Сурат 43 Аз-зухруф (Хазаллаш), аят 46 – 56
-
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ فَقَالَ إِنِّي رَسُولُ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Оха вахийтинера Муса Тхан аяташца ФирӀавне а‚ цуьнан элашка а‚ цо злира: 'Баккъалла а, со Ӏаламийн Ден элча ву'
43:46 -
فَلَمَّا جَاءَهُمْ بِآيَاتِنَا إِذَا هُمْ مِنْهَا يَضْحَكُونَ
Иза (Муса) шайга веъча Тхан аяташца‚ уьш царах (аятех) боьлу
43:47 -
وَمَا نُرِيهِمْ مِنْ آيَةٍ إِلَّا هِيَ أَكْبَرُ مِنْ أُخْتِهَا ۖ وَأَخَذْنَاهُمْ بِالْعَذَابِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
Оха ца гойту цаьрга цхьа а аят иза шел хьалхадаханчул доккхо долуш бен. Оха схьалецира уьш Ӏазапаца уьш юхабоьрзур бацара-те /шайн тиларх/
43:48 -
وَقَالُوا يَا أَيُّهَ السَّاحِرُ ادْعُ لَنَا رَبَّكَ بِمَا عَهِدَ عِنْدَكَ إِنَّنَا لَمُهْتَدُونَ
Цара элира: 'ХӀай бозбуунча! Деха тхуна хьан Кхиош-кхобучуьнга хьуна гергахь Цуьнан ваӀда хилларг баккъалла а, тхо нислур ма ду (оха ийман дуьллур ма ду и Ӏазап дӀадаьккхича)
43:49 -
فَلَمَّا كَشَفْنَا عَنْهُمُ الْعَذَابَ إِذَا هُمْ يَنْكُثُونَ
Оха ай ма диннехь шайна тӀера Ӏазап цара барт бохо
43:50 -
وَنَادَىٰ فِرْعَوْنُ فِي قَوْمِهِ قَالَ يَا قَوْمِ أَلَيْسَ لِي مُلْكُ مِصْرَ وَهَٰذِهِ الْأَنْهَارُ تَجْرِي مِنْ تَحْتِي ۖ أَفَلَا تُبْصِرُونَ
Кхийкхира ФирӀавнас шен къомехь, элира: 'Ткъа сан дац Мисран паччахьалла, хӀара хиш суна (сан гӀалина) бухахула лелаш долуш? Шуна ца го /сан сийлалла/?
43:51 -
أَمْ أَنَا خَيْرٌ مِنْ هَٰذَا الَّذِي هُوَ مَهِينٌ وَلَا يَكَادُ يُبِينُ
Я со дика вац хӀокхал‚ ша заӀип волчу‚ талкхо (мотт тийсалуш) волчу?
43:52 -
فَلَوْلَا أُلْقِيَ عَلَيْهِ أَسْوِرَةٌ مِنْ ذَهَبٍ أَوْ جَاءَ مَعَهُ الْمَلَائِكَةُ مُقْتَرِنِينَ
Йиллинехьара цунна тӀе дашон чӀуг‚ я деънехьара цуьнца цхьана маликаш /цунах/ хуттаделла'
43:53 -
فَاسْتَخَفَّ قَوْمَهُ فَأَطَاعُوهُ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ
/Дукха/ дайа карийра цунна шен къам уьш цунна муьтӀахь хилира. Баккъалла а, уьш хилира песакъ нах
43:54 -
فَلَمَّا آسَفُونَا انْتَقَمْنَا مِنْهُمْ فَأَغْرَقْنَاهُمْ أَجْمَعِينَ
Цара Тхо оьгӀаздаьхча, Оха цаьргара чӀир ийцира хина бухабахийтира уьш берриге а
43:55 -
فَجَعَلْنَاهُمْ سَلَفًا وَمَثَلًا لِلْآخِرِينَ
Уьш хилийтира Оха хьалхабахна‚ масал хилла тӀаьхьабогӀучарна
43:56
Гочдар: Магомед Магомедов