Сурат 41 Фуссилат (Къастийна), аят 19 – 25

  1. وَيَوْمَ يُحْشَرُ أَعْدَاءُ اللَّهِ إِلَى النَّارِ فَهُمْ يُوزَعُونَ

    Делан мостагӀий цӀарна хьалха гулбечу дийнахь уьш могӀаршкахь /вовшашна тӀе/ лохкур бу

    41:19
  2. حَتَّىٰ إِذَا مَا جَاءُوهَا شَهِدَ عَلَيْهِمْ سَمْعُهُمْ وَأَبْصَارُهُمْ وَجُلُودُهُمْ بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Уьш цига (цӀарга) баьхкича, тешалла дийр ду царна тӀехь церан хазаро‚ бӀаьрсано‚ чӀораша, уьш хӀун деш хилла‚ аьлла

    41:20
  3. وَقَالُوا لِجُلُودِهِمْ لِمَ شَهِدْتُمْ عَلَيْنَا ۖ قَالُوا أَنْطَقَنَا اللَّهُ الَّذِي أَنْطَقَ كُلَّ شَيْءٍ وَهُوَ خَلَقَكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

    Цара эр шайн чӀорашка: 'Аш хӀунда тешалла дира тхуна дуьхьал?' Цара эр: 'Дистхилийтина тхо Дала‚ Ша массо а хӀума дистхуьлуьйтуш волчу‚ Цо шу кхоьллина цкъа /шу доцучу хенахь/‚ Цунна тӀе шу дӀадерзош а ду'

    41:21
  4. وَمَا كُنْتُمْ تَسْتَتِرُونَ أَنْ يَشْهَدَ عَلَيْكُمْ سَمْعُكُمْ وَلَا أَبْصَارُكُمْ وَلَا جُلُودُكُمْ وَلَٰكِنْ ظَنَنْتُمْ أَنَّ اللَّهَ لَا يَعْلَمُ كَثِيرًا مِمَّا تَعْمَلُونَ

    Шу ца хилира хьулдан гӀерташ шайна тӀехь тешалла дан шун хазаро а‚ шун бӀаьрсино а‚ шун чӀораша а‚ делахь а, шуна моьттура Далла ца хаьа аш дечух дукхадерг

    41:22
  5. وَذَٰلِكُمْ ظَنُّكُمُ الَّذِي ظَنَنْتُمْ بِرَبِّكُمْ أَرْدَاكُمْ فَأَصْبَحْتُمْ مِنَ الْخَاسِرِينَ

    Иза ду шун моттар‚ шайн Кхиош-кхобучух шуна моьттина долу‚ цо (шун моттаро) хӀаллакдира шу‚ тӀаккха шу хилира эшначарах

    41:23
  6. فَإِنْ يَصْبِرُوا فَالنَّارُ مَثْوًى لَهُمْ ۖ وَإِنْ يَسْتَعْتِبُوا فَمَا هُمْ مِنَ الْمُعْتَبِينَ

    Цара нагахь сатохахь цӀе ю царна чохь Ӏан меттиг‚ цара нагахь /Дела/ реза хилар дехахь уьш хир бац /Иза/ шайна реза хиллачарах

    41:24
  7. وَقَيَّضْنَا لَهُمْ قُرَنَاءَ فَزَيَّنُوا لَهُمْ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَحَقَّ عَلَيْهِمُ الْقَوْلُ فِي أُمَمٍ قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِهِمْ مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا خَاسِرِينَ

    Оха хӀоттийра царна доттагӀий /шайтӀанех а‚ жиннех а/‚ цара хаздира царна шайн хьалхахьдерг а‚ тӀехьахьдерг а‚ царах хьакхаделира царал хьалхадаханчу жинийн а‚ адамийн а умматашкахь аьлла долу дош. Баккъалла а, уьш хилира эшнарш

    41:25

Гочдар: Магомед Магомедов