Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 72 – 80
-
وَقَالَتْ طَائِفَةٌ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ آمِنُوا بِالَّذِي أُنْزِلَ عَلَى الَّذِينَ آمَنُوا وَجْهَ النَّهَارِ وَاكْفُرُوا آخِرَهُ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
Жайнан охӀланан цхьана тобано элира: 'Шу теша тешначаьрга доссийна долчух дийнан юьххьехь‚ харцде цуьнан /дийнан/ чакхенгахь /диссинарш/‚ уьш /бусалбанаш/ дӀаберза тарло /шайн динах/
3:72 -
وَلَا تُؤْمِنُوا إِلَّا لِمَنْ تَبِعَ دِينَكُمْ قُلْ إِنَّ الْهُدَىٰ هُدَى اللَّهِ أَنْ يُؤْتَىٰ أَحَدٌ مِثْلَ مَا أُوتِيتُمْ أَوْ يُحَاجُّوكُمْ عِنْدَ رَبِّكُمْ ۗ قُلْ إِنَّ الْفَضْلَ بِيَدِ اللَّهِ يُؤْتِيهِ مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ
Шу ма тешалаш шайн динна тӀаьхьахӀуттуш волчух бен'. Ахь āла: 'Нийса некъ бу Делан нийса некъ' – 'Шуьга деллачух тераниг кхечуьнга дала /там бац Дала/‚ я шуьца къуьйсу цара шун Кхиош-кхобучун гергахь?' Āла: 'Баккъалла а, дозалла Делан карахь ду‚ И луш ву и Шена луучунна'. И Дела Шегахь шортта /доллу хма/ долуш а ву‚ хууш а ву
3:73 -
يَخْتَصُّ بِرَحْمَتِهِ مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ
Шен къинхетамца къаставо Цо Шена луург‚ и Дела Шен сийлахь-доккха дозалла долуш ву!
3:74 -
وَمِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ مَنْ إِنْ تَأْمَنْهُ بِقِنْطَارٍ يُؤَدِّهِ إِلَيْكَ وَمِنْهُمْ مَنْ إِنْ تَأْمَنْهُ بِدِينَارٍ لَا يُؤَدِّهِ إِلَيْكَ إِلَّا مَا دُمْتَ عَلَيْهِ قَائِمًا ۗ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَالُوا لَيْسَ عَلَيْنَا فِي الْأُمِّيِّينَ سَبِيلٌ وَيَقُولُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
Жайнан охӀланах ву ахь шена цхьа къинтӀар делча‚ шех тешна‚ иза хьоьга юхадерзош верг‚ царах ву ахь шех тешна‚ шега цхьа динар делча а‚ иза хьоьга юха ца дерзош верг а‚ хьо шена тӀехӀоьттина лаьттича бен. Иза ду цара олу дела: 'Тхуна бодане нахалахь некъ бац'. Далла тхь харцдерг олу цара, шайна хуъушехь
3:75 -
بَلَىٰ مَنْ أَوْفَىٰ بِعَهْدِهِ وَاتَّقَىٰ فَإِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُتَّقِينَ
ХӀаъ‚ ша делла дош кхочушдинарг а, ша /Делах/ кхийринарг а (шех бина тешамна ямарт цахилларг а – уьш бу нийсачу новкъахь) – баккъалла а, цу Далла ма беза /Шех/ кхоьруш берш
3:76 -
إِنَّ الَّذِينَ يَشْتَرُونَ بِعَهْدِ اللَّهِ وَأَيْمَانِهِمْ ثَمَنًا قَلِيلًا أُولَٰئِكَ لَا خَلَاقَ لَهُمْ فِي الْآخِرَةِ وَلَا يُكَلِّمُهُمُ اللَّهُ وَلَا يَنْظُرُ إِلَيْهِمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَلَا يُزَكِّيهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Баккъалла а, Делан ваӀданах а‚ шайн дуйнех а кӀеззиг мах эцнарш (дуьненан бахам бахьанехь уьш дохадеш)‚ эхартахь дāкъа ма дац царна‚ Дела цаьрга вистхир ма вац‚ цаьрга хьожур ма вац Иза къематдийнахь‚ цӀанбийр ма бац Цо уьш‚ царна лазош долу Ӏазап а ма ду
3:77 -
وَإِنَّ مِنْهُمْ لَفَرِيقًا يَلْوُونَ أَلْسِنَتَهُمْ بِالْكِتَابِ لِتَحْسَبُوهُ مِنَ الْكِتَابِ وَمَا هُوَ مِنَ الْكِتَابِ وَيَقُولُونَ هُوَ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ وَمَا هُوَ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ وَيَقُولُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
Баккъалла а, царах ма ю цхьа тоба шайн меттанашца хуьйцуш /Делан/ жайна‚ иза шуна /Делан/ жайнах ду моттийта. Ма дац и /Делан/ жайнах. Цара олу: 'И Делера ду', ма дац и Делера. Уьш олуш бу-кх Далла тхь харцдерг‚ шайна хуъушехь
3:78 -
مَا كَانَ لِبَشَرٍ أَنْ يُؤْتِيَهُ اللَّهُ الْكِتَابَ وَالْحُكْمَ وَالنُّبُوَّةَ ثُمَّ يَقُولَ لِلنَّاسِ كُونُوا عِبَادًا لِي مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلَٰكِنْ كُونُوا رَبَّانِيِّينَ بِمَا كُنْتُمْ تُعَلِّمُونَ الْكِتَابَ وَبِمَا كُنْتُمْ تَدْرُسُونَ
Адамна там бац Дала шега жайна а‚ хьукам а‚ пайхамаралла а делча‚ āла нахе: 'Шу хила сан леш‚ Дела а витий'. Мухха делахь а‚ там бу цара āла: 'Шу хила шаьш жайна /нахана/ Ӏамош хиларца‚ шаьш иза /шайна/ мадеш хиларца кӀорггера Ӏеламнах'
3:79 -
وَلَا يَأْمُرَكُمْ أَنْ تَتَّخِذُوا الْمَلَائِكَةَ وَالنَّبِيِّينَ أَرْبَابًا ۗ أَيَأْمُرُكُمْ بِالْكُفْرِ بَعْدَ إِذْ أَنْتُمْ مُسْلِمُونَ
Цо шуьга омра дан там бац маликех а‚ пайхамарех а деланаш леца‚ аьлла. Ткъа цо шуьга омра дийр ду, ма теша, аьлла‚ шу муьтӀахь хиллачул тӀаьхьа?
3:80
Гочдар: Магомед Магомедов