Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 42 – 54

  1. وَإِذْ قَالَتِ الْمَلَائِكَةُ يَا مَرْيَمُ إِنَّ اللَّهَ اصْطَفَاكِ وَطَهَّرَكِ وَاصْطَفَاكِ عَلَىٰ نِسَاءِ الْعَالَمِينَ

    Маликаша аьллера: 'ХӀай Марьям‚ баккъалла а, Дала хаьржина хьо‚ Цо цӀанйина хьо‚ Цо хьо хаьржина (массо а) Ӏаламийн зударшна тхь

    3:42
  2. يَا مَرْيَمُ اقْنُتِي لِرَبِّكِ وَاسْجُدِي وَارْكَعِي مَعَ الرَّاكِعِينَ

    ХӀай Марьям‚ муьтӀахь хила хьайн Кхиош-кхобучунна‚ сужуд а де‚ гор а хтта горхьттучаьрца'

    3:43
  3. ذَٰلِكَ مِنْ أَنْبَاءِ الْغَيْبِ نُوحِيهِ إِلَيْكَ ۚ وَمَا كُنْتَ لَدَيْهِمْ إِذْ يُلْقُونَ أَقْلَامَهُمْ أَيُّهُمْ يَكْفُلُ مَرْيَمَ وَمَا كُنْتَ لَدَيْهِمْ إِذْ يَخْتَصِمُونَ

    Иза ду хьуламан хабарех, шаьш хьуна хоуьйтуш долчу. Хьо вацара уьш болчохь‚ цара шайн къоламаш кхуьссуш‚ муьлхачо дола дийр ду Марьяман‚ хьо вацара уьш болчохь цара къуьйсучу хенахь

    3:44
  4. إِذْ قَالَتِ الْمَلَائِكَةُ يَا مَرْيَمُ إِنَّ اللَّهَ يُبَشِّرُكِ بِكَلِمَةٍ مِنْهُ اسْمُهُ الْمَسِيحُ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ وَجِيهًا فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَمِنَ الْمُقَرَّبِينَ

    Маликаша аьллера: 'ХӀай Марьям‚ баккъалла а, Дала кхаъ боккхуш бу хьуна Шегара Дашца‚ шен цӀе Хьаьхнарг‚ Марьяман кӀант Ӏийса а волуш‚ ша дуьненахь а‚ эхартахь а сий долуш хинверг‚ ша /Далла/ гергарчарех хинверг

    3:45
  5. وَيُكَلِّمُ النَّاسَ فِي الْمَهْدِ وَكَهْلًا وَمِنَ الصَّالِحِينَ

    Нахаца хабар дуьйцур ду цо агана чохь а‚ воккха хилча а, дикачарех хир ву иза'

    3:46
  6. قَالَتْ رَبِّ أَنَّىٰ يَكُونُ لِي وَلَدٌ وَلَمْ يَمْسَسْنِي بَشَرٌ ۖ قَالَ كَذَٰلِكِ اللَّهُ يَخْلُقُ مَا يَشَاءُ ۚ إِذَا قَضَىٰ أَمْرًا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ

    Цо )Марьяма( элира: 'Сан Кхиош-кхобург, мичара хир ву сан доьзалхо‚ сох /цхьа а/ адам хьакха делла а ца хилча?' Элира /маликаша/: 'Иштта Дала кхуллу Шена луург. Шена цхьа гӀуллакх тхь сацам хилча‚ Цо ōлу цуьнга: 'Хила!' – И хуьлу'

    3:47
  7. وَيُعَلِّمُهُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَالتَّوْرَاةَ وَالْإِنْجِيلَ

