Сурат 46 Аль-ахькъаф, аят 1 – 10

  1. حم

    Хьа-мūм

    46:1
  2. تَنْزِيلُ الْكِتَابِ مِنَ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ

    Жайна (Къуръан) охьадоссор ду /хӀара/ Ша веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Делера

    46:2
  3. مَا خَلَقْنَا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا إِلَّا بِالْحَقِّ وَأَجَلٍ مُسَمًّى ۚ وَالَّذِينَ كَفَرُوا عَمَّا أُنْذِرُوا مُعْرِضُونَ

    Оха ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а бакъонца бен‚ цӀе тоьхначу ханна бен. Керста хилларш шайна тийсинчу /эхартан запан/ кхерамех дӀа ма боьрзу

    46:3
  4. قُلْ أَرَأَيْتُمْ مَا تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ أَرُونِي مَاذَا خَلَقُوا مِنَ الْأَرْضِ أَمْ لَهُمْ شِرْكٌ فِي السَّمَاوَاتِ ۖ ائْتُونِي بِكِتَابٍ مِنْ قَبْلِ هَٰذَا أَوْ أَثَارَةٍ مِنْ عِلْمٍ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Ахь āла: 'Дийцал суна, Дела а витина, аш /шайга/ кхойкхучарех. ХӀун кхоьллина цара латтах‚ я царна накъосталла ду /Делаца цхьана хӀума кхолларехь/ стигланашкахь? Схьало соьга жайна хӀокхул (Къуръанал) хьалха /доссийна долу/‚ я Ӏилманах лар, шу бакълуйш хиллехь'

    46:4
  5. وَمَنْ أَضَلُّ مِمَّنْ يَدْعُو مِنْ دُونِ اللَّهِ مَنْ لَا يَسْتَجِيبُ لَهُ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ وَهُمْ عَنْ دُعَائِهِمْ غَافِلُونَ

    Мила ву вунō тилавелла ша Дела воцучуьнга кхойкхуш волчул, шена жоп цалучуьнга къематде кхаччалц‚ уьш церан кхайкхарх (Ӏибадатах) гӀовпал а болуш? /Вац цхьа а!/

    46:5
  6. وَإِذَا حُشِرَ النَّاسُ كَانُوا لَهُمْ أَعْدَاءً وَكَانُوا بِعِبَادَتِهِمْ كَافِرِينَ

    Нах гулбича /къематдийнахь/, уьш хили царна мостагӀий‚ церан Ӏибадатана керста

    46:6
  7. وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ قَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلْحَقِّ لَمَّا جَاءَهُمْ هَٰذَا سِحْرٌ مُبِينٌ

    Шайна тӀехь Тхан билгала долу аяташ доьшуш, керста хиллачара элира бакъдолчух (Къуръанах), и шайга деъначул тӀаьхьа: 'ХӀара билгала долу бозбуунчалла ду'

    46:7
  8. أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ ۖ قُلْ إِنِ افْتَرَيْتُهُ فَلَا تَمْلِكُونَ لِي مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۖ هُوَ أَعْلَمُ بِمَا تُفِيضُونَ فِيهِ ۖ كَفَىٰ بِهِ شَهِيدًا بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ ۖ وَهُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ

    Я цара олу: 'Цо /шегара/ кхоьллина иза?' Ахь āла: 'Ас иза /Къуръан/ айса кхоьллинехьара, аш доладийр ма дац суна Делера хӀумма а (шуна ницкъ кхочур бацара сох Делан Ӏазап духатоха, тӀаккха шун дуьхьа ас хӀунда кхуллу и сайгара)? Иза дика хууш ву-кх аш цунах /Къуръанах/ дуьйцург. Кхачо ю-кх Цуьнца теш хила суна а‚ шуна а юккъехь. Иза гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву'

    46:8
  9. قُلْ مَا كُنْتُ بِدْعًا مِنَ الرُّسُلِ وَمَا أَدْرِي مَا يُفْعَلُ بِي وَلَا بِكُمْ ۖ إِنْ أَتَّبِعُ إِلَّا مَا يُوحَىٰ إِلَيَّ وَمَا أَنَا إِلَّا نَذِيرٌ مُبِينٌ

    Ахь āла: 'Со хилла вац элчанех дуьххьар ваийтинарг‚ суна ца хаьа сайх хӀун дийр ду а‚ шух /хӀун дийр ду а/. Со тӀаьхьахӀутту деккъа сайга вехьеца хаийтинчунна. Со ма вац билгала волу кхерамча бен'

    46:9
  10. قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ كَانَ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ وَكَفَرْتُمْ بِهِ وَشَهِدَ شَاهِدٌ مِنْ بَنِي إِسْرَائِيلَ عَلَىٰ مِثْلِهِ فَآمَنَ وَاسْتَكْبَرْتُمْ ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

    Ахь āла: 'Аш дийцал суна /шайн хьолах/ иза /Къуръан/ Делан агӀорхьара хилча, аш цунна керстаналла дина‚ ткъа Исраилан кӀентех цхьаммо тешалла ди и санначунна тӀехь. Цо ийман диллира‚ шу курадевлира. Баккъалла а, Дāла нис ма ца до зуламе долу къам'

    46:10

Гочдар: Магомед Магомедов