Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 81 – 91

  1. وَإِذْ أَخَذَ اللَّهُ مِيثَاقَ النَّبِيِّينَ لَمَا آتَيْتُكُمْ مِنْ كِتَابٍ وَحِكْمَةٍ ثُمَّ جَاءَكُمْ رَسُولٌ مُصَدِّقٌ لِمَا مَعَكُمْ لَتُؤْمِنُنَّ بِهِ وَلَتَنْصُرُنَّهُ ۚ قَالَ أَأَقْرَرْتُمْ وَأَخَذْتُمْ عَلَىٰ ذَٰلِكُمْ إِصْرِي ۖ قَالُوا أَقْرَرْنَا ۚ قَالَ فَاشْهَدُوا وَأَنَا مَعَكُمْ مِنَ الشَّاهِدِينَ

    Дала барт бира пайхамаршца: 'ХӀара Ас шуьга делларг ду жайнах а‚ хьекъалаллах а. ТӀаккха вогӀур ву шуьга элча‚ шуьгахь дерг бакъдеш волу. Шу билггала тешар ду цунах‚ аш цунна гӀо а дийр ду'. /Дала/ элира: 'Аш чӀагӀдирий‚ ийцирий аш цунна тӀехь Сан ваӀда?' Цара элира: 'ЧӀагӀдина оха'. Элира /Дала/: 'Тешалла де‚ Со а ву шуьца тешалла деш болчарех'

    3:81
  2. فَمَنْ تَوَلَّىٰ بَعْدَ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ

    Цул тӀаьхьа юхабевлларш – уьш ма бу фасикъаш

    3:82
  3. أَفَغَيْرَ دِينِ اللَّهِ يَبْغُونَ وَلَهُ أَسْلَمَ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ طَوْعًا وَكَرْهًا وَإِلَيْهِ يُرْجَعُونَ

    Ткъа Делан дин /Ислам/ дуьтий, кхин дин лоьху цара (жайнан охано)? Цунна (Далла) муьтӀахь ма ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг, шена лууш а‚ ца лууш а‚ Цуьнга уьш дӀаберзор болуш а ма бу

    3:83
  4. قُلْ آمَنَّا بِاللَّهِ وَمَا أُنْزِلَ عَلَيْنَا وَمَا أُنْزِلَ عَلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطِ وَمَا أُوتِيَ مُوسَىٰ وَعِيسَىٰ وَالنَّبِيُّونَ مِنْ رَبِّهِمْ لَا نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍ مِنْهُمْ وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ

    Ахь āла: 'Тешна ду тхо Делах а‚ тхоьга доссийнчух а‚ ИбрахӀиме а‚ ИсмаӀиле а‚ Исхьакъе а‚ Яъубе а‚ цуьнан берашка доссийначух а‚ Мусага а‚ Ӏийсага а, /кхечу/ пайхамаршка а шайн Кхиош-кхобучуьнгара деллачух а. Царах цхьа а къаста ца во оха‚ тхо Цунна (Далла) муьтӀахь ду'

    3:84
  5. وَمَنْ يَبْتَغِ غَيْرَ الْإِسْلَامِ دِينًا فَلَنْ يُقْبَلَ مِنْهُ وَهُوَ فِي الْآخِرَةِ مِنَ الْخَاسِرِينَ

    Ислам доцург /кхин/ дин дезаш верг – къобалдийр дац иза цуьнгара‚ эхартахь иза эшначарех ма ву

    3:85
  6. كَيْفَ يَهْدِي اللَّهُ قَوْمًا كَفَرُوا بَعْدَ إِيمَانِهِمْ وَشَهِدُوا أَنَّ الرَّسُولَ حَقٌّ وَجَاءَهُمُ الْبَيِّنَاتُ ۚ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

    Муха нисдийр ду Дала шаьш ийман диллинчул тӀаьхьа а, /Мухьаммад/ элча бакъхиларан тешаллаш гинчул тьхьа а, шайга билгалонаш еъначул тьхьа а керстаналла дина долу къам? Цу Дала нис ма ца до зуламе къам

    3:86
  7. أُولَٰئِكَ جَزَاؤُهُمْ أَنَّ عَلَيْهِمْ لَعْنَةَ اللَّهِ وَالْمَلَائِكَةِ وَالنَّاسِ أَجْمَعِينَ

    Уьш бу шайна бекхам Делан а‚ маликийн а‚ массо а нехан а неӀалт дерш

    3:87
  8. خَالِدِينَ فِيهَا لَا يُخَفَّفُ عَنْهُمُ الْعَذَابُ وَلَا هُمْ يُنْظَرُونَ

    Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу /нелта/ чохь. Ойур дац царна тӀера Ӏазап‚ тӀаьхьа а тоттур бац уьш‚ –

    3:88
  9. إِلَّا الَّذِينَ تَابُوا مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ وَأَصْلَحُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Цул тӀаьхьа тōба динарш а, тӀаккха дика Ӏамалш йинарш а бен. Баккъалла а‚ и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ма ву

    3:89
  10. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بَعْدَ إِيمَانِهِمْ ثُمَّ ازْدَادُوا كُفْرًا لَنْ تُقْبَلَ تَوْبَتُهُمْ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الضَّالُّونَ

    Баккъалла а, шаьш ийман диллинчул тӀаьхьа ца тешаш хилларш‚ тӀаккха цатешарца совбуьйлуш берш – церан тōба къобалдийр ма дац. Уьш ма бу тилбелларш

    3:90
  11. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَمَاتُوا وَهُمْ كُفَّارٌ فَلَنْ يُقْبَلَ مِنْ أَحَدِهِمْ مِلْءُ الْأَرْضِ ذَهَبًا وَلَوِ افْتَدَىٰ بِهِ ۗ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ وَمَا لَهُمْ مِنْ نَاصِرِينَ

    Баккъалла а, /Мухьаммад элча хиларна/ инкарло йинарш‚ /тккха оцу/ керстаналлина тхь белларш – царах цхьаьнгара а доьцур ма дац латта дуьззина деши‚ нагахь санна цара делча а. Царна лазош долу Ӏазап ма ду. Ма бац царна гӀоьнчий

    3:91

Гочдар: Магомед Магомедов