Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 31 – 41

  1. قُلْ إِنْ كُنْتُمْ تُحِبُّونَ اللَّهَ فَاتَّبِعُونِي يُحْبِبْكُمُ اللَّهُ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ذُنُوبَكُمْ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Ахь āла: 'Шу Дела везаш делахь‚ суна тӀаьхьахӀитта – Далла дезар ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо шун къинош'‚ – и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    3:31
  2. قُلْ أَطِيعُوا اللَّهَ وَالرَّسُولَ ۖ فَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْكَافِرِينَ

    Ахь āла: 'МуьтӀахь хила Далла а‚ элчанна а'. Уьш дӀаберзахь (ахь шайга кхойкхучуьнгара) - Далла ца беза цатешарш

    3:32
  3. إِنَّ اللَّهَ اصْطَفَىٰ آدَمَ وَنُوحًا وَآلَ إِبْرَاهِيمَ وَآلَ عِمْرَانَ عَلَى الْعَالَمِينَ

    Баккъалла а, Дала хаьржира Āдам а‚ Нухь а‚ ИбрахӀиман доьзал а‚ Ӏимранан доьзал а Ӏаламел,

    3:33
  4. ذُرِّيَّةً بَعْضُهَا مِنْ بَعْضٍ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Цхьаберш вокхеран зуьррет а долуш‚ и Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву

    3:34
  5. إِذْ قَالَتِ امْرَأَتُ عِمْرَانَ رَبِّ إِنِّي نَذَرْتُ لَكَ مَا فِي بَطْنِي مُحَرَّرًا فَتَقَبَّلْ مِنِّي ۖ إِنَّكَ أَنْتَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    /Ахь хьахаде цаьрга, хй Мухьаммад/ Ӏимранан зудчо аьллера: 'Сан Кхиош-кхобург‚ ас Хьуна нузар (нигат) дина-кх, сайн кийрахь дерг массо а хӀуманах паргӀат а даккхий, къобалдехьа соьгара. Баккъалла а, Хьо хезаш верг а‚ хууш верг а ву-кх'

    3:35
  6. فَلَمَّا وَضَعَتْهَا قَالَتْ رَبِّ إِنِّي وَضَعْتُهَا أُنْثَىٰ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا وَضَعَتْ وَلَيْسَ الذَّكَرُ كَالْأُنْثَىٰ ۖ وَإِنِّي سَمَّيْتُهَا مَرْيَمَ وَإِنِّي أُعِيذُهَا بِكَ وَذُرِّيَّتَهَا مِنَ الشَّيْطَانِ الرَّجِيمِ

    Ша бер дина яьлча /цо/, элира: 'Сан Кхиош-кхобушверг‚ аса-м йоӀ йина'.- И Дела дика хууш ма ву‚ цо мила йина.- 'Боьршаниг ма ца хуьлу стениг санна. Ас цунна цӀе тиллина Марьям‚ ас иза а‚ цуьнан зуьррет а Хьоьца лардо, тлгаш детташ, эккхош долчу шайтӀанах'

    3:36
  7. فَتَقَبَّلَهَا رَبُّهَا بِقَبُولٍ حَسَنٍ وَأَنْبَتَهَا نَبَاتًا حَسَنًا وَكَفَّلَهَا زَكَرِيَّا ۖ كُلَّمَا دَخَلَ عَلَيْهَا زَكَرِيَّا الْمِحْرَابَ وَجَدَ عِنْدَهَا رِزْقًا ۖ قَالَ يَا مَرْيَمُ أَنَّىٰ لَكِ هَٰذَا ۖ قَالَتْ هُوَ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ ۖ إِنَّ اللَّهَ يَرْزُقُ مَنْ يَشَاءُ بِغَيْرِ حِسَابٍ

    Дала тийцира цуьнан и хазчу къобалдарца. Хаза а, цӀена а кхиира Цо и (Марьям)‚ цуьнан доладар тӀедиллира Закарийна. И йолчу михьраба чу ма-велли‚ Закарийна цунна (Марьямна) хьалхахь рицкъ карадора. Цо олура: 'Марьям‚ хӀара мичахьара ду хьуна?' Цо (Марьяма) олура: 'ХӀара Делера ду. Баккъалла а, и Дела рицкъ луш ма ву Шена луучунна, хьесап доцуш'

    3:37
  8. هُنَالِكَ دَعَا زَكَرِيَّا رَبَّهُ ۖ قَالَ رَبِّ هَبْ لِي مِنْ لَدُنْكَ ذُرِّيَّةً طَيِّبَةً ۖ إِنَّكَ سَمِيعُ الدُّعَاءِ

    Цигахь дийхира Закарийс шен Кхиош-кхобучуьнга. Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобушверг‚ лōхьа суна Хьайгара цӀена зуьррет‚ баккъалла а‚ Хьо ма ву (Хьайга) дехар хезаш'

    3:38
  9. فَنَادَتْهُ الْمَلَائِكَةُ وَهُوَ قَائِمٌ يُصَلِّي فِي الْمِحْرَابِ أَنَّ اللَّهَ يُبَشِّرُكَ بِيَحْيَىٰ مُصَدِّقًا بِكَلِمَةٍ مِنَ اللَّهِ وَسَيِّدًا وَحَصُورًا وَنَبِيًّا مِنَ الصَّالِحِينَ

    Цуьнга кхайкхира маликаша‚ и ламазна хӀоьттина волчу михьраба чохь: 'Дала кхаъ боккху хьоьга Яхьъяца (и ц йолу кнт валарца) ‚ ша Делан Дош бакъдеш, ша эла а, ша вочух ларлуш волу къонах а‚ ша дикачарех пайхамар а хир волчу'

    3:39
  10. قَالَ رَبِّ أَنَّىٰ يَكُونُ لِي غُلَامٌ وَقَدْ بَلَغَنِيَ الْكِبَرُ وَامْرَأَتِي عَاقِرٌ ۖ قَالَ كَذَٰلِكَ اللَّهُ يَفْعَلُ مَا يَشَاءُ

    Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобушверг‚ мичара хир ву суна кӀант? Со воккха а ма хилла‚ сан зуда а ма ю бер ца хуьлуш'. Цо (Дала) элира: 'Иштта, Аллах до Шена луург'

    3:40
  11. قَالَ رَبِّ اجْعَلْ لِي آيَةً ۖ قَالَ آيَتُكَ أَلَّا تُكَلِّمَ النَّاسَ ثَلَاثَةَ أَيَّامٍ إِلَّا رَمْزًا ۗ وَاذْكُرْ رَبَّكَ كَثِيرًا وَسَبِّحْ بِالْعَشِيِّ وَالْإِبْكَارِ

    Цо (Закарийс) элира: 'Сан Кхиош-кхобушверг‚ цхьа делил хилийтахь суна'. /Дала/ элира: 'Хьан делил ду хьо нахе кхаа дийнахь вист цахилар ишарца бен‚ хьан Кхиош-кхобушверг хьехаве дуккха а‚ хаставе И сарахь а‚ Ӏуьйранна а'

    3:41

Гочдар: Магомед Магомедов