Сурат 41 Фуссилат (Къастийна), аят 41 – 42
-
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِالذِّكْرِ لَمَّا جَاءَهُمْ ۖ وَإِنَّهُ لَكِتَابٌ عَزِيزٌ
Баккъалла а, хьехамна (Къуръанна) керстаналла динарш и шайга беъча /бекхам бийр бу Оха царна/. Баккъалла а, иза деза долу жайна ду-кх
41:41 -
لَا يَأْتِيهِ الْبَاطِلُ مِنْ بَيْنِ يَدَيْهِ وَلَا مِنْ خَلْفِهِ ۖ تَنْزِيلٌ مِنْ حَكِيمٍ حَمِيدٍ
Харцдерг догӀур дац цунна хьалхахула а‚ тӀехьахула а‚ /иза/ охьадоссар ду Ша хьукаме а‚ хастаме а волчуьнгара
41:42
Гочдар: Магомед Магомедов