Сурат 43 Аз-зухруф (Хазаллаш), аят 1 – 15

  1. حم

    Хьа-мūм

    43:1
  2. وَالْكِتَابِ الْمُبِينِ

    Билгалчу жайнаца /дуй боу Аса/

    43:2
  3. إِنَّا جَعَلْنَاهُ قُرْآنًا عَرَبِيًّا لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ

    Оха хилийтина цунах Ӏаьрбийн /маттахь/ Къуръан шу /цуьнан хьукамех/ кхетийта

    43:3
  4. وَإِنَّهُ فِي أُمِّ الْكِتَابِ لَدَيْنَا لَعَلِيٌّ حَكِيمٌ

    Баккъалла а, иза (Къуръан) жайнан нена чохь ду Тхан гергахь‚ лекханиг а ду‚ хьукаме дерг а ду /ша/

    43:4
  5. أَفَنَضْرِبُ عَنْكُمُ الذِّكْرَ صَفْحًا أَنْ كُنْتُمْ قَوْمًا مُسْرِفِينَ

    Ткъа Оха шух ца кхоьтуьйтуш буьтур бу хьехам шу тӀаламза къам хили аьлла?

    43:5
  6. وَكَمْ أَرْسَلْنَا مِنْ نَبِيٍّ فِي الْأَوَّلِينَ

    Мел /дукха/ пайхамарш бахийтина Оха хьалхалерачаьргахь!

    43:6
  7. وَمَا يَأْتِيهِمْ مِنْ نَبِيٍّ إِلَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ

    Цхьа а пайхамар ца веана цаьрга цара иза сийсазвоккхуш бен

    43:7
  8. فَأَهْلَكْنَا أَشَدَّ مِنْهُمْ بَطْشًا وَمَضَىٰ مَثَلُ الْأَوَّلِينَ

    Оха хӀаллакбина царах /хьан къомал/ ницкъаца вуно чӀогӀа берш дӀадахана хьалхалерачеран масал

    43:8
  9. وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ مَنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ لَيَقُولُنَّ خَلَقَهُنَّ الْعَزِيزُ الْعَلِيمُ

    Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ аьлла, цара аланне а эр ду хьуна: 'Уьш кхоьллина Ша веза волчо‚ Ша хууш волчо (Дала)!'

    43:9
  10. الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ مَهْدًا وَجَعَلَ لَكُمْ فِيهَا سُبُلًا لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ

    Ишттаниг ву Иза хилийтина шуна лаьттах /вижа/ мотт‚ Ша хилийтина шуна цу чохь (лаьттахь) некъаш шу нийсачу новкъахь хир дацара-те

    43:10
  11. وَالَّذِي نَزَّلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً بِقَدَرٍ فَأَنْشَرْنَا بِهِ بَلْدَةً مَيْتًا ۚ كَذَٰلِكَ تُخْرَجُونَ

    Ишттаниг а ву Иза Ша /тӀетта/ доуьйтуш стиглара хи барамехь Оха денбина цуьнца белла болу мохк. Иштта шу /кешнашкара/ арадохур ду /къематдийнахь/

    43:11
  12. وَالَّذِي خَلَقَ الْأَزْوَاجَ كُلَّهَا وَجَعَلَ لَكُمْ مِنَ الْفُلْكِ وَالْأَنْعَامِ مَا تَرْكَبُونَ

    Ишттаниг а ву Иза Ша массо а хӀума шиш-шиш кхоьллина‚ Ша хилийтина шуна кеманах а‚ бежнех а шуна тӀеховша хӀуманаш

    43:12
  13. لِتَسْتَوُوا عَلَىٰ ظُهُورِهِ ثُمَّ تَذْكُرُوا نِعْمَةَ رَبِّكُمْ إِذَا اسْتَوَيْتُمْ عَلَيْهِ وَتَقُولُوا سُبْحَانَ الَّذِي سَخَّرَ لَنَا هَٰذَا وَمَا كُنَّا لَهُ مُقْرِنِينَ

    Шу дӀанисдалийтан церан баккъаш тӀехь‚ тӀаккха аш хьехадан шайн Кхиош-кхобучун ниӀмат шаьш царна тӀехь дӀанисделча‚ аш āла: 'Вонах цӀена ву И Ша тхуна хӀара муьтӀахь йина‚ тхуна цу тӀехь ницкъ кхочур ма бацара

    43:13
  14. وَإِنَّا إِلَىٰ رَبِّنَا لَمُنْقَلِبُونَ

    Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучуьнга дӀадоьрзур долуш ма ду (къематдийнахь) '

    43:14
  15. وَجَعَلُوا لَهُ مِنْ عِبَادِهِ جُزْءًا ۚ إِنَّ الْإِنْسَانَ لَكَفُورٌ مُبِينٌ

    Цара ма хилийти Цунна Цуьнан лех цхьа дāкъа. Баккъалла а, адам билгала керста хили-кх

    43:15

Гочдар: Магомед Магомедов