Сурат 3 Аль-Iимран (Iимранан доьзал), аят 86 – 91

  1. كَيْفَ يَهْدِي اللَّهُ قَوْمًا كَفَرُوا بَعْدَ إِيمَانِهِمْ وَشَهِدُوا أَنَّ الرَّسُولَ حَقٌّ وَجَاءَهُمُ الْبَيِّنَاتُ ۚ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

    Муха нисдийр ду Дала шаьш ийман диллинчул тIаьхьа а, /Мухьаммад/ элча бакъхиларан тешаллаш гинчул тьхьа а, шайга билгалонаш еъначул тьхьа а керстаналла дина долу къам? Цу Дала нис ма ца до зуламе къам

    3:86
  2. أُولَٰئِكَ جَزَاؤُهُمْ أَنَّ عَلَيْهِمْ لَعْنَةَ اللَّهِ وَالْمَلَائِكَةِ وَالنَّاسِ أَجْمَعِينَ

    Уьш бу шайна бекхам Делан а‚ маликийн а‚ массо а нехан а неIалт дерш

    3:87
  3. خَالِدِينَ فِيهَا لَا يُخَفَّفُ عَنْهُمُ الْعَذَابُ وَلَا هُمْ يُنْظَرُونَ

    Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу /нелта/ чохь. Ойур дац царна тIера Iазап‚ тIаьхьа а тоттур бац уьш‚ –

    3:88
  4. إِلَّا الَّذِينَ تَابُوا مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ وَأَصْلَحُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Цул тIаьхьа тōба динарш а, тIаккха дика Iамалш йинарш а бен. Баккъалла а‚ и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ма ву

    3:89
  5. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بَعْدَ إِيمَانِهِمْ ثُمَّ ازْدَادُوا كُفْرًا لَنْ تُقْبَلَ تَوْبَتُهُمْ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الضَّالُّونَ

    Баккъалла а, шаьш ийман диллинчул тIаьхьа ца тешаш хилларш‚ тIаккха цатешарца совбуьйлуш берш – церан тōба къобалдийр ма дац. Уьш ма бу тилбелларш

    3:90
  6. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَمَاتُوا وَهُمْ كُفَّارٌ فَلَنْ يُقْبَلَ مِنْ أَحَدِهِمْ مِلْءُ الْأَرْضِ ذَهَبًا وَلَوِ افْتَدَىٰ بِهِ ۗ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ وَمَا لَهُمْ مِنْ نَاصِرِينَ

    Баккъалла а, /Мухьаммад элча хиларна/ инкарло йинарш‚ /тккха оцу/ керстаналлина тхь белларш – царах цхьаьнгара а доьцур ма дац латта дуьззина деши‚ нагахь санна цара делча а. Царна лазош долу Iазап ма ду. Ма бац царна гIоьнчий

    3:91

Гочдар: Магомед Магомедов