Сурат 41 Фуссилат (Къастийна), аят 1 – 8

  1. حم

    Хьа-мūм

    41:1
  2. تَنْزِيلٌ مِنَ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

    /Жайна/ охьадоссар /ду хӀара/ Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчуьнгара

    41:2
  3. كِتَابٌ فُصِّلَتْ آيَاتُهُ قُرْآنًا عَرَبِيًّا لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ

    Жайна /ду хӀара/‚ Шен аяташ къастийна долу‚ Ӏаьрбийн /маттахь/ дешар а хилла хууш долчу къомана

    41:3
  4. بَشِيرًا وَنَذِيرًا فَأَعْرَضَ أَكْثَرُهُمْ فَهُمْ لَا يَسْمَعُونَ

    Кхаъ бахьарг а‚ кхерамча а /хилла ду и Къуръан/‚ царах дукхахберш дӀабирзи шайна ца хозуш (и къобал ца деш)

    41:4
  5. وَقَالُوا قُلُوبُنَا فِي أَكِنَّةٍ مِمَّا تَدْعُونَا إِلَيْهِ وَفِي آذَانِنَا وَقْرٌ وَمِنْ بَيْنِنَا وَبَيْنِكَ حِجَابٌ فَاعْمَلْ إِنَّنَا عَامِلُونَ

    Цара элира: 'Тхан дегнаш хьуламехь ду ахь тхо шега кхойкхучух‚ тхан лергий чохь къоралла ю‚ тхуна юккъехь а‚ хьуна юккъехь а кирхьа ду‚ хьан Ӏамал е‚ оха тхан Ӏамал йийр ю'

    41:5
  6. قُلْ إِنَّمَا أَنَا بَشَرٌ مِثْلُكُمْ يُوحَىٰ إِلَيَّ أَنَّمَا إِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ فَاسْتَقِيمُوا إِلَيْهِ وَاسْتَغْفِرُوهُ ۗ وَوَيْلٌ لِلْمُشْرِكِينَ

    Ахь āла /цаьрга, хӀай Мухьаммад/: 'Баккъалла а, со-м адам ду шу санна‚ соьга вехьеца хаийтина шун Дела цхьа Дела вуйла‚ дӀанисло Цуьнга, Цуьнга гечдар деха. Бāла бу-кх /Делаца/ накъост лоцучарна

    41:6
  7. الَّذِينَ لَا يُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَهُمْ بِالْآخِرَةِ هُمْ كَافِرُونَ

    Шаьш закат ца луш болчу‚ эхартана уьш керста бу

    41:7
  8. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُمْ أَجْرٌ غَيْرُ مَمْنُونٍ

    Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш йинарш а царна хедар йоцу ял ю

    41:8

Гочдар: Магомед Магомедов