Сурат 42 Аш-шура (Кхеташо), аят 36 – 43

  1. فَمَا أُوتِيتُمْ مِنْ شَيْءٍ فَمَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَمَا عِنْدَ اللَّهِ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ لِلَّذِينَ آمَنُوا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ

    Цхьацца хIуманах шуна елларг дуьненан дахаран дāкъа ду. Далла гергахь дерг дика а ду, вуно а бухадуьсуш а ду ийман диллинчарна а‚ шайн Далла тIетевжинчарна а

    42:36
  2. وَالَّذِينَ يَجْتَنِبُونَ كَبَائِرَ الْإِثْمِ وَالْفَوَاحِشَ وَإِذَا مَا غَضِبُوا هُمْ يَغْفِرُونَ

    /И хаза ял ю/ даккхийчу къинойх а‚ боьхачу хIуманех а генабеввлачарна а‚ шаьш оьгIазбевлича, гечдеш болчарна а

    42:37
  3. وَالَّذِينَ اسْتَجَابُوا لِرَبِّهِمْ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَأَمْرُهُمْ شُورَىٰ بَيْنَهُمْ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنْفِقُونَ

    /Иза ду/ шайн Кхиош-кхобучунна жоп деллачарна а‚ ламаз хIотточарна а‚ шайн гIуллакх вовший юкъахь кхеташо йолчарна а‚ Оха шайна деллачу рицкъех /Делан новкъахь нахана диканиг деш/ харжаш ечарна а

    42:38
  4. وَالَّذِينَ إِذَا أَصَابَهُمُ الْبَغْيُ هُمْ يَنْتَصِرُونَ

    Шайх цхьа хьагI кхиъча, вовшашна гIо деш болчарна а

    42:39
  5. وَجَزَاءُ سَيِّئَةٍ سَيِّئَةٌ مِثْلُهَا ۖ فَمَنْ عَفَا وَأَصْلَحَ فَأَجْرُهُ عَلَى اللَّهِ ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الظَّالِمِينَ

    Вочун бекхам и санна вониг ду. Гечдина‚ маслахьат динарг - цуьнан ял Далла тIехь ю. Баккъалла а, Цунна ца беза зуламхой

    42:40
  6. وَلَمَنِ انْتَصَرَ بَعْدَ ظُلْمِهِ فَأُولَٰئِكَ مَا عَلَيْهِمْ مِنْ سَبِيلٍ

    ГIо лехнарг шена зулам /динчул/ тIаьхьа цунна некъ боьхкур бац (бехке лорур вац и; къа дац цунна)

    42:41
  7. إِنَّمَا السَّبِيلُ عَلَى الَّذِينَ يَظْلِمُونَ النَّاسَ وَيَبْغُونَ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ ۚ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Некъ боьхкур бу (таIзар дийр ду) нахана зулам деш болчарна а‚ лаьттахь бовла хьакъ доцуш /нахана ницкъаш беш, вон лелаш/ курабовлучарна а. Царна лазош долу Iазап ду

    42:42
  8. وَلَمَنْ صَبَرَ وَغَفَرَ إِنَّ ذَٰلِكَ لَمِنْ عَزْمِ الْأُمُورِ

    Собар динарг а‚ гечдийнарг а баккъалла а, иза чIогIачу гIуллакхех ду

    42:43

Гочдар: Магомед Магомедов