Сурат 43 Аз-зухруф (Хазаллаш), аят 16 – 25

  1. أَمِ اتَّخَذَ مِمَّا يَخْلُقُ بَنَاتٍ وَأَصْفَاكُمْ بِالْبَنِينَ

    Я Цо лаьцна Ша кхоьллинчух /Шена/ мехкарий‚ ткъа шу хаьржина кӀенташца?

    43:16
  2. وَإِذَا بُشِّرَ أَحَدُهُمْ بِمَا ضَرَبَ لِلرَّحْمَٰنِ مَثَلًا ظَلَّ وَجْهُهُ مُسْوَدًّا وَهُوَ كَظِيمٌ

    Царах цхьанна кхаъ баьккхича шаьш Къинхетам болчунна масал далийначуьнца Ӏаржалой лаьтта цуьнан юьхь‚ халла оьгӀазло юхаозаеш /и шена йоӀ хилар ца дезаш/

    43:17
  3. أَوَمَنْ يُنَشَّأُ فِي الْحِلْيَةِ وَهُوَ فِي الْخِصَامِ غَيْرُ مُبِينٍ

    Ткъа хазаллашкахь кхиънарг, ша къийсамехь /бакъдолчуьнца/ билгала ца яьлларг (зудастаг хуьлуьйту цара Далла)?

    43:18
  4. وَجَعَلُوا الْمَلَائِكَةَ الَّذِينَ هُمْ عِبَادُ الرَّحْمَٰنِ إِنَاثًا ۚ أَشَهِدُوا خَلْقَهُمْ ۚ سَتُكْتَبُ شَهَادَتُهُمْ وَيُسْأَلُونَ

    Цара хилийти маликаш‚ шаьш Къинхетам болчун леш долу‚ зударий. Уьш /хьоьжуш/ бара-те уьш (маликаш) кхуллучу хенахь? ДӀаяздийр ма ду церан тешалла‚ цаьрга барт хоттур ма бу

    43:19
  5. وَقَالُوا لَوْ شَاءَ الرَّحْمَٰنُ مَا عَبَدْنَاهُمْ ۗ مَا لَهُمْ بِذَٰلِكَ مِنْ عِلْمٍ ۖ إِنْ هُمْ إِلَّا يَخْرُصُونَ

    Цара элира: 'Къинхетам болчунна лиънехьара‚ оха царна (маликашна) Ӏибадат дина хир дацара'. Царна цуьнца цхьа а Ӏилма дац. Уьш бац харцлуьйш бен

    43:20
  6. أَمْ آتَيْنَاهُمْ كِتَابًا مِنْ قَبْلِهِ فَهُمْ بِهِ مُسْتَمْسِكُونَ

    Я Оха жайна делла-те цаьрга цул (Къуръанал) хьалха, тккха уьш цуьнца чӀагӀбелларш а хуьлуш?

    43:21
  7. بَلْ قَالُوا إِنَّا وَجَدْنَا آبَاءَنَا عَلَىٰ أُمَّةٍ وَإِنَّا عَلَىٰ آثَارِهِمْ مُهْتَدُونَ

    ХӀаъ‚ цара элира: 'Баккъалла а, тхуна карийна тхан дай цхьана дина тӀехь‚ тхо церан лорах (тачча) дӀанислуш ду'

    43:22
  8. وَكَذَٰلِكَ مَا أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ فِي قَرْيَةٍ مِنْ نَذِيرٍ إِلَّا قَالَ مُتْرَفُوهَا إِنَّا وَجَدْنَا آبَاءَنَا عَلَىٰ أُمَّةٍ وَإِنَّا عَلَىٰ آثَارِهِمْ مُقْتَدُونَ

    Иштта ца вахийтира Оха хьол хьалха юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан зовкх хьоьгучара олуш бен: 'Баккъалла а, тхуна карийна тхан дай цхьана дина тӀехь‚ тхо церан лорана (тачана) тӀаьхьадаьзаш ду'

    43:23
  9. قَالَ أَوَلَوْ جِئْتُكُمْ بِأَهْدَىٰ مِمَّا وَجَدْتُمْ عَلَيْهِ آبَاءَكُمْ ۖ قَالُوا إِنَّا بِمَا أُرْسِلْتُمْ بِهِ كَافِرُونَ

    Цо (Мухьаммад пайхамара) элира: 'Ткъа со веънехь шуьга шуна шайн дай шена тӀехь карийначул вуно нийсачуьнца‚ /тӀаккха а харцво аш со/?' Цара элира: 'Баккъалла а, тхо шу (элчанаш) шеца даийтинчунна керста ду-кх'

    43:24
  10. فَانْتَقَمْنَا مِنْهُمْ ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ

    Оха чӀир ийцира цьаргара. Хьажал хьо‚ муха хили /дин/ харцдиначеран тӀаьхье!

    43:25

Гочдар: Магомед Магомедов