Сурат 42 Аш-шура (Кхеташо), аят 30 – 43

  1. وَمَا أَصَابَكُمْ مِنْ مُصِيبَةٍ فَبِمَا كَسَبَتْ أَيْدِيكُمْ وَيَعْفُو عَنْ كَثِيرٍ

    Шух кхиъна болу /муьлха/ бохам шун куьйгаша карадинчуьнца бу‚ дукхадерг гечдо Цо

    42:30
  2. وَمَا أَنْتُمْ بِمُعْجِزِينَ فِي الْأَرْضِ ۖ وَمَا لَكُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ

    Шу ма дац лаьттахь ддовдалур долуш /Делан кхиэлах/. Ма вац шуна Дела воцург цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гӀоьнча а

    42:31
  3. وَمِنْ آيَاتِهِ الْجَوَارِ فِي الْبَحْرِ كَالْأَعْلَامِ

    Цуьнан Ӏаламатех ю хӀорда чохь лелаш ерш‚ лаьмнех тера

    42:32
  4. إِنْ يَشَأْ يُسْكِنِ الرِّيحَ فَيَظْلَلْنَ رَوَاكِدَ عَلَىٰ ظَهْرِهِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِكُلِّ صَبَّارٍ شَكُورٍ

    Шена лиъча мох сацабо Цо‚ уьш (кеманаш) дуьсу чӀагӀделла цуьнан букъа тӀехь. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду массо а собардолчунна а‚ баркалла олучунна а

    42:33
  5. أَوْ يُوبِقْهُنَّ بِمَا كَسَبُوا وَيَعْفُ عَنْ كَثِيرٍ

    Я хӀаллакдийр дара Цо уьш цара карадийнарг бахьанехь‚ Цо гечдо дукхадерг

    42:34
  6. وَيَعْلَمَ الَّذِينَ يُجَادِلُونَ فِي آيَاتِنَا مَا لَهُمْ مِنْ مَحِيصٍ

    Тхан аяташкахь къуьйсачарна хаийла‚ шайна цхьа а кӀелхьардовлийла йоцийла

    42:35
  7. فَمَا أُوتِيتُمْ مِنْ شَيْءٍ فَمَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَمَا عِنْدَ اللَّهِ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ لِلَّذِينَ آمَنُوا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ

    Цхьацца хӀуманах шуна елларг дуьненан дахаран дāкъа ду. Далла гергахь дерг дика а ду, вуно а бухадуьсуш а ду ийман диллинчарна а‚ шайн Далла тӀетевжинчарна а

    42:36
  8. وَالَّذِينَ يَجْتَنِبُونَ كَبَائِرَ الْإِثْمِ وَالْفَوَاحِشَ وَإِذَا مَا غَضِبُوا هُمْ يَغْفِرُونَ

    /И хаза ял ю/ даккхийчу къинойх а‚ боьхачу хӀуманех а генабеввлачарна а‚ шаьш оьгӀазбевлича, гечдеш болчарна а

    42:37
  9. وَالَّذِينَ اسْتَجَابُوا لِرَبِّهِمْ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَأَمْرُهُمْ شُورَىٰ بَيْنَهُمْ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنْفِقُونَ

    /Иза ду/ шайн Кхиош-кхобучунна жоп деллачарна а‚ ламаз хӀотточарна а‚ шайн гӀуллакх вовший юкъахь кхеташо йолчарна а‚ Оха шайна деллачу рицкъех /Делан новкъахь нахана диканиг деш/ харжаш ечарна а

    42:38
  10. وَالَّذِينَ إِذَا أَصَابَهُمُ الْبَغْيُ هُمْ يَنْتَصِرُونَ

    Шайх цхьа хьагӀ кхиъча, вовшашна гӀо деш болчарна а

    42:39
  11. وَجَزَاءُ سَيِّئَةٍ سَيِّئَةٌ مِثْلُهَا ۖ فَمَنْ عَفَا وَأَصْلَحَ فَأَجْرُهُ عَلَى اللَّهِ ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الظَّالِمِينَ

    Вочун бекхам и санна вониг ду. Гечдина‚ маслахьат динарг - цуьнан ял Далла тӀехь ю. Баккъалла а, Цунна ца беза зуламхой

    42:40
  12. وَلَمَنِ انْتَصَرَ بَعْدَ ظُلْمِهِ فَأُولَٰئِكَ مَا عَلَيْهِمْ مِنْ سَبِيلٍ

    ГӀо лехнарг шена зулам /динчул/ тӀаьхьа цунна некъ боьхкур бац (бехке лорур вац и; къа дац цунна)

    42:41
  13. إِنَّمَا السَّبِيلُ عَلَى الَّذِينَ يَظْلِمُونَ النَّاسَ وَيَبْغُونَ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ ۚ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Некъ боьхкур бу (таӀзар дийр ду) нахана зулам деш болчарна а‚ лаьттахь бовла хьакъ доцуш /нахана ницкъаш беш, вон лелаш/ курабовлучарна а. Царна лазош долу Ӏазап ду

    42:42
  14. وَلَمَنْ صَبَرَ وَغَفَرَ إِنَّ ذَٰلِكَ لَمِنْ عَزْمِ الْأُمُورِ

    Собар динарг а‚ гечдийнарг а баккъалла а, иза чӀогӀачу гӀуллакхех ду

    42:43

Гочдар: Магомед Магомедов