Сурат 41 Фуссилат (Къастийна), аят 33 – 44
-
وَمَنْ أَحْسَنُ قَوْلًا مِمَّنْ دَعَا إِلَى اللَّهِ وَعَمِلَ صَالِحًا وَقَالَ إِنَّنِي مِنَ الْمُسْلِمِينَ
Мила ву вуно хаза дашца Деле кхийкхинчул а‚ дика Ӏамал йиначул а‚ ша аьлла волчул: 'Баккъалла а, со ву-кх /Далла/ муьтӀахь болчарах'
41:33 -
وَلَا تَسْتَوِي الْحَسَنَةُ وَلَا السَّيِّئَةُ ۚ ادْفَعْ بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ فَإِذَا الَّذِي بَيْنَكَ وَبَيْنَهُ عَدَاوَةٌ كَأَنَّهُ وَلِيٌّ حَمِيمٌ
Цхьанийсса ца хуьлу диканиг а‚ вониг а‚ ахь духатоха уггар хаза долчуьнца тӀаккха хьуна а‚ шена а юккъехь мостагӀалла ерг хьоме доттагӀ санна хир ву хьуна
41:34 -
وَمَا يُلَقَّاهَا إِلَّا الَّذِينَ صَبَرُوا وَمَا يُلَقَّاهَا إِلَّا ذُو حَظٍّ عَظِيمٍ
И далур дац шаьш собар диначарна а бен‚ и далур дац шегахь доккха /ирсан/ дāкъа долчунна а бен
41:35 -
وَإِمَّا يَنْزَغَنَّكَ مِنَ الشَّيْطَانِ نَزْغٌ فَاسْتَعِذْ بِاللَّهِ ۖ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Хьуна /оцунна тӀехь/ шайтӀано васвасалла даг чу кхоссане а кхоссахь, Делаца ларвалар лаха. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву
41:36 -
وَمِنْ آيَاتِهِ اللَّيْلُ وَالنَّهَارُ وَالشَّمْسُ وَالْقَمَرُ ۚ لَا تَسْجُدُوا لِلشَّمْسِ وَلَا لِلْقَمَرِ وَاسْجُدُوا لِلَّهِ الَّذِي خَلَقَهُنَّ إِنْ كُنْتُمْ إِيَّاهُ تَعْبُدُونَ
Цуьнан Ӏаламатех ю буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Сужуд ма де малхана а‚ баттана а‚ аш сужуд де Ша уьш кхоьллина волчу Далла‚ шаьш Цунна Ӏибадат деш делахь
41:37 -
فَإِنِ اسْتَكْبَرُوا فَالَّذِينَ عِنْدَ رَبِّكَ يُسَبِّحُونَ لَهُ بِاللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَهُمْ لَا يَسْأَمُونَ ۩
Цара куралла яхь‚ Далла гергахь берш Цунна тасбахь деш бу буьйсана а‚ дийнахь а‚ царна кӀор ца до
41:38 -
وَمِنْ آيَاتِهِ أَنَّكَ تَرَى الْأَرْضَ خَاشِعَةً فَإِذَا أَنْزَلْنَا عَلَيْهَا الْمَاءَ اهْتَزَّتْ وَرَبَتْ ۚ إِنَّ الَّذِي أَحْيَاهَا لَمُحْيِي الْمَوْتَىٰ ۚ إِنَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Цуьнан Ӏаламатех ду хьуна латта гар декъа. Оха цунна тӀе хи доссича, иза деттало‚ кхуьу. Баккъалла а, Иза дендийнарг денбийр болуш ма ву белларш. Баккъалла а, Иза массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш ма ву
41:39 -
إِنَّ الَّذِينَ يُلْحِدُونَ فِي آيَاتِنَا لَا يَخْفَوْنَ عَلَيْنَا ۗ أَفَمَنْ يُلْقَىٰ فِي النَّارِ خَيْرٌ أَمْ مَنْ يَأْتِي آمِنًا يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ اعْمَلُوا مَا شِئْتُمْ ۖ إِنَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Тхан аяташкахь керстаналла деш берш Тхуна къайлабер бац. ЦӀарга кхуссур верг дика ву я къематдийнахь кхерамза вогӀур верг /дика/ ву? Ӏамал е шайна ма луъу. Баккъалла а, Иза аш дийриг гуш ма ву
41:40 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِالذِّكْرِ لَمَّا جَاءَهُمْ ۖ وَإِنَّهُ لَكِتَابٌ عَزِيزٌ
Баккъалла а, хьехамна (Къуръанна) керстаналла динарш и шайга беъча /бекхам бийр бу Оха царна/. Баккъалла а, иза деза долу жайна ду-кх
41:41 -
لَا يَأْتِيهِ الْبَاطِلُ مِنْ بَيْنِ يَدَيْهِ وَلَا مِنْ خَلْفِهِ ۖ تَنْزِيلٌ مِنْ حَكِيمٍ حَمِيدٍ
Харцдерг догӀур дац цунна хьалхахула а‚ тӀехьахула а‚ /иза/ охьадоссар ду Ша хьукаме а‚ хастаме а волчуьнгара
41:42 -
مَا يُقَالُ لَكَ إِلَّا مَا قَدْ قِيلَ لِلرُّسُلِ مِنْ قَبْلِكَ ۚ إِنَّ رَبَّكَ لَذُو مَغْفِرَةٍ وَذُو عِقَابٍ أَلِيمٍ
Хьоьга ца олу хьол хьалха элчанашка аьлларг а бен. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург Шегахь гечдар долуш а ву‚ лазаме таӀзар долуш а ву
41:43 -
وَلَوْ جَعَلْنَاهُ قُرْآنًا أَعْجَمِيًّا لَقَالُوا لَوْلَا فُصِّلَتْ آيَاتُهُ ۖ أَأَعْجَمِيٌّ وَعَرَبِيٌّ ۗ قُلْ هُوَ لِلَّذِينَ آمَنُوا هُدًى وَشِفَاءٌ ۖ وَالَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ فِي آذَانِهِمْ وَقْرٌ وَهُوَ عَلَيْهِمْ عَمًى ۚ أُولَٰئِكَ يُنَادَوْنَ مِنْ مَكَانٍ بَعِيدٍ
Оха иза хилийтинехьара Ӏаьрбех доцу Къуръан‚ /тӀаккха а/ эр ма дара цара: 'Цуьнан аяташ къастинехьара /тхуна‚ тхо царах кхетархьама/. Ткъа /Къуръан/ Ӏаьрбех доцуш хила дезара‚ /пайхамар ша/ Ӏаьрби а волуш? Ахь āла: 'Иза (Къуръан) ийман диллинчарна ду‚ нийса некъ а‚ дарба а хилла'. Цатешнарш а церан лергий чохь къоралла ю‚ иза (Къуръан) царна бӀаьрсаза ду (уьш ца кхета цунах). Уьш бу шайга кхойкхучарах /тера/ генарчу меттигера
41:44
Гочдар: Магомед Магомедов