Сурат 43 Аз-зухруф (Хазаллаш), аят 36 – 45
-
وَمَنْ يَعْشُ عَنْ ذِكْرِ الرَّحْمَٰنِ نُقَيِّضْ لَهُ شَيْطَانًا فَهُوَ لَهُ قَرِينٌ
Сов къинхетаме верг (АллахДела) хьехьорах гӀовпал хилларг Оха тӀекхуссу цунна шайтӀа, и цунна ца къесташ накъост а хуьлуш
43:36 -
وَإِنَّهُمْ لَيَصُدُّونَهُمْ عَنِ السَّبِيلِ وَيَحْسَبُونَ أَنَّهُمْ مُهْتَدُونَ
Баккъалла а, цара (шайтӀанаша) дӀатилабо уьш (шайн накъостий адамаш Делан нийсачу) некъах‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду
43:37 -
حَتَّىٰ إِذَا جَاءَنَا قَالَ يَا لَيْتَ بَيْنِي وَبَيْنَكَ بُعْدَ الْمَشْرِقَيْنِ فَبِئْسَ الْقَرِينُ
Ша тхуна тӀе кхаччалц‚ тӀаккха эр: 'Декъаза ма вала со! Суна а‚ хьуна а юккъехь малхбален а‚ малхбузен а юкъан геналла хиллехьара-кх! Ма вон накъост хили-кх /суна хьох, шайтӀанах/'
43:38 -
وَلَنْ يَنْفَعَكُمُ الْيَوْمَ إِذْ ظَلَمْتُمْ أَنَّكُمْ فِي الْعَذَابِ مُشْتَرِكُونَ
Банне а пайда /шу дохкодавларх/ хир бац шуна тахана /къематдийнахь/‚ аш зулам дина. Баккъалла а, шу Ӏазапехь цхьана /дакъа лоцуш/ хир ду
43:39 -
أَفَأَنْتَ تُسْمِعُ الصُّمَّ أَوْ تَهْدِي الْعُمْيَ وَمَنْ كَانَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Ткъа ахь хозуьйту къораволчунна я нийсачу новкъа вуьллу бӀаьрсадоцург а‚ ша билгалчу тилар чохь хилларг а?
43:40 -
فَإِمَّا نَذْهَبَنَّ بِكَ فَإِنَّا مِنْهُمْ مُنْتَقِمُونَ
Оха хьо дӀакхалхийчи а баккъалла а, Оха цаьргара чӀир оьцур йолуш ма ю
43:41 -
أَوْ نُرِيَنَّكَ الَّذِي وَعَدْنَاهُمْ فَإِنَّا عَلَيْهِمْ مُقْتَدِرُونَ
Я Оха хоьга гайтанне а гойтур ма ду Оха царна ваӀда йинарг баккъала а Тхо царна тӀехь ницкъ кхочуш ма ду
43:42 -
فَاسْتَمْسِكْ بِالَّذِي أُوحِيَ إِلَيْكَ ۖ إِنَّكَ عَلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Ахь схьалаца хьайга вехьеца делларг. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ма ву
43:43 -
وَإِنَّهُ لَذِكْرٌ لَكَ وَلِقَوْمِكَ ۖ وَسَوْفَ تُسْأَلُونَ
Баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу хьуна а‚ хьан къоме а‚ тӀаьхьа хоттур ду шуьга
43:44 -
وَاسْأَلْ مَنْ أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ مِنْ رُسُلِنَا أَجَعَلْنَا مِنْ دُونِ الرَّحْمَٰنِ آلِهَةً يُعْبَدُونَ
Ахь хаттал Оха хьол хьалха элчанех баийтинчаьрга: 'Оха хилийтиний-те Къинхетаме верг воцург /кхин/ делий, цара шайна Ӏибадат деш?'
43:45
Гочдар: Магомед Магомедов