Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 63 – 71
-
فَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِالْمُفْسِدِينَ
Уьш дӀаберзахь (ахь дуьйцург къобал ца деш) – и Дела хууш (гуш) ву боьханиг лелош берш
3:63 -
قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ تَعَالَوْا إِلَىٰ كَلِمَةٍ سَوَاءٍ بَيْنَنَا وَبَيْنَكُمْ أَلَّا نَعْبُدَ إِلَّا اللَّهَ وَلَا نُشْرِكَ بِهِ شَيْئًا وَلَا يَتَّخِذَ بَعْضُنَا بَعْضًا أَرْبَابًا مِنْ دُونِ اللَّهِ ۚ فَإِنْ تَوَلَّوْا فَقُولُوا اشْهَدُوا بِأَنَّا مُسْلِمُونَ
Ахь āла: 'ХӀай жайнан охӀла‚ дуьйла тхуна юкъахь а‚ шуна юкъахь а цхьаъ долчу дашна тӀе: 'Ӏибадат дийр дац вай цхьана Далла бен‚ Цуьнца накъост лоцур вац вай цхьана а хӀуманца‚ и Дела а витина, вайх цхьаболчара вукхарах делий лоьцур бац'. Уьш дӀаберзахь, аш āла: 'Аш тешалла де тхо /Далла/ муьтӀахь дерш хиларна'
3:64 -
يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لِمَ تُحَاجُّونَ فِي إِبْرَاهِيمَ وَمَا أُنْزِلَتِ التَّوْرَاةُ وَالْإِنْجِيلُ إِلَّا مِنْ بَعْدِهِ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
ХӀай жайнан охӀла‚ аш хӀунда къуьйсу ИбрахӀиман хьокъехь? Таврат а‚ Инжил а ма ца доссийна цул тӀаьхьа а бен - аш ойла ца йо?
3:65 -
هَا أَنْتُمْ هَٰؤُلَاءِ حَاجَجْتُمْ فِيمَا لَكُمْ بِهِ عِلْمٌ فَلِمَ تُحَاجُّونَ فِيمَا لَيْسَ لَكُمْ بِهِ عِلْمٌ ۚ وَاللَّهُ يَعْلَمُ وَأَنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ
ХӀай шу, ма ду къийсамехь хилларш шайгахь Ӏилма долчохь а /Мусан а, Ӏийсан а гӀуллакхашкахь/. ХӀунда къуьйсу аш шайгахь Ӏилма доцучух муххале а? И Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду
3:66 -
مَا كَانَ إِبْرَاهِيمُ يَهُودِيًّا وَلَا نَصْرَانِيًّا وَلَٰكِنْ كَانَ حَنِيفًا مُسْلِمًا وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Ца хилла ИбрахӀим жуьгти а‚ насари а – и хилла цӀена тешаш верг а‚ муьтӀахь верг а‚ и ца хилла мушрикех а
3:67 -
إِنَّ أَوْلَى النَّاسِ بِإِبْرَاهِيمَ لَلَّذِينَ اتَّبَعُوهُ وَهَٰذَا النَّبِيُّ وَالَّذِينَ آمَنُوا ۗ وَاللَّهُ وَلِيُّ الْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а‚ ИбрахӀимца там болу нах бу – цунна тӀаьхьахӀиттина хилла берш а‚ хӀара пайхамар а‚ тешаш берш а. И Дела ма ву тешаш болчеран вали (доттаг
3:68 -
وَدَّتْ طَائِفَةٌ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ لَوْ يُضِلُّونَكُمْ وَمَا يُضِلُّونَ إِلَّا أَنْفُسَهُمْ وَمَا يَشْعُرُونَ
Лиира жайнан охӀланах цхьана тобанна шу тило (нийсачу некъах)‚ тилор-м дац цара шаьш бен - ам царна и ца хаало-кх
3:69 -
يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لِمَ تَكْفُرُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَأَنْتُمْ تَشْهَدُونَ
ХӀай жайнан охӀла‚ аш хӀунда харцдо Делан аяташ‚ шайна хуушехь /уьш бакъ дуйла/?
3:70 -
يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لِمَ تَلْبِسُونَ الْحَقَّ بِالْبَاطِلِ وَتَكْتُمُونَ الْحَقَّ وَأَنْتُمْ تَعْلَمُونَ
ХӀай жайнан охӀла‚ хӀунда вовшахъэдо аш бакъдерг харцдолчуьнца‚ бакъдерг хьулдеш ду шу, шайна хуъушехь
3:71
Гочдар: Магомед Магомедов