِي أَمْوَالِكُمْ وَأَنْفُسِكُمْ وَلَتَسْمَعُنَّ مِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ مِنْ قَبْلِكُمْ وَمِنَ الَّذِينَ أَشْرَكُوا أَذًى كَثِيرًا ۚ وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا فَإِنَّ ذَٰلِكَ مِنْ عَزْمِ الْأُمُورِ
Шу данне зуьйр ма ду шун бахамехь а‚ шаьшкахь а, шуна хаззане а хезар ма ду шул хьалха шайга жайна деллачаьргара а‚ мушрикунашкара халахетарш. Аш собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь – баккъалла а, и ду-кх чӀогӀачу гӀуллакхех
3:186 -
وَإِذْ أَخَذَ اللَّهُ مِيثَاقَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ لَتُبَيِّنُنَّهُ لِلنَّاسِ وَلَا تَكْتُمُونَهُ فَنَبَذُوهُ وَرَاءَ ظُهُورِهِمْ وَاشْتَرَوْا بِهِ ثَمَنًا قَلِيلًا ۖ فَبِئْسَ مَا يَشْتَرُونَ
Дала барт бира жайна деллачаьрца: аш билгалдоккхур ду нахана‚ аш хьулдийр дац и аьлла. И дӀатесира цара шайна тӀехьа‚ цунах кӀеззиг мах ийцира цара. Ма вон хӀума ю-кх цара оьцург!
3:187 -
لَا تَحْسَبَنَّ الَّذِينَ يَفْرَحُونَ بِمَا أَتَوْا وَيُحِبُّونَ أَنْ يُحْمَدُوا بِمَا لَمْ يَفْعَلُوا فَلَا تَحْسَبَنَّهُمْ بِمَفَازَةٍ مِنَ الْعَذَابِ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Хьуна ма мотталахь и шаьш деъначуьнца (динчуьнца - Делан некъах нах дтилош) баккхийбеш берш‚ шаьш дина доцучуьнца наха шаьш хесто лууш берш‚ хьуна ма мотталахь уьш Ӏазапах кӀелхьарабевр бу‚ - царна лазош долу Ӏазап ду
3:188 -
وَلِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ и Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш ма ву
3:189
Гочдар: Магомед Магомедов