Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 52 – 59

  1. فَلَمَّا أَحَسَّ عِيسَىٰ مِنْهُمُ الْكُفْرَ قَالَ مَنْ أَنْصَارِي إِلَى اللَّهِ ۖ قَالَ الْحَوَارِيُّونَ نَحْنُ أَنْصَارُ اللَّهِ آمَنَّا بِاللَّهِ وَاشْهَدْ بِأَنَّا مُسْلِمُونَ

    Ӏийсас шена цаьргара цатешар хааделча‚ элира: 'Муьлш бу сан гӀоьнчий Делехьа?' Хьаварийша элира: 'Тхо ду Делан гӀоьнчий‚ Делах тешна тхо‚ ахь тешалла де тхо муьтӀахь дерш (бусалбанаш) ду‚ алий

    3:52
  2. رَبَّنَا آمَنَّا بِمَا أَنْزَلْتَ وَاتَّبَعْنَا الرَّسُولَ فَاكْتُبْنَا مَعَ الشَّاهِدِينَ

    Тхан Кхиош-кхобург! Тхо тешна-кх Ахь доссийначух‚ тхо тӀаьхьахӀиттина элчанна – Ахь дӀаязде тхо тешалла динчаьрца'

    3:53
  3. وَمَكَرُوا وَمَكَرَ اللَّهُ ۖ وَاللَّهُ خَيْرُ الْمَاكِرِينَ

    /Цатешачара/ мекарло йира‚ /церан мекарлонна дуьхьал/ Дала а йира мекарло. /Мекарлона дуьхьал/ Дела мекарло дика еш ву

    3:54
  4. إِذْ قَالَ اللَّهُ يَا عِيسَىٰ إِنِّي مُتَوَفِّيكَ وَرَافِعُكَ إِلَيَّ وَمُطَهِّرُكَ مِنَ الَّذِينَ كَفَرُوا وَجَاعِلُ الَّذِينَ اتَّبَعُوكَ فَوْقَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ ۖ ثُمَّ إِلَيَّ مَرْجِعُكُمْ فَأَحْكُمُ بَيْنَكُمْ فِيمَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ

    Дала аьллера: 'ХӀай Ӏийса‚ Ас хьо дкхалхо‚ Сайна герга хьалавоккху‚ цӀанво хьо цатешачарех. Со латто воллу хьуна тӀаьхьахӀиттинарш цатешачарна тӀехь къематде даллалц. ТӀаккха Суна тӀе хир ду шун ддерзар. Ас кхел йийр ю шуна юкъахь‚ аш хилпало еш хиллачунна тӀехь

    3:55
  5. فَأَمَّا الَّذِينَ كَفَرُوا فَأُعَذِّبُهُمْ عَذَابًا شَدِيدًا فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَمَا لَهُمْ مِنْ نَاصِرِينَ

    Ткъа цатешнарш – Ас царна Ӏазап дийр ду чӀогӀачу Ӏазапца дуьненахь а‚ эхартахь а – ма хир бац-кх царна гӀоьнчий'

    3:56
  6. وَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَيُوَفِّيهِمْ أُجُورَهُمْ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ الظَّالِمِينَ

    Амма ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а - царна шайн кхоччуш ял дӀалур ю Цо. Далла ца беза зуламхой

    3:57
  7. ذَٰلِكَ نَتْلُوهُ عَلَيْكَ مِنَ الْآيَاتِ وَالذِّكْرِ الْحَكِيمِ

    И ду Оха хьуна доьшуш дерг аятех а‚ хьекъале хьехамах а

    3:58
  8. إِنَّ مَثَلَ عِيسَىٰ عِنْدَ اللَّهِ كَمَثَلِ آدَمَ ۖ خَلَقَهُ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ قَالَ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ

    Баккъалла а‚ Ӏийсан масал Далла гергахь Āдаман масалх тера ду: Цо и кхоьллира лаьттах‚ тӀаккха элира цуьнга 'Хила!' – и хилира

    3:59

Гочдар: Магомед Магомедов