Сурат 43 Аз-зухруф (Хазаллаш), аят 26 – 35

  1. وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ لِأَبِيهِ وَقَوْمِهِ إِنَّنِي بَرَاءٌ مِمَّا تَعْبُدُونَ

    Дагадаийта! ИбрахӀима аьллера шен дега а‚ шен къоме а: 'Баккъалла а, со цӀена ву аш шена Ӏибадат дечух

    43:26
  2. إِلَّا الَّذِي فَطَرَنِي فَإِنَّهُ سَيَهْدِينِ

    Со кхоьллинчунна бен /дийр дац ас Ӏибадат/‚ баккъалла а, Цо со нисвийр ву'

    43:27
  3. وَجَعَلَهَا كَلِمَةً بَاقِيَةً فِي عَقِبِهِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ

    Иза хилийтира цо шен тӀаьхьенехь бухадуьсуш долу дош уьш юхаберза там бара-кх

    43:28
  4. بَلْ مَتَّعْتُ هَٰؤُلَاءِ وَآبَاءَهُمْ حَتَّىٰ جَاءَهُمُ الْحَقُّ وَرَسُولٌ مُبِينٌ

    ХӀаъ‚ Ас бахам белира хӀокхарна а‚ церан дайшна а цаьрга бакъдерг а‚ билгала элча а валц

    43:29
  5. وَلَمَّا جَاءَهُمُ الْحَقُّ قَالُوا هَٰذَا سِحْرٌ وَإِنَّا بِهِ كَافِرُونَ

    Шайга бакъдерг деъча‚ цара элира: 'ХӀара бозбуунчалла ду‚ баккъалла а, тхо цунна керста ду'

    43:30
  6. وَقَالُوا لَوْلَا نُزِّلَ هَٰذَا الْقُرْآنُ عَلَىٰ رَجُلٍ مِنَ الْقَرْيَتَيْنِ عَظِيمٍ

    Цара элира: 'ХӀара Къуръан доссинехьара шина юьртара сийлахь-везачу стаге'

    43:31
  7. أَهُمْ يَقْسِمُونَ رَحْمَتَ رَبِّكَ ۚ نَحْنُ قَسَمْنَا بَيْنَهُمْ مَعِيشَتَهُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۚ وَرَفَعْنَا بَعْضَهُمْ فَوْقَ بَعْضٍ دَرَجَاتٍ لِيَتَّخِذَ بَعْضُهُمْ بَعْضًا سُخْرِيًّا ۗ وَرَحْمَتُ رَبِّكَ خَيْرٌ مِمَّا يَجْمَعُونَ

    Ткъа уьш бу хьан Кхиош-кхобучун къинхетам буьйкъуш берш? Оха бийкъина царна юккъехь церан бахам дуьненан дахарехь‚ царах цхьаберш вовший тӀехь даржашца лакхабехина‚ царах цхьаболчаьрга шайна вукхарга гӀуллакх дайтархьама. Хьан Кхиош-кхобучун къинхетам дика бу цара гулдешдолчул

    43:32
  8. وَلَوْلَا أَنْ يَكُونَ النَّاسُ أُمَّةً وَاحِدَةً لَجَعَلْنَا لِمَنْ يَكْفُرُ بِالرَّحْمَٰنِ لِبُيُوتِهِمْ سُقُفًا مِنْ فِضَّةٍ وَمَعَارِجَ عَلَيْهَا يَظْهَرُونَ

    Нах /берриге а/ цхьа уммат ца хилахьара, Оха хилийтина хир ма дара Къинхетам болчух цатешачарна церан цӀеношна датон тхевнаш а‚ ламеш а‚ уьш шайна тӀебовлуш болу

    43:33
  9. وَلِبُيُوتِهِمْ أَبْوَابًا وَسُرُرًا عَلَيْهَا يَتَّكِئُونَ

    Церан цӀеношна неӀарш а‚ уьш шайна тӀетовжуш болу маьнганаш а /датох хуьлуьйтура бара Оха/,

    43:34
  10. وَزُخْرُفًا ۚ وَإِنْ كُلُّ ذَٰلِكَ لَمَّا مَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۚ وَالْآخِرَةُ عِنْدَ رَبِّكَ لِلْمُتَّقِينَ

    /Кхин/ хазаллаш а /лур яра Оха царна/. Иза дерриге а дуьненан дахаран хӀума бен ма яц. Эхарт хьан Кхиош-кхобучунна гергахь /Делах/ кхоьручарна ду

    43:35

Гочдар: Магомед Магомедов