Сурат 41 Фуссилат (Къастийна), аят 9 – 12
-
قُلْ أَئِنَّكُمْ لَتَكْفُرُونَ بِالَّذِي خَلَقَ الْأَرْضَ فِي يَوْمَيْنِ وَتَجْعَلُونَ لَهُ أَنْدَادًا ۚ ذَٰلِكَ رَبُّ الْعَالَمِينَ
Ахь āла: 'Аш инкарло йо Ша латта кхоьллинчунна шина дийнахь‚ аш Цунна нийсархой а хуьлуьйту? Иза ву Ӏаламийн Да'
41:9 -
وَجَعَلَ فِيهَا رَوَاسِيَ مِنْ فَوْقِهَا وَبَارَكَ فِيهَا وَقَدَّرَ فِيهَا أَقْوَاتَهَا فِي أَرْبَعَةِ أَيَّامٍ سَوَاءً لِلسَّائِلِينَ
Хилийтина Цо цигахь (лаьттахь) чӀогӀа боьгӀнарш (лаьмнаш) цунна тӀехула‚ беркатедира Цо иза (латта)‚ дийкъира цу чохь кхачанаш деъа дийнахь цхьанийсса /диъ де хилла/ хоьттучарна
41:10 -
ثُمَّ اسْتَوَىٰ إِلَى السَّمَاءِ وَهِيَ دُخَانٌ فَقَالَ لَهَا وَلِلْأَرْضِ ائْتِيَا طَوْعًا أَوْ كَرْهًا قَالَتَا أَتَيْنَا طَائِعِينَ
ТӀаккха Иза тӀевирзира стиглана и кӀур бара (айелла хин Ӏаь). Цо элира цуьнга а, лаьтте а: 'Схьадуьйла шайн лаамца‚ я лаамза'. Цу шиммо элира: 'Тхо деана тхан лаамца'
41:11 -
فَقَضَاهُنَّ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ فِي يَوْمَيْنِ وَأَوْحَىٰ فِي كُلِّ سَمَاءٍ أَمْرَهَا ۚ وَزَيَّنَّا السَّمَاءَ الدُّنْيَا بِمَصَابِيحَ وَحِفْظًا ۚ ذَٰلِكَ تَقْدِيرُ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ
Цо уьш кхочушхилийтира ворхӀ стигал хилла шина дийнахь‚ дӀахаийтира /вехьеца/ хӀор стигална шен гӀуллакх. Оха хазйира гергара стигал чиркхашца‚ /ларийра иза шайтӀанах/ Ӏалаш ярца. Иза бу веза волчун‚ хууш волчун (Делан) дӀахӀоттам
41:12
Гочдар: Магомед Магомедов