Сурат 45 Аль-джасия (Гора яхнарг), аят 1 – 11
-
حم
Хьа-мūм
45:1 -
تَنْزِيلُ الْكِتَابِ مِنَ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ
Жайна охьадоссор /ду хӀара/ веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Делера
45:2 -
إِنَّ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ لَآيَاتٍ لِلْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, стигланашкахь а‚ лаьттахь а делилш ма ду муъмин нахана
45:3 -
وَفِي خَلْقِكُمْ وَمَا يَبُثُّ مِنْ دَابَّةٍ آيَاتٌ لِقَوْمٍ يُوقِنُونَ
Шу кхолларехь а‚ /массо а лаьттахула/ даьржинчу дийнатехь а делилш ду ша /чг/ тешаш долчу къомана
45:4 -
وَاخْتِلَافِ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَمَا أَنْزَلَ اللَّهُ مِنَ السَّمَاءِ مِنْ رِزْقٍ فَأَحْيَا بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا وَتَصْرِيفِ الرِّيَاحِ آيَاتٌ لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
Буьйса-де хийцадаларехь а‚ Дала стиглара охьадоссинчу рицкъехь а (догӀехь а), Ша цуьнца деллачул тӀаьхьа латта дендина долчу‚ мох хьийзарехь а делилш ма ду хьекъале болчу нахана
45:5 -
تِلْكَ آيَاتُ اللَّهِ نَتْلُوهَا عَلَيْكَ بِالْحَقِّ ۖ فَبِأَيِّ حَدِيثٍ بَعْدَ اللَّهِ وَآيَاتِهِ يُؤْمِنُونَ
ХӀорш Делан аяташ ду‚ Оха дуьйцу уьш хьуна бакъдолчуьнца. Муьлхачу хабарех Делал а‚ Цуьнан аятел тӀаьхьа теша уьш?
45:6 -
وَيْلٌ لِكُلِّ أَفَّاكٍ أَثِيمٍ
/Боккха/ бāла бу массо а къа деш /чӀогӀа/ харцлуьйш волчунна
45:7 -
يَسْمَعُ آيَاتِ اللَّهِ تُتْلَىٰ عَلَيْهِ ثُمَّ يُصِرُّ مُسْتَكْبِرًا كَأَنْ لَمْ يَسْمَعْهَا ۖ فَبَشِّرْهُ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
Ша ладугӀуш волчу шена тӀехь доьшуш долчу Делан аяташка тӀаккха чӀагӀлуш волчу /шен къиношкахь/, кураваьлла шена уьш ца хозучух /ца хезаш санна/ ахь кхаъ баккха цунна лазош долчу Ӏазапаца
45:8 -
وَإِذَا عَلِمَ مِنْ آيَاتِنَا شَيْئًا اتَّخَذَهَا هُزُوًا ۚ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ مُهِينٌ
Шена Тхан аятех цхьа хӀума хиъча, иза схьалоцу цо белам а бой. Уьш (Ан-Надар а, и саннарш а) шайна сийсаза долу Ӏазап хир дерш бу
45:9 -
مِنْ وَرَائِهِمْ جَهَنَّمُ ۖ وَلَا يُغْنِي عَنْهُمْ مَا كَسَبُوا شَيْئًا وَلَا مَا اتَّخَذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ أَوْلِيَاءَ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Церан хьалхахь жоьжахати ю. Цара карадинчо а‚ Дела а витина, цара лаьцначу доладийраша а хӀумма а кӀелхьардоккхур дац царах. Царна деза-доккха Ӏазап ду
45:10 -
هَٰذَا هُدًى ۖ وَالَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ لَهُمْ عَذَابٌ مِنْ رِجْزٍ أَلِيمٌ
ХӀара бу нийса некъ. Шайн Кхиош-кхобучун аяташ керстадинарш /уьш бу/ шайна лазош долчух уггар чӀогӀа Ӏазап хир дерш
45:11
Гочдар: Магомед Магомедов