Сурат 43 Аз-зухруф (Хазаллаш), аят 69 – 73
-
الَّذِينَ آمَنُوا بِآيَاتِنَا وَكَانُوا مُسْلِمِينَ
Тхан аятех ийман диллина хилла берш‚ /Тхан хьукамна а, Тхан омрана а/ муьтхь хилла берш
43:69 -
ادْخُلُوا الْجَنَّةَ أَنْتُمْ وَأَزْوَاجُكُمْ تُحْبَرُونَ
ЧугIо ялсамани шу а‚ шун зударий-/цигахь шуна чIогIа/ хазахоьтуьйтур ду
43:70 -
يُطَافُ عَلَيْهِمْ بِصِحَافٍ مِنْ ذَهَبٍ وَأَكْوَابٍ ۖ وَفِيهَا مَا تَشْتَهِيهِ الْأَنْفُسُ وَتَلَذُّ الْأَعْيُنُ ۖ وَأَنْتُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Царна тIехьийзар ма бу /кегий къонахий/ дашон хедаршца а‚ кедашца а. Цигахь синошна мел дезарг хир ду‚ бIаьргаш мел Iебарг а хир ду. Шу цигахь гуттар лаьттар ду
43:71 -
وَتِلْكَ الْجَنَّةُ الَّتِي أُورِثْتُمُوهَا بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Иза ялсамани ю шуна ирсана кхаьчна аш йина хилла Iамалш бахьанехь
43:72 -
لَكُمْ فِيهَا فَاكِهَةٌ كَثِيرَةٌ مِنْهَا تَأْكُلُونَ
Шуна цигахь стоьмаш а бу дуккха а‚ аш царах буур а бу
43:73
Гочдар: Магомед Магомедов