Сурат 43 Аз-зухруф (Хазаллаш), аят 57 – 67

  1. وَلَمَّا ضُرِبَ ابْنُ مَرْيَمَ مَثَلًا إِذَا قَوْمُكَ مِنْهُ يَصِدُّونَ

    Марьяман кӀантах масал далийча, хьан къомо чӀогӀа гӀовгӀа йоккху /хазахетта/

    43:57
  2. وَقَالُوا أَآلِهَتُنَا خَيْرٌ أَمْ هُوَ ۚ مَا ضَرَبُوهُ لَكَ إِلَّا جَدَلًا ۚ بَلْ هُمْ قَوْمٌ خَصِمُونَ

    Цара элира: 'Тхан делий дика бу я иза ву?' И (масал) ца далийра цара къийсамна бен. ХӀаъ‚ уьш /харц/ къуьйсуш къам ду

    43:58
  3. إِنْ هُوَ إِلَّا عَبْدٌ أَنْعَمْنَا عَلَيْهِ وَجَعَلْنَاهُ مَثَلًا لِبَنِي إِسْرَائِيلَ

    Иза-м (Марьяман кӀант Ӏийса) веккъа лай бен вац‚ Оха ниӀмат делла цунна‚ Оха хилийтина цунах масал Исраилан кӀенташна

    43:59
  4. وَلَوْ نَشَاءُ لَجَعَلْنَا مِنْكُمْ مَلَائِكَةً فِي الْأَرْضِ يَخْلُفُونَ

    Тхуна лууш делхьара, шун метта маликаш хуьлуьйтура дара Оха лаьттахь‚ /шу хӀаллакдинчул тӀаьхьа/ дуьсуш

    43:60
  5. وَإِنَّهُ لَعِلْمٌ لِلسَّاعَةِ فَلَا تَمْتَرُنَّ بِهَا وَاتَّبِعُونِ ۚ هَٰذَا صِرَاطٌ مُسْتَقِيمٌ

    Баккъалла а, иза (Ӏийса пайхамар) сахьтан (къематдийнан) Ӏаламат ду‚ аш янне а шеко ма елаш цуьнгахь. /Ахь āла цаьрга, хӀай Мухьаммад/: 'Суна тӀаьхьадазалаш. ХӀара бу /шуна/ нийса некъ.'

    43:61
  6. وَلَا يَصُدَّنَّكُمُ الشَّيْطَانُ ۖ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُبِينٌ

    Данне а шайтӀано д ма хьавзойла шу /бакъдолчух/. Баккъалла а, иза шуна билгала мостагӀ ма ду

    43:62
  7. وَلَمَّا جَاءَ عِيسَىٰ بِالْبَيِّنَاتِ قَالَ قَدْ جِئْتُكُمْ بِالْحِكْمَةِ وَلِأُبَيِّنَ لَكُمْ بَعْضَ الَّذِي تَخْتَلِفُونَ فِيهِ ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Ӏийса веъча билгалонашца, цо элира: 'Со веана шуьга хьекъалаллица (хьекъал дахьаш)‚ шуна шеца хилпало йолу цхьадерш билгалдаха а. Делах кхералаш‚ суна муьтӀахь а хилалаш

    43:63
  8. إِنَّ اللَّهَ هُوَ رَبِّي وَرَبُّكُمْ فَاعْبُدُوهُ ۚ هَٰذَا صِرَاطٌ مُسْتَقِيمٌ

    Баккъалла а, Дела Иза ву сан Эла а‚ шун Эла а‚ Цунна Ӏибадат делаш. ХӀара бу /шуна/ нийса некъ'

    43:64
  9. فَاخْتَلَفَ الْأَحْزَابُ مِنْ بَيْنِهِمْ ۖ فَوَيْلٌ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْ عَذَابِ يَوْمٍ أَلِيمٍ

    Хилпало хилира тобанийн шайна юккъехь. Ма /боккха/ бāла бу зулам диначарна лазаме долчу дийнан Ӏазапах

    43:65
  10. هَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا السَّاعَةَ أَنْ تَأْتِيَهُمْ بَغْتَةً وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

    Уьш хьовсий-те шайга цӀеххьана сахьт (къематде) даре бен, и шайна хаа ца луш?

    43:66
  11. الْأَخِلَّاءُ يَوْمَئِذٍ بَعْضُهُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ إِلَّا الْمُتَّقِينَ

    ДоттагӀий оцу /къемат/дийнахь вовшийн мостагӀий хир бу, /цхьа Делах/ кхоьруш берш боцурш. /Ткъа цаьрга Дала эр ду/:

    43:67

Гочдар: Магомед Магомедов