Сурат 45 Аль-джасия (Гора яхнарг), аят 1 – 6
-
حم
Хьа-мūм
45:1 -
تَنْزِيلُ الْكِتَابِ مِنَ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ
Жайна охьадоссор /ду хIара/ веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Делера
45:2 -
إِنَّ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ لَآيَاتٍ لِلْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, стигланашкахь а‚ лаьттахь а делилш ма ду муъмин нахана
45:3 -
وَفِي خَلْقِكُمْ وَمَا يَبُثُّ مِنْ دَابَّةٍ آيَاتٌ لِقَوْمٍ يُوقِنُونَ
Шу кхолларехь а‚ /массо а лаьттахула/ даьржинчу дийнатехь а делилш ду ша /чг/ тешаш долчу къомана
45:4 -
وَاخْتِلَافِ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَمَا أَنْزَلَ اللَّهُ مِنَ السَّمَاءِ مِنْ رِزْقٍ فَأَحْيَا بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا وَتَصْرِيفِ الرِّيَاحِ آيَاتٌ لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
Буьйса-де хийцадаларехь а‚ Дала стиглара охьадоссинчу рицкъехь а (догIехь а), Ша цуьнца деллачул тIаьхьа латта дендина долчу‚ мох хьийзарехь а делилш ма ду хьекъале болчу нахана
45:5 -
تِلْكَ آيَاتُ اللَّهِ نَتْلُوهَا عَلَيْكَ بِالْحَقِّ ۖ فَبِأَيِّ حَدِيثٍ بَعْدَ اللَّهِ وَآيَاتِهِ يُؤْمِنُونَ
ХIорш Делан аяташ ду‚ Оха дуьйцу уьш хьуна бакъдолчуьнца. Муьлхачу хабарех Делал а‚ Цуьнан аятел тIаьхьа теша уьш?
45:6
Гочдар: Магомед Магомедов