Сурат 42 Аш-шура (Кхеташо), аят 20 – 29

  1. مَنْ كَانَ يُرِيدُ حَرْثَ الْآخِرَةِ نَزِدْ لَهُ فِي حَرْثِهِ ۖ وَمَنْ كَانَ يُرِيدُ حَرْثَ الدُّنْيَا نُؤْتِهِ مِنْهَا وَمَا لَهُ فِي الْآخِرَةِ مِنْ نَصِيبٍ

    Милла хиллехь эхартан ял езаш Оха соввоккхур ву иза шена ял яларехь. Милла хиллехь дуьненан ял езаш лур ю Оха цунна оцунах‚ эхартахь цхьа а дāкъа дац цунна

    42:20
  2. أَمْ لَهُمْ شُرَكَاءُ شَرَعُوا لَهُمْ مِنَ الدِّينِ مَا لَمْ يَأْذَنْ بِهِ اللَّهُ ۚ وَلَوْلَا كَلِمَةُ الْفَصْلِ لَقُضِيَ بَيْنَهُمْ ۗ وَإِنَّ الظَّالِمِينَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Ткъа царна накъостий бу шайна Дала ца магийнарг динехь шарӀ деш? Къасторан дош ца хиллехьара, кхиэл йина хир ма яра царна юккъехь. Баккъалла а, зуламхой царна лазош долу Ӏазап ду

    42:21
  3. تَرَى الظَّالِمِينَ مُشْفِقِينَ مِمَّا كَسَبُوا وَهُوَ وَاقِعٌ بِهِمْ ۗ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فِي رَوْضَاتِ الْجَنَّاتِ ۖ لَهُمْ مَا يَشَاءُونَ عِنْدَ رَبِّهِمْ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَضْلُ الْكَبِيرُ

    Хьуна гур бу зуламхой чӀогӀа кхоьруш шаьш /дуьненахь/ карадинчух цуьнан бекхам /къематдийнахь/ шайна тӀебоьжча. Ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш йинарш а ялсаманин диканашкахь хир бу. Царна хир ю шайна луург шайн Далла гергахь. Иза /Делера/ доккха дозалла ду-кх!

    42:22
  4. ذَٰلِكَ الَّذِي يُبَشِّرُ اللَّهُ عِبَادَهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ ۗ قُلْ لَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ أَجْرًا إِلَّا الْمَوَدَّةَ فِي الْقُرْبَىٰ ۗ وَمَنْ يَقْتَرِفْ حَسَنَةً نَزِدْ لَهُ فِيهَا حُسْنًا ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ شَكُورٌ

    Иза бу Дала Шен ийман диллина болчу‚ дика Ӏамалш йина болчу лешна боккхуш болу кхаъ. Ахь āла: 'Ас ца боьху шуьга цунна тӀехь цхьа а мах /вайн/ гергарлонашкахь безам /тергал бар/ бен'. Диканиг деш волчунна Оха алсамдоккхур ду цунна дикачуьнца. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а ву‚ /диканиг динчунна/ баркалле а ву

    42:23
  5. أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا ۖ فَإِنْ يَشَإِ اللَّهُ يَخْتِمْ عَلَىٰ قَلْبِكَ ۗ وَيَمْحُ اللَّهُ الْبَاطِلَ وَيُحِقُّ الْحَقَّ بِكَلِمَاتِهِ ۚ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    Я цара олу: 'Цо (Мухьаммад пайхамаро) кхоьллина Далла тӀехь харцдерг?' Далла лууш делахьара, хьан дагна тӀе мухӀар тухур ма дара Цо. Дойу Цо харцдерг, бакъдо бакъдерг Шен дешнашца. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг

    42:24
  6. وَهُوَ الَّذِي يَقْبَلُ التَّوْبَةَ عَنْ عِبَادِهِ وَيَعْفُو عَنِ السَّيِّئَاتِ وَيَعْلَمُ مَا تَفْعَلُونَ

    Иза ву къобалдеш тōба Шен лешкара‚ гечдеш вонаш /аш тōба дича/‚ Цунна хаьа аш дийриг

    42:25
  7. وَيَسْتَجِيبُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَيَزِيدُهُمْ مِنْ فَضْلِهِ ۚ وَالْكَافِرُونَ لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ

    Жоп луш ву Иза ийман диллиначарна а‚ дика Ӏамал йиначарна а (церан доӀина)‚ Цо совбоху уьш Шен комаьршаллех. Ткъа керстанаш царна чӀогӀа Ӏазап ду

    42:26
  8. وَلَوْ بَسَطَ اللَّهُ الرِّزْقَ لِعِبَادِهِ لَبَغَوْا فِي الْأَرْضِ وَلَٰكِنْ يُنَزِّلُ بِقَدَرٍ مَا يَشَاءُ ۚ إِنَّهُ بِعِبَادِهِ خَبِيرٌ بَصِيرٌ

    Дала шортта даржинехьара рицкъ Шен лешна‚ тӀехбовлур ма бара уьш /Делан дозанел/ лаьттахь‚ делахь а, Цо доссадо /рицкъ/ Шена луучу барамехь. Баккъалла а, Иза Шен лай сов дика бевзаш а‚ гуш а ма ву

    42:27
  9. وَهُوَ الَّذِي يُنَزِّلُ الْغَيْثَ مِنْ بَعْدِ مَا قَنَطُوا وَيَنْشُرُ رَحْمَتَهُ ۚ وَهُوَ الْوَلِيُّ الْحَمِيدُ

    Иза ву цара дог диллинчул тӀаьхьа догӀа доуьйтуш верг‚ Цо баржабо Шен къинхетам. Иза ву хастаме волу доладийриг

    42:28
  10. وَمِنْ آيَاتِهِ خَلْقُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَثَّ فِيهِمَا مِنْ دَابَّةٍ ۚ وَهُوَ عَلَىٰ جَمْعِهِمْ إِذَا يَشَاءُ قَدِيرٌ

    Цуьнан Ӏаламатех ду стигланаш а‚ латта а кхоллар а‚ цу шинна чохь Цо даржина долу дийнат а. Иза уьш гулдарна тӀехь, Шена ма лиънехь, ницкъ болуш а ву

    42:29

Гочдар: Магомед Магомедов