Сурат 41 Фуссилат (Къастийна), аят 9 – 18

  1. قُلْ أَئِنَّكُمْ لَتَكْفُرُونَ بِالَّذِي خَلَقَ الْأَرْضَ فِي يَوْمَيْنِ وَتَجْعَلُونَ لَهُ أَنْدَادًا ۚ ذَٰلِكَ رَبُّ الْعَالَمِينَ

    Ахь āла: 'Аш инкарло йо Ша латта кхоьллинчунна шина дийнахь‚ аш Цунна нийсархой а хуьлуьйту? Иза ву Ӏаламийн Да'

    41:9
  2. وَجَعَلَ فِيهَا رَوَاسِيَ مِنْ فَوْقِهَا وَبَارَكَ فِيهَا وَقَدَّرَ فِيهَا أَقْوَاتَهَا فِي أَرْبَعَةِ أَيَّامٍ سَوَاءً لِلسَّائِلِينَ

    Хилийтина Цо цигахь (лаьттахь) чӀогӀа боьгӀнарш (лаьмнаш) цунна тӀехула‚ беркатедира Цо иза (латта)‚ дийкъира цу чохь кхачанаш деъа дийнахь цхьанийсса /диъ де хилла/ хоьттучарна

    41:10
  3. ثُمَّ اسْتَوَىٰ إِلَى السَّمَاءِ وَهِيَ دُخَانٌ فَقَالَ لَهَا وَلِلْأَرْضِ ائْتِيَا طَوْعًا أَوْ كَرْهًا قَالَتَا أَتَيْنَا طَائِعِينَ

    ТӀаккха Иза тӀевирзира стиглана и кӀур бара (айелла хин Ӏаь). Цо элира цуьнга а, лаьтте а: 'Схьадуьйла шайн лаамца‚ я лаамза'. Цу шиммо элира: 'Тхо деана тхан лаамца'

    41:11
  4. فَقَضَاهُنَّ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ فِي يَوْمَيْنِ وَأَوْحَىٰ فِي كُلِّ سَمَاءٍ أَمْرَهَا ۚ وَزَيَّنَّا السَّمَاءَ الدُّنْيَا بِمَصَابِيحَ وَحِفْظًا ۚ ذَٰلِكَ تَقْدِيرُ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ

    Цо уьш кхочушхилийтира ворхӀ стигал хилла шина дийнахь‚ дӀахаийтира /вехьеца/ хӀор стигална шен гӀуллакх. Оха хазйира гергара стигал чиркхашца‚ /ларийра иза шайтӀанах/ Ӏалаш ярца. Иза бу веза волчун‚ хууш волчун (Делан) дӀахӀоттам

    41:12
  5. فَإِنْ أَعْرَضُوا فَقُلْ أَنْذَرْتُكُمْ صَاعِقَةً مِثْلَ صَاعِقَةِ عَادٍ وَثَمُودَ

    Уьш дӀаберзахь‚ ахь āла: 'Ас кхерам теси шуна ткъесаца‚ Ӏадийн а‚ Самудийн а ткъесах тера'

    41:13
  6. إِذْ جَاءَتْهُمُ الرُّسُلُ مِنْ بَيْنِ أَيْدِيهِمْ وَمِنْ خَلْفِهِمْ أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا اللَّهَ ۖ قَالُوا لَوْ شَاءَ رَبُّنَا لَأَنْزَلَ مَلَائِكَةً فَإِنَّا بِمَا أُرْسِلْتُمْ بِهِ كَافِرُونَ

    Дагадаийта! Цаьрга баьхкира элчанаш‚ царна хьалхахула а‚ тӀехьахула а: 'Аш Далла бен Ӏибадат ма де', /олуш/. Цара элира: 'Тхан Кхиош-кхобучун лиънехьара‚ Цо маликаш доссор дара. Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчунна керста ду-кх'

    41:14
  7. فَأَمَّا عَادٌ فَاسْتَكْبَرُوا فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَقَالُوا مَنْ أَشَدُّ مِنَّا قُوَّةً ۖ أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّ اللَّهَ الَّذِي خَلَقَهُمْ هُوَ أَشَدُّ مِنْهُمْ قُوَّةً ۖ وَكَانُوا بِآيَاتِنَا يَجْحَدُونَ

    Ткъа Ӏадаш курабевлира лаьттахь цхьа а бакъо йоцуш‚ цара элира: 'Мила ву тхол чӀогӀа верг ницкъаца?' Царна ца гина-те уьш кхоьллина волу Дела царал чӀогӀа вуйла ницкъаца. Уьш хилира Тхан аяташна инкарло еш

    41:15
  8. فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًا صَرْصَرًا فِي أَيَّامٍ نَحِسَاتٍ لِنُذِيقَهُمْ عَذَابَ الْخِزْيِ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَخْزَىٰ ۖ وَهُمْ لَا يُنْصَرُونَ

    Оха бахийтира царна шок лоькху мох халачу деношкахь цаьрга Ӏовшийтархьама сийсазаллин Ӏазап дуьненан дахарехь. Эхартан Ӏазап вуно а сийсаза ду. Царна гӀо хир дац

    41:16
  9. وَأَمَّا ثَمُودُ فَهَدَيْنَاهُمْ فَاسْتَحَبُّوا الْعَمَىٰ عَلَى الْهُدَىٰ فَأَخَذَتْهُمْ صَاعِقَةُ الْعَذَابِ الْهُونِ بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ

    Ткъа Самудаш Оха билгалбаьккхира царна /диканан а, вонан а/ некъ ткъа царна бӀаьрсазалла дукхайийзира нийсачу некъал. ТӀаккха уьш схьалецира ткъес тухучу сийсазаллин Ӏазапо цара карадеш хилларг бахьанехь

    41:17
  10. وَنَجَّيْنَا الَّذِينَ آمَنُوا وَكَانُوا يَتَّقُونَ

    Оха кӀелхьарбехира ийман диллинарш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш

    41:18

Гочдар: Магомед Магомедов