Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 69 – 72
-
وَدَّتْ طَائِفَةٌ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ لَوْ يُضِلُّونَكُمْ وَمَا يُضِلُّونَ إِلَّا أَنْفُسَهُمْ وَمَا يَشْعُرُونَ
Лиира жайнан охӀланах цхьана тобанна шу тило (нийсачу некъах)‚ тилор-м дац цара шаьш бен - ам царна и ца хаало-кх
3:69 -
يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لِمَ تَكْفُرُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَأَنْتُمْ تَشْهَدُونَ
ХӀай жайнан охӀла‚ аш хӀунда харцдо Делан аяташ‚ шайна хуушехь /уьш бакъ дуйла/?
3:70 -
يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لِمَ تَلْبِسُونَ الْحَقَّ بِالْبَاطِلِ وَتَكْتُمُونَ الْحَقَّ وَأَنْتُمْ تَعْلَمُونَ
ХӀай жайнан охӀла‚ хӀунда вовшахъэдо аш бакъдерг харцдолчуьнца‚ бакъдерг хьулдеш ду шу, шайна хуъушехь
3:71 -
وَقَالَتْ طَائِفَةٌ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ آمِنُوا بِالَّذِي أُنْزِلَ عَلَى الَّذِينَ آمَنُوا وَجْهَ النَّهَارِ وَاكْفُرُوا آخِرَهُ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
Жайнан охӀланан цхьана тобано элира: 'Шу теша тешначаьрга доссийна долчух дийнан юьххьехь‚ харцде цуьнан /дийнан/ чакхенгахь /диссинарш/‚ уьш /бусалбанаш/ дӀаберза тарло /шайн динах/
3:72
Гочдар: Магомед Магомедов