Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 48 – 50

  1. وَيُعَلِّمُهُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَالتَّوْرَاةَ وَالْإِنْجِيلَ

    Цо мор ду цунна )Ӏийсана( йоза а‚ хьекъалалла а, Таврат а‚ Инжил а

    3:48
  2. وَرَسُولًا إِلَىٰ بَنِي إِسْرَائِيلَ أَنِّي قَدْ جِئْتُكُمْ بِآيَةٍ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ أَنِّي أَخْلُقُ لَكُمْ مِنَ الطِّينِ كَهَيْئَةِ الطَّيْرِ فَأَنْفُخُ فِيهِ فَيَكُونُ طَيْرًا بِإِذْنِ اللَّهِ ۖ وَأُبْرِئُ الْأَكْمَهَ وَالْأَبْرَصَ وَأُحْيِي الْمَوْتَىٰ بِإِذْنِ اللَّهِ ۖ وَأُنَبِّئُكُمْ بِمَا تَأْكُلُونَ وَمَا تَدَّخِرُونَ فِي بُيُوتِكُمْ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Элча (вийр ву Дала цунах) Исраилан кӀенташка', /ша олуш:/ 'Со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара делилаца‚ ас кхуллу шуна поппарх хьозан суьртехь хӀума, хп олу цу чу – хуьлу хьоза Делан пурбанца‚ ас тавийр ву бӀаьрса доцург‚ бурс цамгар ерг а‚ белларш а денбийр бу Делан пурбанца‚ ас дуьйцур ду шуна аш юучух а‚ аш шайн цӀеношкахь Ӏалашдеш долчух а лаьцна. Баккъалла а, цу чохь делил ду шуна‚ шу муъмина нах делахь

    3:49
  3. وَمُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيَّ مِنَ التَّوْرَاةِ وَلِأُحِلَّ لَكُمْ بَعْضَ الَّذِي حُرِّمَ عَلَيْكُمْ ۚ وَجِئْتُكُمْ بِآيَةٍ مِنْ رَبِّكُمْ فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Бакъдан /веана со/ сол хьалха хилла Таврат‚ хьанал дан шуна /Таврата чохь/ хьарам хилла долчех цхьадерш‚ – со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара делилашца – Делах кхера‚ суна муьтӀахь хила

    3:50

Гочдар: Магомед Магомедов