Сурат 43 Аз-зухруф (Хазаллаш), аят 68 – 89
-
يَا عِبَادِ لَا خَوْفٌ عَلَيْكُمُ الْيَوْمَ وَلَا أَنْتُمْ تَحْزَنُونَ
ХӀай Сан леш! Кхерам бац шуна тахана‚ шу сингаттаме а хир дац:
43:68 -
الَّذِينَ آمَنُوا بِآيَاتِنَا وَكَانُوا مُسْلِمِينَ
Тхан аятех ийман диллина хилла берш‚ /Тхан хьукамна а, Тхан омрана а/ муьтхь хилла берш
43:69 -
ادْخُلُوا الْجَنَّةَ أَنْتُمْ وَأَزْوَاجُكُمْ تُحْبَرُونَ
ЧугӀо ялсамани шу а‚ шун зударий-/цигахь шуна чӀогӀа/ хазахоьтуьйтур ду
43:70 -
يُطَافُ عَلَيْهِمْ بِصِحَافٍ مِنْ ذَهَبٍ وَأَكْوَابٍ ۖ وَفِيهَا مَا تَشْتَهِيهِ الْأَنْفُسُ وَتَلَذُّ الْأَعْيُنُ ۖ وَأَنْتُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Царна тӀехьийзар ма бу /кегий къонахий/ дашон хедаршца а‚ кедашца а. Цигахь синошна мел дезарг хир ду‚ бӀаьргаш мел Ӏебарг а хир ду. Шу цигахь гуттар лаьттар ду
43:71 -
وَتِلْكَ الْجَنَّةُ الَّتِي أُورِثْتُمُوهَا بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Иза ялсамани ю шуна ирсана кхаьчна аш йина хилла Ӏамалш бахьанехь
43:72 -
لَكُمْ فِيهَا فَاكِهَةٌ كَثِيرَةٌ مِنْهَا تَأْكُلُونَ
Шуна цигахь стоьмаш а бу дуккха а‚ аш царах буур а бу
43:73 -
إِنَّ الْمُجْرِمِينَ فِي عَذَابِ جَهَنَّمَ خَالِدُونَ
Баккъалла а, къинош динарш жоьжахатин Ӏазапехь гуттар а лаьттар бу
43:74 -
لَا يُفَتَّرُ عَنْهُمْ وَهُمْ فِيهِ مُبْلِسُونَ
И царах айдийр дац‚ уьш цу чохь /диканах/ догдиллина /хьере/ хир бу
43:75 -
وَمَا ظَلَمْنَاهُمْ وَلَٰكِنْ كَانُوا هُمُ الظَّالِمِينَ
Оха зулам ца дина царна‚ делахь а, уьш хилира шаьш /шайна/ зуламхой
43:76 -
وَنَادَوْا يَا مَالِكُ لِيَقْضِ عَلَيْنَا رَبُّكَ ۖ قَالَ إِنَّكُمْ مَاكِثُونَ
Цара кхойкхура: 'ХӀай /жоьжахати/ долахь ерг! Далийтахьара тхо хьан Кхиош-кхобучо' Цо элира: 'Шу лаьттар ду /лийр доцуш /'
43:77 -
لَقَدْ جِئْنَاكُمْ بِالْحَقِّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَكُمْ لِلْحَقِّ كَارِهُونَ
Тхо деънера шуьга /дуьненахь/ бакъдолчуьнца‚ делахь а, шух дукхах- болчарна бакъдерг ца дийзира
43:78 -
أَمْ أَبْرَمُوا أَمْرًا فَإِنَّا مُبْرِمُونَ
Я цхьа гӀуллакх цхьалхадаьккхи цара (Маккин керстанаша элчанна дуьхьал)? Баккъалла а, Тхо ду /гӀуллакхаш/ цхьалхадохурш (Оха хӀаллакбийр бу уьш)
43:79 -
أَمْ يَحْسَبُونَ أَنَّا لَا نَسْمَعُ سِرَّهُمْ وَنَجْوَاهُمْ ۚ بَلَىٰ وَرُسُلُنَا لَدَيْهِمْ يَكْتُبُونَ
Я царна моьтту-те Тхуна ца хозу церан къайле а‚ шабар-шибар а. ХӀаъ‚ Тхан элчанаш (маликаш) цаьргахь яздеш лаьтташ ду
43:80 -
قُلْ إِنْ كَانَ لِلرَّحْمَٰنِ وَلَدٌ فَأَنَا أَوَّلُ الْعَابِدِينَ
Ахь āла: ' Сов къинхетаме волчунна (Делан) доьзалхо хилча‚ со цхьалгӀа ву-кх /оцу доьзалхочунна/ Ӏибадат дечарах'
43:81 -
سُبْحَانَ رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ رَبِّ الْعَرْشِ عَمَّا يَصِفُونَ
Вонах цӀена ву стигланийн а‚ лаьттан а Да‚ Ӏаршан Да‚ цара дечу /харц/ сибатах
43:82 -
فَذَرْهُمْ يَخُوضُوا وَيَلْعَبُوا حَتَّىٰ يُلَاقُوا يَوْمَهُمُ الَّذِي يُوعَدُونَ
Бита уьш къийса /харцдолчуьнца/ а‚ ловза а‚ шайна ваӀда йина йолчу шайн /къемат/денна дуьхьалкхетталц
43:83 -
وَهُوَ الَّذِي فِي السَّمَاءِ إِلَٰهٌ وَفِي الْأَرْضِ إِلَٰهٌ ۚ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْعَلِيمُ
Иза ву стиглахь а Дела‚ лаьттахь а Дела‚ Иза хьукаме верг а‚ хууш верг а ву
43:84 -
وَتَبَارَكَ الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا وَعِنْدَهُ عِلْمُ السَّاعَةِ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Декъала ву Шена стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла дерг‚ Цуьнгахь ду сахьт хӀоттаран Ӏилма а‚ Цуьнан тӀе дӀадерзор ду шу а
43:85 -
وَلَا يَمْلِكُ الَّذِينَ يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ الشَّفَاعَةَ إِلَّا مَنْ شَهِدَ بِالْحَقِّ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
Цара, Иза а витина, шайга кхойкхучеран долахь дац шапаӀат‚ ша бакъдолчуьнца тешалла а диначуьнгахь бен, /и шаьш деш долу шапат Делан пурбанца дуйла / шайна хууш
43:86 -
وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ مَنْ خَلَقَهُمْ لَيَقُولُنَّ اللَّهُ ۖ فَأَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ
Ахь цьарга хаьттича‚ уьш хьан кхоьллина аьлла‚ цара эр ма ду: 'Дала'. Муха Ӏехабина уьш /шайтӀанаша/!
43:87 -
وَقِيلِهِ يَا رَبِّ إِنَّ هَٰؤُلَاءِ قَوْمٌ لَا يُؤْمِنُونَ
Цуьнга (Мухьаммад пайхамара Деле) элира: ' Хй со Кхиош-кхобург (веза-воккха Дела)‚ хӀара къам ийман дуьллуш ма дац'
43:88 -
فَاصْفَحْ عَنْهُمْ وَقُلْ سَلَامٌ ۚ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ
ДӀаверза царах (уьш хьайца санна, во ма хила цаьрца)‚ āла: 'Машар!' ТӀаьхьа хуур ду царна
43:89
Гочдар: Магомед Магомедов