Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 55 – 62
-
إِذْ قَالَ اللَّهُ يَا عِيسَىٰ إِنِّي مُتَوَفِّيكَ وَرَافِعُكَ إِلَيَّ وَمُطَهِّرُكَ مِنَ الَّذِينَ كَفَرُوا وَجَاعِلُ الَّذِينَ اتَّبَعُوكَ فَوْقَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ ۖ ثُمَّ إِلَيَّ مَرْجِعُكُمْ فَأَحْكُمُ بَيْنَكُمْ فِيمَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ
Дала аьллера: 'ХӀай Ӏийса‚ Ас хьо дкхалхо‚ Сайна герга хьалавоккху‚ цӀанво хьо цатешачарех. Со латто воллу хьуна тӀаьхьахӀиттинарш цатешачарна тӀехь къематде даллалц. ТӀаккха Суна тӀе хир ду шун ддерзар. Ас кхел йийр ю шуна юкъахь‚ аш хилпало еш хиллачунна тӀехь
3:55 -
فَأَمَّا الَّذِينَ كَفَرُوا فَأُعَذِّبُهُمْ عَذَابًا شَدِيدًا فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَمَا لَهُمْ مِنْ نَاصِرِينَ
Ткъа цатешнарш – Ас царна Ӏазап дийр ду чӀогӀачу Ӏазапца дуьненахь а‚ эхартахь а – ма хир бац-кх царна гӀоьнчий'
3:56 -
وَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَيُوَفِّيهِمْ أُجُورَهُمْ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ الظَّالِمِينَ
Амма ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а - царна шайн кхоччуш ял дӀалур ю Цо. Далла ца беза зуламхой
3:57 -
ذَٰلِكَ نَتْلُوهُ عَلَيْكَ مِنَ الْآيَاتِ وَالذِّكْرِ الْحَكِيمِ
И ду Оха хьуна доьшуш дерг аятех а‚ хьекъале хьехамах а
3:58 -
إِنَّ مَثَلَ عِيسَىٰ عِنْدَ اللَّهِ كَمَثَلِ آدَمَ ۖ خَلَقَهُ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ قَالَ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ
Баккъалла а‚ Ӏийсан масал Далла гергахь Āдаман масалх тера ду: Цо и кхоьллира лаьттах‚ тӀаккха элира цуьнга 'Хила!' – и хилира
3:59 -
الْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ فَلَا تَكُنْ مِنَ الْمُمْتَرِينَ
Бакъдерг ду и хьан Кхиош-кхобучуьнгара – хьо ма хилалахь шеко ечарах
3:60 -
فَمَنْ حَاجَّكَ فِيهِ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَكَ مِنَ الْعِلْمِ فَقُلْ تَعَالَوْا نَدْعُ أَبْنَاءَنَا وَأَبْنَاءَكُمْ وَنِسَاءَنَا وَنِسَاءَكُمْ وَأَنْفُسَنَا وَأَنْفُسَكُمْ ثُمَّ نَبْتَهِلْ فَنَجْعَلْ لَعْنَتَ اللَّهِ عَلَى الْكَاذِبِينَ
Хьайга хаам беъначул тӀаьхьа цунах лаьцна хьайца къуьйсуш болчаьрга āла: 'Дуьло‚ кхойкху вай тхан кӀенташка а‚ шун кӀенташка а‚ тхан зударшка а‚ шун зударшка а‚ тхоьга тхайга а‚ шуьга шайга а‚ тӀаккха доӀанаш дер вай‚ Делан неӀалт аьр вай харцлуьйчарна'
3:61 -
إِنَّ هَٰذَا لَهُوَ الْقَصَصُ الْحَقُّ ۚ وَمَا مِنْ إِلَٰهٍ إِلَّا اللَّهُ ۚ وَإِنَّ اللَّهَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Баккъалла а, хӀара ду бакъдолу хабар. Вац цхьа а дела‚ ша АллахӀ (цӀе йолу и цхьа Дела) а бен. Баккъалла а, и Дела ша веза верг а‚ ша хьекъале верг а ву
3:62
Гочдар: Магомед Магомедов