Сурат 45 Аль-джасия (Гора яхнарг), аят 27 – 37
-
وَلِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ يَوْمَئِذٍ يَخْسَرُ الْمُبْطِلُونَ
Делан ду-кх стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Сахьт хӀоттинчу дийнахь оцу дийнахь оьшур ма бу харцберш
45:27 -
وَتَرَىٰ كُلَّ أُمَّةٍ جَاثِيَةً ۚ كُلُّ أُمَّةٍ تُدْعَىٰ إِلَىٰ كِتَابِهَا الْيَوْمَ تُجْزَوْنَ مَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Хьуна гур ма ду массо а уммат горхьттина. ХӀор уммат кхойкхур ма ду шен жайна тӀе тахана шуна бекхам бийр ма бу аш деш хиллачуьнца
45:28 -
هَٰذَا كِتَابُنَا يَنْطِقُ عَلَيْكُمْ بِالْحَقِّ ۚ إِنَّا كُنَّا نَسْتَنْسِخُ مَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
ХӀара ду Тхан жайна, тешалла дийр долуш шуна тхь бакъдолчуьнца. Баккъалла а, Тхо хилира дӀаяздеш аш деш хилларг
45:29 -
فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَيُدْخِلُهُمْ رَبُّهُمْ فِي رَحْمَتِهِ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْمُبِينُ
Ийман диллинарш а‚ дика Ӏамал йинарш а уьш буьхкур бу шайн Кхиош-кхобучо Шен къинхетамна чу. Иза билгала болу толам бу-кх!
45:30 -
وَأَمَّا الَّذِينَ كَفَرُوا أَفَلَمْ تَكُنْ آيَاتِي تُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ فَاسْتَكْبَرْتُمْ وَكُنْتُمْ قَوْمًا مُجْرِمِينَ
Ткъа цатешнарш- /цаьрга эр ду/: 'Сан аяташ ца хилира шуна тӀехь доьшуш? Тккха аш куралла ма йийра шух къинош деш долу къам хилира'
45:31 -
وَإِذَا قِيلَ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَالسَّاعَةُ لَا رَيْبَ فِيهَا قُلْتُمْ مَا نَدْرِي مَا السَّاعَةُ إِنْ نَظُنُّ إِلَّا ظَنًّا وَمَا نَحْنُ بِمُسْتَيْقِنِينَ
/Шуьга/ элча: 'Баккъалла а, Делан ваӀда бакъ ю‚ сахьт /хӀуттур ду/‚ шеко яц цу чохь'‚ аш элира: 'Ца хаьа тхуна‚ сахьт хӀун ду а‚ вайна хуург-м цхьа моттар бен дац‚ баккъалла а, тешаш ма дац тхо /эхартах/'
45:32 -
وَبَدَا لَهُمْ سَيِّئَاتُ مَا عَمِلُوا وَحَاقَ بِهِمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Гучуделира царна шаьш дина хилла вонаш‚ хьакхаделира царах уьш шех ца бешаш хилларг
45:33 -
وَقِيلَ الْيَوْمَ نَنْسَاكُمْ كَمَا نَسِيتُمْ لِقَاءَ يَوْمِكُمْ هَٰذَا وَمَأْوَاكُمُ النَّارُ وَمَا لَكُمْ مِنْ نَاصِرِينَ
Элира /цаьрга/: 'Тахана Тхуна шу дицделла‚ шуна хӀокху денна дуьхьалкхетар дицдаларх терра. Шун чугӀойла /жоьжахатин/ цӀе ю‚ вац шуна гьнчех цхьа а '
45:34 -
ذَٰلِكُمْ بِأَنَّكُمُ اتَّخَذْتُمْ آيَاتِ اللَّهِ هُزُوًا وَغَرَّتْكُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا ۚ فَالْيَوْمَ لَا يُخْرَجُونَ مِنْهَا وَلَا هُمْ يُسْتَعْتَبُونَ
Иза ду /шуна/ аш Делан аяташ беламе лаьцна хиларна а‚ дуьненан дахаро шу Ӏехорна а. Тахана уьш арабохур бац цу чуьра‚ цаьрга тōба дар а доьхур дац
45:35 -
فَلِلَّهِ الْحَمْدُ رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَرَبِّ الْأَرْضِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Далла бу хастам‚ стигланийн Да волчу‚ лаьттан Да волчу‚ Ӏаламийн Да волчу
45:36 -
وَلَهُ الْكِبْرِيَاءُ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Цуьнан ду сийлахь-доккхалла стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ Иза ву веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а
45:37
Гочдар: Магомед Магомедов