Сурат 45 Аль-джасия (Гора яхнарг), аят 12 – 21
-
اللَّهُ الَّذِي سَخَّرَ لَكُمُ الْبَحْرَ لِتَجْرِيَ الْفُلْكُ فِيهِ بِأَمْرِهِ وَلِتَبْتَغُوا مِنْ فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
Дела ву Ша хӀорд шуна муьтӀахь бинарг цу чухула кема лелийта а Шен омраца‚ шуьга лехийта Цуьнан комаьршаллех /хӀордан ниӀматаш чӀера‚ маржанаш…/‚ шуьга баркалла алийта /Ша деллачу ниӀматашна/
45:12 -
وَسَخَّرَ لَكُمْ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا مِنْهُ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ
Шуна муьтӀахь дина Цо стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а массо а Шегара. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ойла еш болчу нахана
45:13 -
قُلْ لِلَّذِينَ آمَنُوا يَغْفِرُوا لِلَّذِينَ لَا يَرْجُونَ أَيَّامَ اللَّهِ لِيَجْزِيَ قَوْمًا بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ
Ахь āла ийман диллинчаьрга гечдойла цара Делан деношка дог дохушбоцучарна Цуьнга бекхам байтархьама нахана шаьш /дуьненахь/ карадеш хиллачуьнца
45:14 -
مَنْ عَمِلَ صَالِحًا فَلِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ أَسَاءَ فَعَلَيْهَا ۖ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُمْ تُرْجَعُونَ
Милла велахь дика дина, цунна шена ду иза‚ милла велахь вон дина, цунна шена дуьхьал ду иза а. ТӀаккха шайн Кхиош-кхобучунна тӀе дӀадерзор ду шу
45:15 -
وَلَقَدْ آتَيْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ الْكِتَابَ وَالْحُكْمَ وَالنُّبُوَّةَ وَرَزَقْنَاهُمْ مِنَ الطَّيِّبَاتِ وَفَضَّلْنَاهُمْ عَلَى الْعَالَمِينَ
Оха делира Исраилан кӀенташка жайна а‚ хьукам а‚ пайхамаралла а‚ рицкъ делира царна цӀена долчух‚ Оха базбийра уьш Ӏаламел
45:16 -
وَآتَيْنَاهُمْ بَيِّنَاتٍ مِنَ الْأَمْرِ ۖ فَمَا اخْتَلَفُوا إِلَّا مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَهُمُ الْعِلْمُ بَغْيًا بَيْنَهُمْ ۚ إِنَّ رَبَّكَ يَقْضِي بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
Оха елира царна /динан/ гӀуллакхан билгалонаш. Церан хилпало ма ца хилира шайга Ӏилма деъначул тӀаьхьа бен вовший юккъехь хьагӀ хиларна. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь къематдийнахь шайн шеца хилпало хиллачохь
45:17 -
ثُمَّ جَعَلْنَاكَ عَلَىٰ شَرِيعَةٍ مِنَ الْأَمْرِ فَاتَّبِعْهَا وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَ الَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ
ТӀаккха хьо /я Мухьаммад/ хилийтина Оха /динан/ гӀуллакхан бакъонехь цунна тӀаьхьахӀотта‚ ца хууш болчеран дезаршна тӀаьхьа ма хӀотта
45:18 -
إِنَّهُمْ لَنْ يُغْنُوا عَنْكَ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۚ وَإِنَّ الظَّالِمِينَ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاءُ بَعْضٍ ۖ وَاللَّهُ وَلِيُّ الْمُتَّقِينَ
Баккъалла а, цара Делера хӀумма а кӀелхьардоккхур дац хьуна. Баккъалла а, зуламхой - церан цхьаберш вукхарийн гӀоьнчий бу хьуна. Дела ву /Шех/ кхоьруш болчеран гӀоьнча
45:19 -
هَٰذَا بَصَائِرُ لِلنَّاسِ وَهُدًى وَرَحْمَةٌ لِقَوْمٍ يُوقِنُونَ
ХӀара билгалонаш ю /бӀаьрг беллош/ нахана‚ нийса некъ а бу‚ къинхетам а бу /чг/ тешаш долчу къомана
45:20 -
أَمْ حَسِبَ الَّذِينَ اجْتَرَحُوا السَّيِّئَاتِ أَنْ نَجْعَلَهُمْ كَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَوَاءً مَحْيَاهُمْ وَمَمَاتُهُمْ ۚ سَاءَ مَا يَحْكُمُونَ
Къинош летийначарна моьттина-те Оха шаьш ийман диллинчаьрца‚ дика Ӏамалш йиначаьрца цхьанийсса хуьлуьйтур ду шайн денбалар а‚ балар а? Вон хили цара деш долу хьукам
45:21
Гочдар: Магомед Магомедов