Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 92 – 101
-
لَنْ تَنَالُوا الْبِرَّ حَتَّىٰ تُنْفِقُوا مِمَّا تُحِبُّونَ ۚ وَمَا تُنْفِقُوا مِنْ شَيْءٍ فَإِنَّ اللَّهَ بِهِ عَلِيمٌ
Цкъа а мела кхочур бац шуна, аш сагӀина луш йолу хма шайна езачух елча а бен. Аш сагӀина луш йолу хӀума – баккъалла а, Дела и хууш ма ву
3:92 -
كُلُّ الطَّعَامِ كَانَ حِلًّا لِبَنِي إِسْرَائِيلَ إِلَّا مَا حَرَّمَ إِسْرَائِيلُ عَلَىٰ نَفْسِهِ مِنْ قَبْلِ أَنْ تُنَزَّلَ التَّوْرَاةُ ۗ قُلْ فَأْتُوا بِالتَّوْرَاةِ فَاتْلُوهَا إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Массо а кхача хьанал хилла Исраилан кӀенташна‚ Исраила шен дегӀана ша хьарам бина боцург‚ Таврат доссале хьалха. Ахь āла: 'Таврат дохьуш дуьйла‚ деша и, шаьш бакълуьйш делахь'
3:93 -
فَمَنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ
Цул тӀаьхьа Далла тӀехь харцдерг кхоьллинарш – уьш бу зуламхой
3:94 -
قُلْ صَدَقَ اللَّهُ ۗ فَاتَّبِعُوا مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Ахь āла: 'Бакълийна Дела‚ шу тӀаьхьахӀитта ИбрахӀиман миллатана‚ ша бакъ-цӀена тешаш хилла волчу. Ца хилла и /Делаца/ накъост лоьцучарех'
3:95 -
إِنَّ أَوَّلَ بَيْتٍ وُضِعَ لِلنَّاسِ لَلَّذِي بِبَكَّةَ مُبَارَكًا وَهُدًى لِلْعَالَمِينَ
Баккъалла а, нахана /бадат дан/ хӀоттийна хилла долу дуьххьарлера цӀа- ду Баккатехь дерг: беркате а‚ нийса некъ а ларалуш массо а Ӏаламашна
3:96 -
فِيهِ آيَاتٌ بَيِّنَاتٌ مَقَامُ إِبْرَاهِيمَ ۖ وَمَنْ دَخَلَهُ كَانَ آمِنًا ۗ وَلِلَّهِ عَلَى النَّاسِ حِجُّ الْبَيْتِ مَنِ اسْتَطَاعَ إِلَيْهِ سَبِيلًا ۚ وَمَنْ كَفَرَ فَإِنَّ اللَّهَ غَنِيٌّ عَنِ الْعَالَمِينَ
Цу чохь билггала аяташ ду: ИбрахӀиман меттиг. Цунна чоьхьа ваьлларг маьрша хилла. Нах Далла декхар бу хьаьжалла дихка‚ шайн некъаца ницкъ кхачахь. Милла а тешаш вацахь – и Дела цхьа а лам ца хилча а волу
3:97 -
قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لِمَ تَكْفُرُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَاللَّهُ شَهِيدٌ عَلَىٰ مَا تَعْمَلُونَ
Ахь āла: 'ХӀай жайнан охӀла‚ шу хӀунда ца теша Делан аятех‚ и Дела теш ма ву аш деш долчунна тӀехь?'
3:98 -
قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لِمَ تَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ مَنْ آمَنَ تَبْغُونَهَا عِوَجًا وَأَنْتُمْ شُهَدَاءُ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ
Ахь āла: 'ХӀай жайнан охӀла‚ аш хӀунда дӀатоьтту Делан некъа тӀера ийман диллинарг? Шу ду лууш и гамбан‚ шу шаьш ма дуй /цунна тӀехь/ тешаш'. Ма вац и Дела тергал ца деш аш деш дерг
3:99 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تُطِيعُوا فَرِيقًا مِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ يَرُدُّوكُمْ بَعْدَ إِيمَانِكُمْ كَافِرِينَ
ХӀай ийман диллинарш‚ шу шайга жайна деллачеран /цхьана/ тобанна муьтӀахь хилахь‚ цара ддерзор ду шу керстаналлина тӀе, аш ийман диллинчул тӀаьхьа
3:100 -
وَكَيْفَ تَكْفُرُونَ وَأَنْتُمْ تُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ آيَاتُ اللَّهِ وَفِيكُمْ رَسُولُهُ ۗ وَمَنْ يَعْتَصِمْ بِاللَّهِ فَقَدْ هُدِيَ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Шу муха хуьлу ца тешаш – шуна тӀехь доьшуш Делан аяташ ма ду‚ шуна юккъехь Цуьнан элча ма ву? Милла велахь а, Делаца чӀагӀвелларг – нисвелла и нийсачу новкъа
3:101
Гочдар: Магомед Магомедов