Сурат 41 Фуссилат (Къастийна), аят 26 – 32

  1. وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لَا تَسْمَعُوا لِهَٰذَا الْقُرْآنِ وَالْغَوْا فِيهِ لَعَلَّكُمْ تَغْلِبُونَ

    Цатешначара элира: 'Ла ма догӀа хӀокху Къуръане‚ даьсса хабар дийца цуьнгахь‚ шу тола мега'

    41:26
  2. فَلَنُذِيقَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا عَذَابًا شَدِيدًا وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَسْوَأَ الَّذِي كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Ӏовшанне а Ӏовшуьйтур ма ду Оха цатешначаьрга чӀогӀа Ӏазап‚ банне а бекхам бийр ма бу Оха царна цара деш хиллачух уггар вочуьнца

    41:27
  3. ذَٰلِكَ جَزَاءُ أَعْدَاءِ اللَّهِ النَّارُ ۖ لَهُمْ فِيهَا دَارُ الْخُلْدِ ۖ جَزَاءً بِمَا كَانُوا بِآيَاتِنَا يَجْحَدُونَ

    И бу Делан мостагӀийн бекхам цӀе. Царна цигахь гуттаренан хӀусам ю бекхам а хилла царна шаьш Тхан аяташна инкарло еш хиларна

    41:28
  4. وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا رَبَّنَا أَرِنَا اللَّذَيْنِ أَضَلَّانَا مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ نَجْعَلْهُمَا تَحْتَ أَقْدَامِنَا لِيَكُونَا مِنَ الْأَسْفَلِينَ

    Цатешначара элира /жоьжахатехь/: 'ХӀай тхан Кхиош-кхобург‚ гайтахь тхуна жинех а‚ адамех а тхо тилина и шиъ тхан когий кӀел буьтур бара оха – уьш /шиа/ хилийтаархьама уггар бухахьболчарах'

    41:29
  5. إِنَّ الَّذِينَ قَالُوا رَبُّنَا اللَّهُ ثُمَّ اسْتَقَامُوا تَتَنَزَّلُ عَلَيْهِمُ الْمَلَائِكَةُ أَلَّا تَخَافُوا وَلَا تَحْزَنُوا وَأَبْشِرُوا بِالْجَنَّةِ الَّتِي كُنْتُمْ تُوعَدُونَ

    Баккъалла а, аьлларш /шайн са долуш/: 'Тхан Кхиош-кхобург /цхьа/ Дела- АллахӀ ву'‚ тӀаккха нисбелларш царна тӀе дуссур ду /къинхетаман/ маликаш, /цара олуш/: 'Шу ма кхералаш, сингаттаме ма хилалаш, кхаъ хили шуна ялсаманица‚ шуна ваӀда йина хилла йолчу'

    41:30
  6. نَحْنُ أَوْلِيَاؤُكُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَفِي الْآخِرَةِ ۖ وَلَكُمْ فِيهَا مَا تَشْتَهِي أَنْفُسُكُمْ وَلَكُمْ فِيهَا مَا تَدَّعُونَ

    'Тхо ду шун доттагӀий дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а‚ шуна цигахь шун синошна дезарг ду‚ шуна цигахь аш дехнарг а ду'‚

    41:31
  7. نُزُلًا مِنْ غَفُورٍ رَحِيمٍ

    /Хьошаллина/ кечдина Ша гечдеш волчуьнгара‚ Ша къинхетаме волчуьнгара.”

    41:32

Гочдар: Магомед Магомедов