Сурат 3 Аль-Iимран (Iимранан доьзал), аят 38 – 41
-
هُنَالِكَ دَعَا زَكَرِيَّا رَبَّهُ ۖ قَالَ رَبِّ هَبْ لِي مِنْ لَدُنْكَ ذُرِّيَّةً طَيِّبَةً ۖ إِنَّكَ سَمِيعُ الدُّعَاءِ
Цигахь дийхира Закарийс шен Кхиош-кхобучуьнга. Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобушверг‚ лōхьа суна Хьайгара цIена зуьррет‚ баккъалла а‚ Хьо ма ву (Хьайга) дехар хезаш'
3:38 -
فَنَادَتْهُ الْمَلَائِكَةُ وَهُوَ قَائِمٌ يُصَلِّي فِي الْمِحْرَابِ أَنَّ اللَّهَ يُبَشِّرُكَ بِيَحْيَىٰ مُصَدِّقًا بِكَلِمَةٍ مِنَ اللَّهِ وَسَيِّدًا وَحَصُورًا وَنَبِيًّا مِنَ الصَّالِحِينَ
Цуьнга кхайкхира маликаша‚ и ламазна хIоьттина волчу михьраба чохь: 'Дала кхаъ боккху хьоьга Яхьъяца (и ц йолу кнт валарца) ‚ ша Делан Дош бакъдеш, ша эла а, ша вочух ларлуш волу къонах а‚ ша дикачарех пайхамар а хир волчу'
3:39 -
قَالَ رَبِّ أَنَّىٰ يَكُونُ لِي غُلَامٌ وَقَدْ بَلَغَنِيَ الْكِبَرُ وَامْرَأَتِي عَاقِرٌ ۖ قَالَ كَذَٰلِكَ اللَّهُ يَفْعَلُ مَا يَشَاءُ
Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобушверг‚ мичара хир ву суна кIант? Со воккха а ма хилла‚ сан зуда а ма ю бер ца хуьлуш'. Цо (Дала) элира: 'Иштта, Аллах до Шена луург'
3:40 -
قَالَ رَبِّ اجْعَلْ لِي آيَةً ۖ قَالَ آيَتُكَ أَلَّا تُكَلِّمَ النَّاسَ ثَلَاثَةَ أَيَّامٍ إِلَّا رَمْزًا ۗ وَاذْكُرْ رَبَّكَ كَثِيرًا وَسَبِّحْ بِالْعَشِيِّ وَالْإِبْكَارِ
Цо (Закарийс) элира: 'Сан Кхиош-кхобушверг‚ цхьа делил хилийтахь суна'. /Дала/ элира: 'Хьан делил ду хьо нахе кхаа дийнахь вист цахилар ишарца бен‚ хьан Кхиош-кхобушверг хьехаве дуккха а‚ хаставе И сарахь а‚ Iуьйранна а'
3:41
Гочдар: Магомед Магомедов