Сурат 43 Аз-зухруф (Хазаллаш), аят 51 – 54

  1. وَنَادَىٰ فِرْعَوْنُ فِي قَوْمِهِ قَالَ يَا قَوْمِ أَلَيْسَ لِي مُلْكُ مِصْرَ وَهَٰذِهِ الْأَنْهَارُ تَجْرِي مِنْ تَحْتِي ۖ أَفَلَا تُبْصِرُونَ

    Кхийкхира ФирӀавнас шен къомехь, элира: 'Ткъа сан дац Мисран паччахьалла, хӀара хиш суна (сан гӀалина) бухахула лелаш долуш? Шуна ца го /сан сийлалла/?

    43:51
  2. أَمْ أَنَا خَيْرٌ مِنْ هَٰذَا الَّذِي هُوَ مَهِينٌ وَلَا يَكَادُ يُبِينُ

    Я со дика вац хӀокхал‚ ша заӀип волчу‚ талкхо (мотт тийсалуш) волчу?

    43:52
  3. فَلَوْلَا أُلْقِيَ عَلَيْهِ أَسْوِرَةٌ مِنْ ذَهَبٍ أَوْ جَاءَ مَعَهُ الْمَلَائِكَةُ مُقْتَرِنِينَ

    Йиллинехьара цунна тӀе дашон чӀуг‚ я деънехьара цуьнца цхьана маликаш /цунах/ хуттаделла'

    43:53
  4. فَاسْتَخَفَّ قَوْمَهُ فَأَطَاعُوهُ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ

    /Дукха/ дайа карийра цунна шен къам уьш цунна муьтӀахь хилира. Баккъалла а, уьш хилира песакъ нах

    43:54

Гочдар: Магомед Магомедов