    Цо мор ду цунна )Ӏийсана( йоза а‚ хьекъалалла а, Таврат а‚ Инжил а

    3:48
  8. وَرَسُولًا إِلَىٰ بَنِي إِسْرَائِيلَ أَنِّي قَدْ جِئْتُكُمْ بِآيَةٍ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ أَنِّي أَخْلُقُ لَكُمْ مِنَ الطِّينِ كَهَيْئَةِ الطَّيْرِ فَأَنْفُخُ فِيهِ فَيَكُونُ طَيْرًا بِإِذْنِ اللَّهِ ۖ وَأُبْرِئُ الْأَكْمَهَ وَالْأَبْرَصَ وَأُحْيِي الْمَوْتَىٰ بِإِذْنِ اللَّهِ ۖ وَأُنَبِّئُكُمْ بِمَا تَأْكُلُونَ وَمَا تَدَّخِرُونَ فِي بُيُوتِكُمْ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Элча (вийр ву Дала цунах) Исраилан кӀенташка', /ша олуш:/ 'Со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара делилаца‚ ас кхуллу шуна поппарх хьозан суьртехь хӀума, хп олу цу чу – хуьлу хьоза Делан пурбанца‚ ас тавийр ву бӀаьрса доцург‚ бурс цамгар ерг а‚ белларш а денбийр бу Делан пурбанца‚ ас дуьйцур ду шуна аш юучух а‚ аш шайн цӀеношкахь Ӏалашдеш долчух а лаьцна. Баккъалла а, цу чохь делил ду шуна‚ шу муъмина нах делахь

    3:49
  9. وَمُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيَّ مِنَ التَّوْرَاةِ وَلِأُحِلَّ لَكُمْ بَعْضَ الَّذِي حُرِّمَ عَلَيْكُمْ ۚ وَجِئْتُكُمْ بِآيَةٍ مِنْ رَبِّكُمْ فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Бакъдан /веана со/ сол хьалха хилла Таврат‚ хьанал дан шуна /Таврата чохь/ хьарам хилла долчех цхьадерш‚ – со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара делилашца – Делах кхера‚ суна муьтӀахь хила

    3:50
  10. إِنَّ اللَّهَ رَبِّي وَرَبُّكُمْ فَاعْبُدُوهُ ۗ هَٰذَا صِرَاطٌ مُسْتَقِيمٌ

    Баккъалла а, и Дела сан Кхиош-кхобург а ву‚ шун Кхиош-кхобург а ву‚ Цунна Ӏибадат дейша – и бу нийса некъ', /Ӏийсас эр ду и дешнаш/

    3:51
  11. فَلَمَّا أَحَسَّ عِيسَىٰ مِنْهُمُ الْكُفْرَ قَالَ مَنْ أَنْصَارِي إِلَى اللَّهِ ۖ قَالَ الْحَوَارِيُّونَ نَحْنُ أَنْصَارُ اللَّهِ آمَنَّا بِاللَّهِ وَاشْهَدْ بِأَنَّا مُسْلِمُونَ

    Ӏийсас шена цаьргара цатешар хааделча‚ элира: 'Муьлш бу сан гӀоьнчий Делехьа?' Хьаварийша элира: 'Тхо ду Делан гӀоьнчий‚ Делах тешна тхо‚ ахь тешалла де тхо муьтӀахь дерш (бусалбанаш) ду‚ алий

    3:52
  12. رَبَّنَا آمَنَّا بِمَا أَنْزَلْتَ وَاتَّبَعْنَا الرَّسُولَ فَاكْتُبْنَا مَعَ الشَّاهِدِينَ

    Тхан Кхиош-кхобург! Тхо тешна-кх Ахь доссийначух‚ тхо тӀаьхьахӀиттина элчанна – Ахь дӀаязде тхо тешалла динчаьрца'

    3:53
  13. وَمَكَرُوا وَمَكَرَ اللَّهُ ۖ وَاللَّهُ خَيْرُ الْمَاكِرِينَ

    /Цатешачара/ мекарло йира‚ /церан мекарлонна дуьхьал/ Дала а йира мекарло. /Мекарлона дуьхьал/ Дела мекарло дика еш ву

    3:54

Гочдар: Магомед Магомедов