Сурат 45 Аль-джасия (Гора яхнарг), аят 22 – 26
-
وَخَلَقَ اللَّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ وَلِتُجْزَىٰ كُلُّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
Дала кхоьллина стигланаш а‚ латта а бакъдолчуьнца‚ хӀор синна ша карадинчуьнца бекхам хилийтархьама а‚ царна /цхьанна а цадинарг бахьанехь/ зулам дийр дац
45:22 -
أَفَرَأَيْتَ مَنِ اتَّخَذَ إِلَٰهَهُ هَوَاهُ وَأَضَلَّهُ اللَّهُ عَلَىٰ عِلْمٍ وَخَتَمَ عَلَىٰ سَمْعِهِ وَقَلْبِهِ وَجَعَلَ عَلَىٰ بَصَرِهِ غِشَاوَةً فَمَنْ يَهْدِيهِ مِنْ بَعْدِ اللَّهِ ۚ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ
Хьуна гой и шена дезарг шен дела лаьцнарг? Дала тилавала витина иза шен хаарца‚ Цо мухӀар тоьхна цуьнан хазарна а‚ дагна а тӀе‚ цуьнан бӀаьрсана тӀе кирхьа диллина Цо. ТӀаккха иза хьан нисвийр ву Делал тӀаьхьа? Аш ойла ца йо?
45:23 -
وَقَالُوا مَا هِيَ إِلَّا حَيَاتُنَا الدُّنْيَا نَمُوتُ وَنَحْيَا وَمَا يُهْلِكُنَا إِلَّا الدَّهْرُ ۚ وَمَا لَهُمْ بِذَٰلِكَ مِنْ عِلْمٍ ۖ إِنْ هُمْ إِلَّا يَظُنُّونَ
Цара элира: 'ХӀара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац. Ло /вайн цхьаберш/‚ дуьнен чу бовла /цхьаберш/‚ вай хӀаллакдийр ма дац замано бен'. Церан ма дац цуьнца цхьа а Ӏилма. Уьш /беккъа иштта/ моьттуш бу
45:24 -
وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ مَا كَانَ حُجَّتَهُمْ إِلَّا أَنْ قَالُوا ائْتُوا بِآبَائِنَا إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Царна тӀехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ церан делил ма ца хилира цара алар бен: 'Схьабалабе тхан дай, шу бакълуйш хиллехь'
45:25 -
قُلِ اللَّهُ يُحْيِيكُمْ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يَجْمَعُكُمْ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ لَا رَيْبَ فِيهِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Ахь āла: 'Дала дендийр ду шу‚ тӀаккха Цо долуьйтур ду шу‚ тӀаккха гулдийр ду шу къематдийне‚ шена чохь шеко йоцчу'‚ делахь а, дукхах болчу нахана ца хаьа-кх
45:26
Гочдар: Магомед Магомедов