Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 191 – 194
-
الَّذِينَ يَذْكُرُونَ اللَّهَ قِيَامًا وَقُعُودًا وَعَلَىٰ جُنُوبِهِمْ وَيَتَفَكَّرُونَ فِي خَلْقِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ رَبَّنَا مَا خَلَقْتَ هَٰذَا بَاطِلًا سُبْحَانَكَ فَقِنَا عَذَابَ النَّارِ
Ишттанаш бу уьш шаьш Дела хьехавеш дӀахӀиттина а‚ охьхевшина а‚ шайн агӀонашна тӀехь а‚ ойла еш бу уьш стигланаш а‚ латта а кхолларан: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь кхоьллина ма дац хӀара эрна‚ Хьо хаставо оха‚ ларделахь тхо /жоьжахатин/ цӀеран Ӏазапах
3:191 -
رَبَّنَا إِنَّكَ مَنْ تُدْخِلِ النَّارَ فَقَدْ أَخْزَيْتَهُ ۖ وَمَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ أَنْصَارٍ
Тхан Кхиош-кхобург‚ баккъалла а, Ахь цӀерга воьллинарг, Ахь сийсазвинарг ву-кх иза. Зуламхошна ма бац гӀоьнчий
3:192 -
رَبَّنَا إِنَّنَا سَمِعْنَا مُنَادِيًا يُنَادِي لِلْإِيمَانِ أَنْ آمِنُوا بِرَبِّكُمْ فَآمَنَّا ۚ رَبَّنَا فَاغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَا وَكَفِّرْ عَنَّا سَيِّئَاتِنَا وَتَوَفَّنَا مَعَ الْأَبْرَارِ
Тхан Кхиош-кхобург‚ тхуна хезира цхьа кхойкхуш верг, ша /нах/ иймане кхойкхуш: ийман дилла шайн Кхиош-кхобучуьнга, бохуш‚ тӀаккха Оха ийман диллира. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь гечделахь тхуна тхан къиношна‚ цӀанделахь тхо тхан вочу Ӏамалех‚ тхо далийталахь дикачаьрца
3:193 -
رَبَّنَا وَآتِنَا مَا وَعَدْتَنَا عَلَىٰ رُسُلِكَ وَلَا تُخْزِنَا يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ إِنَّكَ لَا تُخْلِفُ الْمِيعَادَ
Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхуна даийталахь Айхьа хьайн элчанашка доуьйтур ду аьлларг‚ сийсаза ма делахь тхо къематдийнахь‚ баккъалла а, Ахь ца йохайо – кх ваӀда.'
3:194
Гочдар: Магомед Магомедов