Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 35 – 36

  1. إِذْ قَالَتِ امْرَأَتُ عِمْرَانَ رَبِّ إِنِّي نَذَرْتُ لَكَ مَا فِي بَطْنِي مُحَرَّرًا فَتَقَبَّلْ مِنِّي ۖ إِنَّكَ أَنْتَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    /Ахь хьахаде цаьрга, хй Мухьаммад/ Ӏимранан зудчо аьллера: 'Сан Кхиош-кхобург‚ ас Хьуна нузар (нигат) дина-кх, сайн кийрахь дерг массо а хӀуманах паргӀат а даккхий, къобалдехьа соьгара. Баккъалла а, Хьо хезаш верг а‚ хууш верг а ву-кх'

    3:35
  2. فَلَمَّا وَضَعَتْهَا قَالَتْ رَبِّ إِنِّي وَضَعْتُهَا أُنْثَىٰ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا وَضَعَتْ وَلَيْسَ الذَّكَرُ كَالْأُنْثَىٰ ۖ وَإِنِّي سَمَّيْتُهَا مَرْيَمَ وَإِنِّي أُعِيذُهَا بِكَ وَذُرِّيَّتَهَا مِنَ الشَّيْطَانِ الرَّجِيمِ

    Ша бер дина яьлча /цо/, элира: 'Сан Кхиош-кхобушверг‚ аса-м йоӀ йина'.- И Дела дика хууш ма ву‚ цо мила йина.- 'Боьршаниг ма ца хуьлу стениг санна. Ас цунна цӀе тиллина Марьям‚ ас иза а‚ цуьнан зуьррет а Хьоьца лардо, тлгаш детташ, эккхош долчу шайтӀанах'

    3:36

Гочдар: Магомед Магомедов