Сурат 41 Фуссилат (Къастийна), аят 13 – 16

  1. فَإِنْ أَعْرَضُوا فَقُلْ أَنْذَرْتُكُمْ صَاعِقَةً مِثْلَ صَاعِقَةِ عَادٍ وَثَمُودَ

    Уьш дIаберзахь‚ ахь āла: 'Ас кхерам теси шуна ткъесаца‚ Iадийн а‚ Самудийн а ткъесах тера'

    41:13
  2. إِذْ جَاءَتْهُمُ الرُّسُلُ مِنْ بَيْنِ أَيْدِيهِمْ وَمِنْ خَلْفِهِمْ أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا اللَّهَ ۖ قَالُوا لَوْ شَاءَ رَبُّنَا لَأَنْزَلَ مَلَائِكَةً فَإِنَّا بِمَا أُرْسِلْتُمْ بِهِ كَافِرُونَ

    Дагадаийта! Цаьрга баьхкира элчанаш‚ царна хьалхахула а‚ тIехьахула а: 'Аш Далла бен Iибадат ма де', /олуш/. Цара элира: 'Тхан Кхиош-кхобучун лиънехьара‚ Цо маликаш доссор дара. Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчунна керста ду-кх'

    41:14
  3. فَأَمَّا عَادٌ فَاسْتَكْبَرُوا فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَقَالُوا مَنْ أَشَدُّ مِنَّا قُوَّةً ۖ أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّ اللَّهَ الَّذِي خَلَقَهُمْ هُوَ أَشَدُّ مِنْهُمْ قُوَّةً ۖ وَكَانُوا بِآيَاتِنَا يَجْحَدُونَ

    Ткъа Iадаш курабевлира лаьттахь цхьа а бакъо йоцуш‚ цара элира: 'Мила ву тхол чIогIа верг ницкъаца?' Царна ца гина-те уьш кхоьллина волу Дела царал чIогIа вуйла ницкъаца. Уьш хилира Тхан аяташна инкарло еш

    41:15
  4. فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًا صَرْصَرًا فِي أَيَّامٍ نَحِسَاتٍ لِنُذِيقَهُمْ عَذَابَ الْخِزْيِ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَخْزَىٰ ۖ وَهُمْ لَا يُنْصَرُونَ

    Оха бахийтира царна шок лоькху мох халачу деношкахь цаьрга Iовшийтархьама сийсазаллин Iазап дуьненан дахарехь. Эхартан Iазап вуно а сийсаза ду. Царна гIо хир дац

    41:16

Гочдар: Магомед Магомедов