Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 21 – 30
-
إِنَّ الَّذِينَ يَكْفُرُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَيَقْتُلُونَ النَّبِيِّينَ بِغَيْرِ حَقٍّ وَيَقْتُلُونَ الَّذِينَ يَأْمُرُونَ بِالْقِسْطِ مِنَ النَّاسِ فَبَشِّرْهُمْ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
Баккъалла а, Делан аяташ харцдеш берш‚ цхьа а бакъо йоцуш пайхамарш бойуш берш, нāхах шайга нийсо е олурш бойуш берш – царна ахь кхерам тасалахь лазош долчу Ӏазапца
3:21 -
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَمَا لَهُمْ مِنْ نَاصِرِينَ
Уьш ма бу шайн Ӏамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а - царна гӀоьнчий /хир/ ма бац!
3:22 -
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ أُوتُوا نَصِيبًا مِنَ الْكِتَابِ يُدْعَوْنَ إِلَىٰ كِتَابِ اللَّهِ لِيَحْكُمَ بَيْنَهُمْ ثُمَّ يَتَوَلَّىٰ فَرِيقٌ مِنْهُمْ وَهُمْ مُعْرِضُونَ
Хьуна ца гина и шайга Жайнан цхьа дāкъа делларш – уьш Делан Жайне кхайкхича вовшашна юккъехь хьукам дан‚ царах цхьа тоба дӀайоьрзу‚ дуьхьал а хуьлуш
3:23 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَالُوا لَنْ تَمَسَّنَا النَّارُ إِلَّا أَيَّامًا مَعْدُودَاتٍ ۖ وَغَرَّهُمْ فِي دِينِهِمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ
Иза ду, цара олу дела: '/Жоьжахатин/цӀаро схьалоцур дац тхо цхьа масийтта денна бен'. Шаьш шайн динехь харц кхуллуш долчо чӀогӀа тилийна уьш
3:24 -
فَكَيْفَ إِذَا جَمَعْنَاهُمْ لِيَوْمٍ لَا رَيْبَ فِيهِ وَوُفِّيَتْ كُلُّ نَفْسٍ مَا كَسَبَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
Оха уьш гулбинчу хенахь шегахь шеко йоцчу /къемат/ денна‚ массо а синна ша карадиначуьнца бекхам бича‚ царна зулам муха дийр дац?
3:25 -
قُلِ اللَّهُمَّ مَالِكَ الْمُلْكِ تُؤْتِي الْمُلْكَ مَنْ تَشَاءُ وَتَنْزِعُ الْمُلْكَ مِمَّنْ تَشَاءُ وَتُعِزُّ مَنْ تَشَاءُ وَتُذِلُّ مَنْ تَشَاءُ ۖ بِيَدِكَ الْخَيْرُ ۖ إِنَّكَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Ахь āла: 'ХӀай Дела‚ паччахьалла Хьайн дōлахь долуш волу‚ Хьайна луучунна ло-кх Ахь паччахьалла‚ Хьайна луучуьнгара схьадоккху Ахь паччахьалла‚ Хьайна луург вазво Ахь‚ Хьайна луург сийсазво. Хьан карахь ду-кх диканаш. Баккъалла а, Хьо ма ву массо а хӀуманна тхь ницкъ берг
3:26 -
تُولِجُ اللَّيْلَ فِي النَّهَارِ وَتُولِجُ النَّهَارَ فِي اللَّيْلِ ۖ وَتُخْرِجُ الْحَيَّ مِنَ الْمَيِّتِ وَتُخْرِجُ الْمَيِّتَ مِنَ الْحَيِّ ۖ وَتَرْزُقُ مَنْ تَشَاءُ بِغَيْرِ حِسَابٍ
Буьйса денна чу йохуьйту Ахь‚ де буьйсанна чу дохуьйту Ахь‚ веллачух дийнаверг схьавоккху Ахь‚ дийнаволчух велларг схьавоккху Ахь‚ рицкъ ло Ахь Хьайна луучунна цхьа а хьесап ца деш '
3:27 -
لَا يَتَّخِذِ الْمُؤْمِنُونَ الْكَافِرِينَ أَوْلِيَاءَ مِنْ دُونِ الْمُؤْمِنِينَ ۖ وَمَنْ يَفْعَلْ ذَٰلِكَ فَلَيْسَ مِنَ اللَّهِ فِي شَيْءٍ إِلَّا أَنْ تَتَّقُوا مِنْهُمْ تُقَاةً ۗ وَيُحَذِّرُكُمُ اللَّهُ نَفْسَهُ ۗ وَإِلَى اللَّهِ الْمَصِيرُ
Муъмина наха ма лоьцийла цатешарш гьнчий /кхечу/ муъмина нахана дуьхьал. И динарг вац Делера /цхьанна а/ хӀуманна тӀехь‚ шу царах (керстанех) кхеранне а кхоьруш дацахь. (Шайна кхераме делахь – лаца). Дала шу лардо Шеца. Деле ма ду дӀадерзар
3:28 -
قُلْ إِنْ تُخْفُوا مَا فِي صُدُورِكُمْ أَوْ تُبْدُوهُ يَعْلَمْهُ اللَّهُ ۗ وَيَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Ахь āла: 'Аш хьулдахь а шайн дегнашкахь дерг‚ гучудаккхахь и – Дела и хууш ву. И хууш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг. И Дела массо а хӀуманна тхь ницкъ кхочуш ма ву
3:29 -
يَوْمَ تَجِدُ كُلُّ نَفْسٍ مَا عَمِلَتْ مِنْ خَيْرٍ مُحْضَرًا وَمَا عَمِلَتْ مِنْ سُوءٍ تَوَدُّ لَوْ أَنَّ بَيْنَهَا وَبَيْنَهُ أَمَدًا بَعِيدًا ۗ وَيُحَذِّرُكُمُ اللَّهُ نَفْسَهُ ۗ وَاللَّهُ رَءُوفٌ بِالْعِبَادِ
Оцу дийнахь массо а синна шена хьалхахь карор ду ша дина диканиг. Ша динчу вочунна а, шена а юккъехь генара хан (йоккха юкъ) хуьлийла луур дара цунна. Дала лардо шу Шеца. И Дела къинхетаме ву лешца'
3:30
Гочдар: Магомед Магомедов