Сурат 41 Фуссилат (Къастийна), аят 45 – 54

  1. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ فَاخْتُلِفَ فِيهِ ۗ وَلَوْلَا كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِنْ رَبِّكَ لَقُضِيَ بَيْنَهُمْ ۚ وَإِنَّهُمْ لَفِي شَكٍّ مِنْهُ مُرِيبٍ

    Оха делира Мусага жайна‚ цу чохь а хилпало хилира. Дош хьалха ца деллехьара хьан Кхиош-кхобучуьнгара хьукам дина хир дара царна юккъехь. Баккъалла а, уьш шеконан шеконехь бу-кх

    41:45
  2. مَنْ عَمِلَ صَالِحًا فَلِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ أَسَاءَ فَعَلَيْهَا ۗ وَمَا رَبُّكَ بِظَلَّامٍ لِلْعَبِيدِ

    Дика Ӏамал йинарг /иза/ цунна шена ю. Вониг динарг /иза а/ цунна дуьхьал ду. Хьан Кхиош-кхобург ма вац /цуьрриг/ зулам дийр долуш лешна

    41:46
  3. إِلَيْهِ يُرَدُّ عِلْمُ السَّاعَةِ ۚ وَمَا تَخْرُجُ مِنْ ثَمَرَاتٍ مِنْ أَكْمَامِهَا وَمَا تَحْمِلُ مِنْ أُنْثَىٰ وَلَا تَضَعُ إِلَّا بِعِلْمِهِ ۚ وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ أَيْنَ شُرَكَائِي قَالُوا آذَنَّاكَ مَا مِنَّا مِنْ شَهِيدٍ

    Цунна тӀе духадерзо сахьтан Ӏилма. Ара ца болу зезагийн юккъера стоьмаш а‚ цхьа а стечун кийра бер а ца лета‚ цо бер ца до Цунна хууш бен. Оцу дийнахь цаьрга кхойкхур ду: 'Мичахь бу Сан накъостий?' Цара эр: 'Хьоьга хаийтина оха: вац тхох цхьа а теш'

    41:47
  4. وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَدْعُونَ مِنْ قَبْلُ ۖ وَظَنُّوا مَا لَهُمْ مِنْ مَحِيصٍ

    ДӀатилира царах уьш хьалха шайга кхойкхуш хилларш. Царна хиира шайна цхьа а кӀелхьардовлийла доцийла

    41:48
  5. لَا يَسْأَمُ الْإِنْسَانُ مِنْ دُعَاءِ الْخَيْرِ وَإِنْ مَسَّهُ الشَّرُّ فَيَئُوسٌ قَنُوطٌ

    КӀор ца до адамна диканаш дехар. Нагахь санна шех вониг кхетахь, /Делан къинхетамах/ дог дуьллу цо

    41:49
  6. وَلَئِنْ أَذَقْنَاهُ رَحْمَةً مِنَّا مِنْ بَعْدِ ضَرَّاءَ مَسَّتْهُ لَيَقُولَنَّ هَٰذَا لِي وَمَا أَظُنُّ السَّاعَةَ قَائِمَةً وَلَئِنْ رُجِعْتُ إِلَىٰ رَبِّي إِنَّ لِي عِنْدَهُ لَلْحُسْنَىٰ ۚ فَلَنُنَبِّئَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِمَا عَمِلُوا وَلَنُذِيقَنَّهُمْ مِنْ عَذَابٍ غَلِيظٍ

    Оха цуьнга Тхайгара къинхетам Ӏовшийтахь цунах зен кхетначул тӀаьхьа‚ цо аланне а ма олу: 'ХӀара сан /хьуьнарца/ ду. Суна ца моьтту сахьт дхӀуттур ду. Со сан Кхиош-кхобучунна тӀе юхаверзавахь а суна Цуьнгахь вуно а диканиг хир ду'. Оха дийцанне а дуьйцур ма ду керстанашка цара динарг‚ Оха Ӏовшийтанне а Ӏовшуьйтур ма ду цаьрга луьрачу Ӏазапах /зап/

    41:50
  7. وَإِذَا أَنْعَمْنَا عَلَى الْإِنْسَانِ أَعْرَضَ وَنَأَىٰ بِجَانِبِهِ وَإِذَا مَسَّهُ الشَّرُّ فَذُو دُعَاءٍ عَرِيضٍ

    Оха адамна ниӀмат делча‚ дӀавоьрзу иза /баркалла аларх/‚ агӀорхьавзий. Вониг шех кхетахь дехха доӀанаш деш хуьлу

    41:51
  8. قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ كَانَ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ ثُمَّ كَفَرْتُمْ بِهِ مَنْ أَضَلُّ مِمَّنْ هُوَ فِي شِقَاقٍ بَعِيدٍ

    Ахь āла: 'Гой шуна‚ иза /Къуръан/ Делера хилча - /и хьакъ – бакъ ду/, тӀаккха аш цунна керстаналла дича, мила ву ткъа ша /цуьнца/ генарчу мостагллехь волчул вуно а тилавелларг?'

    41:52
  9. سَنُرِيهِمْ آيَاتِنَا فِي الْآفَاقِ وَفِي أَنْفُسِهِمْ حَتَّىٰ يَتَبَيَّنَ لَهُمْ أَنَّهُ الْحَقُّ ۗ أَوَلَمْ يَكْفِ بِرَبِّكَ أَنَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ

    ТӀаьхьа Оха цаьрга гойтур ду Тхан Ӏаламаташ /стигланийн а‚ лаьттан а/ агӀонашкахь а‚ цаьргахь шайгахь а царна билгалдаллалц иза бакъдерг дуйла. Кхачо ца хуьлу хьан Кхиош-кхобучуьнца Иза массо а хӀуманна тӀехь теш хилар?

    41:53
  10. أَلَا إِنَّهُمْ فِي مِرْيَةٍ مِنْ لِقَاءِ رَبِّهِمْ ۗ أَلَا إِنَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ مُحِيطٌ

    Баккъалла а, уьш бац шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарах шеконна чохь? Баккъалла а, Иза вац массо а хӀуманна го буьллуш верг /Ӏилманца‚ Шена хаарца/?

    41:54

Гочдар: Магомед Магомедов